ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ТIаьхьабевлла а лела, таIзар а до". Европехь шайн махкарчу зудаберийн лартоллуш кавказхой леларх


Йоца коч лелайора, шен къомах боцчу божаршца къамелаш дора, марехь а йоцуш бер динера – Европехь беха Къилбаседа Кавказера зударий кест-кеста хьийзабо церан махкахоша.

"Настоящее Время" телеканало дийцира, нохчийн мехкарийн сий лардо шаьш бохуш, тIаьхьабевллачу нахера мехкарша лан дезачух а, Европе баха дIабахначу кавказхоша тIебирззина "шайн гIиллакхаш" лардайтарх а.

"Къам бехдо"

Лайлаъ (турпалхочун цIе хийцина цуьнан кхерамзалла ларъеш) шина бераца Назранера Германи дIаяхара итт шо хьалха – ницкъебечу цIийндех едда. Ши шо хьалха шен махкахой бале а бевлла, кхечу гIала дIаяха дийзира цуьнан. Бахьана дара – цхьанна а цIартIехь йоцуш, хIара доьзалхочух хилар.

Беран да – гIалгIа ву, масех шарахь Лайлаана тIехьийзаш хилла цуьнан махкахо. ХIара доьзалхочух юйла хиинчул тIаьхьа, маре йига реза ца хилла иза, веддера.

"ЧIогIа со юьйцуш хиллера сан махкахой. Эхь доцуш со йитина волу иза а ца вуьйцуш, къам бехдеш ю бохуш, суна лийнера. Сайн махкахошца тIекаре яра со, даим а уьш сайн хIусаме кхуьйкхура ас, шаннаш хIиттадора. Аренца вовшашна гIо латтаош, тхо цхьаьна хила деза аьлла хетара суна. И дерриг а хиллачул тIаьхьа сан лерех кхийтира, сан махкахоша со юьйцуш хиларх, массо а ас сайн хIусамах чекхвоккху бохуш. Соьца цхьаьна шуьнахь юуш-молуш Iийна нах бара уьш. Кхечу гIала дIаяха дийзира сан, хIунда аьлча, суна ца лаьара, оцу наха сайн бераш хьийзадойла", - дуьйцу Лайлаа.

Къилбаседа-Кавказерчу дукхахболчу мухIажарша массо а хIуманна тIехь къуьйлу шайн доьзалш, гергарчара а, къаноша а бехкаш дахарна кхоьруш.

Дагестанера Зухра (цIе хийцина цуьнан кхерамзалла ларъеш) Францехь еха 15 шо а ду. 13 шо ду цуьнан йоьIан. Кест-кеста шен ненаца девнаш лаьтта кхиазхочун.

"Ас йоца хIуманаш ца лелайойту цуьнга, божаберашца доттагIалла а ца тосуьйту. Дагестанехь бехачу сайн гергарчу наха тIаьхьа ала ца лаьа суна, тхо даймахкахь Iаш дацара аьлла, сайн йоI ма-езза кхион сан ницкъ ца тоьъна. Иза нехан цIентIе яха езаш а ю. Иза вочу агIор йийца ца лаьа суна", - дуьйцу шен сингаттамех Зухрас.

Асия (цIе хийцина зудчун, иза Iалашъеш) Соьлжа-ГIалахь йина, ХIинжа-ГIалах кхиъна ю. Цуьнан 18 шо долчу заманчохь хIара а, кхуьнан ваша а далош, Франци еара кхеран нана. Европехь хан дIа мел йолу, хала дара нанна берийн доладан. Масех шарахь са а диттина, Лондоне дIаяхара Асия.

"Сан нана гуттар а кхоьруш хуьлура, тхан къаноша, йа Кавказерчу бевзачара шена цхьаъ "дуьхьалтухур ду" бохуш. Цундела цо гуттар а Iаткъам бора тхуна, тIаьхьайолий лелара. Маьрша йоцчу Оьрсийчуьра дIадаханера тхо, амма Европехь а паргIат дацара. Сан ваша соьгахьа хуьлура, ненаца скандал нислахь а, суна тIехIуьттура, амма нанас кагдора тхуна хетарг. Эххар а тхошинна а болх карийра кхечу пачхьалкхехь, нана дIа а тесна, дIадахара тхойша. ХIаъ, ненаца зIенехь ю со, амма кавказхошца юкъахь кхин хIуммаъ хила ца лаьа суна Европехь", - боху Асияс.

"Муьлхачу къомах ву хьо?"

Кавказхой боцурш а, кхечу къаьмнех схьабевлларш а цхьана хьийзабо "гIиллакх лардайта арабевллачара". Стохка Гезгамашин-баттахь Венехь бевзаш боцчу наха тIелатар динера Оьрсийчуьрчу цхьана студентана, иза нохчийн йоI юкъахь йолчу тобанца хиъна Iийна аьлла.

Боснихо ву Эди, вина а, кхиъна а ву иза Сочихь, доьшуш ву Австрехь. Оцу суьранна ларамза кхеттера ша боху цо, шена евзачу шина йоIах. Цхьаъ Австрехь хьалакхиъна нохчо хиллера царех. Кхечу Европан махкара еанчу цхьана йоIе хьоьжуш хиллера уьш.

"КхоалгIаниг тIекхаьчча, тхо цхьаний оперехьа йолчу Альбертино плато тIе дахара, цигахь къамелаш а деш, хевшина Iен дагахь. Ши гIант дIалаьцна охьа а хевшира тхо: Европерчу цхьана йоIаца цхьана гIентахь нисвеллера со, шолгIачу гIентахь дуьхь-дуьхьал хевшира тхоьца берш а. Цхьа хан яьлча виъ кавказхо кхечи цига. Тхоьга схьа а хьоьжуш, меллаша тIехбевлира уьш. Сан тидам хилира, тхоьца берш боьхна, вовшийн лерехь цхьаъ дийца буьйлира. Суна моьттира, тхоьца хиъна Iачу нохчийн йоьIан ваша, йа тIехьийза кIант хила тарло иза аьлла. ХIунда аьлча, цхьа Шемал хьахийра цо цул хьалха. Оцу меттигехь даим а адам дукха хуьлу, гуттар а кегийрхой Iа цигахь, къамелаш а деш. Веаннех шиъ тхуна тIе вогIуш вара", - дагалоьцу Эдис.

Цо бахарехь, цу шиннах цхьаъ лекхочу дегIахь вара, щолгIаниг -лоха, коьртахь кепка а йолуш.

"Цуьнан бIаьргаш гуш а доцуш, тIеоьзна яра кепка. Немцойн маттахь лекхачо элира соьга, вистхила мегар дарий ша. Со хьалагIаьтира. "Хьо муьлхачу къомах ву? – хаьттира. ТIаккха: "Уьш муьлхачу къомах бу?", цунна а жоп делира ас. "Муха ю хьан цIе? Бусулба вуй хьо?". Оцу мIаьргонехь кепка тиллинчо бIаьрга буй туьйхира суна", - дагалоьцу Эдис.

Цул тIаьхьа маса дIавахара и шиъ. Кхаьрца хилла ши йоI а дIаяхара чехка. Европхо-йоI йисира кхуьнца. Полици ваьллера жимстаг. Цигахь лоьраш тIекхайкхина, дарбанан хIусаме дIа а вигира иза. ШолгIачу дийнахь бIаьргана операци ян дийзира кIентан. Итт баттахь лехарх полицина кара ца баьхкира бехкенаш.

"Ца лало тхайн зудабераш кхечаьрга дистхуьлуш"

Нохчийчохь шена тIаьхьабевлла леларна цхьахйолчу Европерчу пачхьалкхехь тховкIело ехна Хьасана (цIе хийцина цуьнан кхерамзалла ларъеш). Кавказхойн зудаберашна тIехIуттуш пост язйинера цо цхьана дийнахь инстаграмехь. Постан коьрта маьIна дара - зударий шайна луъург дан маьрша бу бохург. Тергамза ца дисира иза, социалан машанехь бухваккха хьийзийра Хьасан.

"Ас блок туьйхира царна оцу сохьта. Цул тIаьхьа Францерчу цхьана кIанта яздира соьга, соьца къамел дан лаьара шена аьлла. Цо дийцира соьга, сан аккаунт цхьаммо цхьахйолчу группе а хIоттийна, нохчийн зударий ас аьшнаш бо бохуш, язйинера аьлла", - дийцира Хьасана.

Нохчо Мурад Швецехь веха 17 шо ду. Ша цхьанна а тIаьхьаваьлла лелаш вац боху цо, амма, дика кхета ша "къам цIена хилийта гIертачех".

"Нийса кхетал шу-м, тхоьга ца лало, тхан зудабераша нохчий боцчаьрца къамелаш деш. Магийта йиш йоцург ду иза. Тхан жима къам ду, нагахь санна, тхан зудабераш кхечу къаьмнашкарчу нахе маре эха буьйлалахь, нохчий буьсур а ма бац. Суна дика ца хета, леташ, кочаэхар. Амма тхан мехкаршна а, кегийрхошна а тIехь Iуналла дар, уьш оьзда, гIиллакхехь лелийтархьама, иза суна нийса хета", - боху цо.

"Зударшна тIехь контрол"

Дукха хьолахь иммиграцехь къаьсттина тIаьхьабевлла лела зударшна, билгадоккху Кавказан кху заманан а, регионалан а глобалан хеттарш толучу Центран президенто Сиражудинова Саидас.

"Къаьсттина зударшна тIехь терго латтайо диаспоро, зударшна тIехь къам лардан а, къоман идентификаци Iалашъян а. Зударша-мухIжарша дуьйцуш дукхазза ладийгIина ю со, ницкъ бечуьра Европехь а ца девлла шаьш, къаьстина хала ду шайна, нагахь санна оцу диаспорана юкъахь дехаш делахь бохуш. Зудчунна тIехь терго латтор, жоьпалле хилар цунна чу диллар, и дерриге а, доьзна ду патриархатца. Цо хIиттош ду низамаш, уггар а хьалха зударий царна муьтIахь а беш", - боху Сиражудиновас.

***

Кху шеран аьхка Австрехь пхи нохчо кхеле хIоттийнера, Венехь нохчийн зударшна кхерамаш туьйсуш, маьрша баха ца буьтуш, тIаьхьабевлла леларна. Талламан версица, социалан машанашкахь, иштта, школашкахь, арахь нохчийн мехкарий тергалбеш хилла оцу тобано. Къоначу зударийн хатI, лелар къоман ламасташца ца догIу аьлла шайна хетачарна кхерамаш тийсина лецначара, социалан машанашкахь, къевлина лелочу агIонашкахула, даржийна церан суьрташ, аьлла бу талламо тIебаьхьина бехк. Къамелашца кхерамаш тийсарал а совнах, цхьаболчу мехкаршна етта а йиттинера тобано. Зударийн дай-наношна а туьйсуш хилла цо изза кхерамаш, боху Австрин низамхоша.

Кхел йинчех уггар а воккхахволчун ду 38 шо. И цхъаъ вара берриг а бехк цуьнан бара аьлла, билгалваьккхинчех. Набахтехь яккха 15 бутт хан кхайкхийра цунна, царех 10 арахь токхуш. 19-20 шераш долчу вукхарна а туьйхира оцу хене гергга.

Оригиналехь материал еша таро ю "Настоящее время" телеканалан агIонехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG