ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу кхаа шарахь пхи эзар гергга стаг вайна Нохчийчохь


Нохчийчохь тIаьххьарчу кхаа шерачохь доьза вайна 4 984 стаг. Яккхийчу гIаланашца дуьстича, масала, Москвахь а, Москван кIоштахьчул а дукха лахара дац и терахь.

Байнарш наггахь бен ца карочу регионашлахь а "лидер" ю Нохчийчоь. Республикехь хIора шарахь вовш волчу 1 700 стагах 20-30 бен карош вац.

Къилбаседа ХIирийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а хьал гIоле ду, амма цигахь а хIора иттолгIаниг бен карош вац.

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан диллинчу хьасташкара зерашна тIетевжина бина и хаам пачхьалкхан "Новости" агенталло.

2021-чу шеран исс баттахь лехамашка веллера Оьрсийчохь 38 эзар вахархо, царах ялх эзар ах эзар (I7%) бен карон аьтто ца кхаьчна.

2020-чу шарахь лоьхуш вара Оьрсийчуьра 42 эзар вахархо, царах каронза доьалгIа дакъа дисина ала тарло.

2019-чу шарахь официалехь лоьхуш ву аьлла, дIакхайкхийра 50 эзар гергга стаг. 15 эзар, и хуьлу 31 процент, стаг бен карийна вац.

Верриг а тIаьххьарчу 13 шарахь лар йоцуш вайна лоруш ву 600 эзар Оьрсийчоьнан вахархо.

Стохка Охан-баттахь кхоьллинчу нохчийн оппозицин IАДАТ телеграм-каналан зерашца, яхначу аьхка Нохчийчохь лачкъийна вигира мел лахара а 212 стаг. Лачкъийна бигинчу цхьаболчийн кхолламех Маршо Радионо шен агIонашкахь яздира.

2020-чу шеран Гезгамашин-беттан 6-чохь Геленджикехь лачкъийна Нохчийчу вигинчу 1АДАТА-н модераторан Тепсуркаев Салманан кхолламах лаьцна хууш дац тахана а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG