ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьхье йоцу шалхалла? Кадыров Рамзан а, нохчийн блогерш а


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Меттигерчу спортсменийн а, блогерийн а хьокъехь "шога болх" бан оьшу аьлла, дIахьедина Кадыров Рамзана, цаьрга нохчийн халкъан ламасташ а, мехаллаш а ларйайта, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хетачу кепехь. Кавказ.Реалиин сайто къастийра, шена хетарг дIаолуш берш республикехь стенна "кхетош-кхион" хьийза.

Нохчийчуьра министрийн кабинетца дIахьочу шуьйрачу кхеташонехь гIуран-беттан 11-чохь мехкан урхалхочо йуьхь йаьккхира, шаьш спортхой ду бохуш, шайн лелар "нохчийн къоман гIиллакхашца а, Iадаташца а догIуш доцчу" нехан. Шайна хетачуьнца политика йукъа а гIерташ, хайпан дуьхьа шеконе программашкахь дакъалоцучу нахаца "шога болх" дIахьур бу элира цо,

Цхьанне а цIераш ца йохуш, Кадыровс тIедиллира ламасташ бехдечаьрца къамел де аьлла спортан а, кегийрхойн политикан а министрна Ибрагимов Iийсанна. Кхул а масех кIира хьалха цо бехк баьккхира Соьлжа-ГIалахь гоьваьллачу шина блогерера-спортхошкара Тамаев Асхьабера а, Эмиев Iаьрбигара а.

Оцу вовшахкхетарехь Ибрагимовс кхетийра, "нохчийн къоман векалийн бакъо йац, уьш миччахь белахь а, ойла ца йеш хIуманаш лело, бIешерашкара схьадогIу нохчийн Iадаташ бехдан" аьлла. Тамаевн трэш-тримерца Бил Эдвардца латар хиларх публикаци йина масех де даьлча дIахьедира цо цунах лаьцна.

Нохчийн блогеро спаринг йеш мел а эгIаза латархой лоьху аьлла, Тамаевца "тасавала" лаам хиларх интервьюхь Била дIахаийтинчул тIаьхьа йолайелла хIара конфликт. Цхьанакхетар эххар а дирзира дош дашера а долуш, Била гечдар доьхуш: Тамаев Асхьаб Эмиев Iарбица цхьаьна веара Москвара латархойн клубе иза лата кхойкхуш, цигахь Iаморашкахь ву трэш-стимер

ТIаьхьо рингехь Тамаевс мийрашца а, голашца а йиттира шен дуьхьалончана, оцу кепара блогеро боксан низамаш дохийра, каранаш дIа а даьхна Билаца буйнашца лата дуьхьал велира иза. Зал чохь гелбеллачийн дийзира и шиъ вовшахваккха.

Республикера Iедалхойн кхин а цхьа претензи йара нохчийн блогершка, онлайн-казинона реклама йар. Мангал-бутт бовш Тамаев Асхьабана арз дира "Кхерамзаллин интернетан Лигин" куьйгалхочо Мизулина Екатеринас – цо азарте ловзаршна йукъа бераш ийзадо аьлла. Марсхьокху-баттахь Коьрта прокуратуро тIедожийра нохчийн декъана оцу гIуллакхца доьзна талламбар, делахь а хьал хийцаделла дац. Лахьан-беттан 13-чохь Мизулинас йуха а кхайкхам бира Тамаевн а, цхьа могIа кхечу блогерийн а хьокъехь талламаш бар доьхуш, цара хьарамлонаш лелайо аьлла хеташ.

Нохчийчуьра спортан министраца цхьанакхетар хиллачул тIаьхьа Тамаевс а, Эмиевс а дош делла, "шеконе рекламаш ца лелош шайн бизнес-проекташ кхочушйийр йу" шаьш аьлла, дIахаийтира хIетахь Ибрагимов Iийсас. Амма казинона реклама йира Тамаевн телеграм-каналехь Кадыровс дIахьедар динчул тIаьхьа а: тIаьххьарлера пост зорбане йаьккхина гIуран-беттан 13-чохь, мехкан урхалхочо блогершца "шога болх" бар тIедиллина ши де даьлча.

Низамехь боцу блогерш

Махкал арахьа хIоразза а нахала йаьлла конфликт нислахь Нохчийчуьра Iедалхоша бехкаш доху "бIешерашкара схьадогIу Iадаташ" дохийна олий.

"Динца а, ламасташца а догIуш доцу" цхьаболчу нехан лелар йемалдира Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адама а. И нисделира ММА-н нохчийн латархой йукъахь болуш Москвара йохка-эцаран "Ривьера" центрехь конфликт хилча.

ТIехбуьйлучу наха дIайазйинера хIетахь видео, цу тIехь 20 стаг ву эскалаторна уллохь леташ, иттаннашкахь кхинберш бу хьуьйсуш лаьтташ. Летаршкахь дакъалоцуш бара латархойн "Вайн гIуллакх" лиги йукъара спортхой, ткъа и дов долийнарг ММА-н нохчийн латархочун Чурчаев Шовхалан тоба йу бохура. Карарчу хенахь цунах лаьцна пост дIайаьккхина йу.

Кадыровс оцу девнех пайдаоьцу, йукъаралла вовшашца ийна йу аьлла сурт хIоттон

Чурчаевс вуьйр ву бохуш, кхерамаш тийсинера гIажаройн спортхочунна Хейбати Мохьаммадна. Вукхо дийцинера, марсхьокху-беттан 21-чохь "Тхан гIуллакх" промоушенан подкаст дIайазйечу хенахь Чурчаевс цIеххьана коьртах хIума а тоьхна, нокдауне вахийтинера ша, цул тIаьхьа тапча а йаьккхина, горахIотта аьлла, омра дира бохш. Оцу кепара лелар спортан лигехь йемалдира – хетарехь, и хиллачух тера ду тIаьхьо церан латаран бахьана а. Mash телеграм-каналан информацица, нохчийн латархочунна дIахьедира цул тIаьхьа, делахь а, ши де даьлча оцу гIуллакхана йукъагIоьртира махкара Iедалхой.

Чурчаевца хилларг шен тергоне ийцира хIетахь Делимхановс, оцу гIуллакхца доьзна Москван мэраца Собянин Сергейца а зIене велира иза. Эххар а вуьйр ву баьхна кхерамаш бехкзуламан гIуллакхца ца бирзира, нохчийн депутато "спортхо собаре хила веза" бохуш, бинчу хьехамашца бирзира.

Нохчийн ламасташ дохадо аьлла бехкаш хазийра республикин Iедалхоша стохка марсхьокху-баттахь а, оцу цхьанакхетарехь иттех Нохчийчуьра блогер вара, бIаьрга кIел сийна таммагIа а долуш, лакхахь хьахийна Тамаев Асхьаб а вара. Дагестанхойн спортхочуьнца, грэпплинган дуьненан чемпионца Махмудов Дибирца тасавеллачохь йисина йара и лар.

Церан латар а доладелира ХIинжа-ГIалахь, хIетахь Тамаевс йохкаран центран паркингера араволлучохь Махмудовн некъ бихкича. Оцу конфликтехь вукхо бетах буй тоьхнера цунна. ТIаьхьо Махмудовн дийцарца къастарехь, шен воккхаха волчу вешина тIекхача сихвеллера иза, цуьнан стундена вон хилла, амма Тамаев бахьана долуш 40 минотехь латта дийзира цуьнан парковкехь.

Цу шинна йукъахь хилла инцидент къаьмнашна йукъара конфликт хуьлуш йара – нохчийн а, дагестанхойн а машенашлелорхошна дуьхьал Кадыровс "питанаш ма леладе" аьлла, кхайкхамбира Тамаевн а, Махмудовн а дов даьллачу йуккъехула.

Кадыровн кхиор?"

Нохчийчуьра блогерш, спортхой йукъахь болуш оцу кепара хиламаша махкара бахархошлахь критике реакци йо, тIечIагIдира Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь нохчийн политолого Кутаев Руслана.

"Йукъаралла а, Iедал а цхьана дIаийна ду аьлла сурт хIоттош, могIарерчу наха а санна, хьаькамаша а сагатдо оцу гIуллакхна аьлла дIагайтархьама пайдаоьцу Кадыровс цу девнех. Оцу буха тIехь республикера нах шена тIетовжийта", - кхетадо Нохчийчоьнан куьйглхочун реакцих цо.

Багахь Кадыровс кест-кеста бехк боккху блогершкара, цара лелочунна тIехула, амма цу тIехьа кхин цхьа а хIума дина ца хуьлу, тидам бо Европехь куп тоьхначу "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.

"Мелхо а тхуна гуш ду, и спортхой Кадыровн тIома кIел бу, царна сих-сиха дезачу совгIаташца, йезачу машенашца дегнаш ойбу цо. Оцу доллучуьнца а гучуйолу Кадыровн тайнигийн рожан шалхалла а, йуьхьдагалла", - дIахьедира къамелдечо.

Стенна делахь а, эргIада а, буьрса а хила деза шу бохуш, кавказхошна

UFC 280 турнирехь стохка гIадужу-баттахь ийначу кепехь латархо волчу Чимаев Хьамзатана а, дагестанхойн спортхочунна Нурмагомедов Абубакарна а йукъахь латар хилира цхьахволчу финалхочо ша толам баьккхича къамел дечу хенахь. Цул а хьалха Чимаевс дош деллера, Нурмагомедов Хьабиб "ватIор" ву ша аьлла, шен вешигахьа гIо даьккхинера цо. Чимаевца а, Нурмагомедовца а динчу къамелан скриншот зорбане йаьккхира Кадыровс тIаьхьо, цо дIахьедира, "цхьа а дов дац", "вовшех цакхетар дара" и аьлла.

"Тахана Кадыровн рожо кхиочу спортхойн плеядин оцу кепара лелар хуьлийла ду. Стенна делахь а, эргIада а, буьрса а хила деза шу бохуш, кавказхошна чудиллина. Ма-дарра аьлча, оцу кепара лелар нохчийн ламасташца догIуш дац. Ишта нохчашна йукъахь лелча бехк боккхура, йахначу заманчохь оцу тIехула махкара лалла а тарлора", - дуьйцу Сулеймановс.

Цунна хетарехь, Кадыровс ша хийцина нохчийн йукъараллехь хила мегарг а, ца мегарг а, кест-кеста шен бераш хестош, царна даржаш доькъуш, низамаш дохадойтуш. Иштта "мехк-да" аьлла, ша шена цIе тиллийтарца а, ма-дарра аьлча, оцу кепара "институт" республикехь хилла йац хьалха цкъа а.

"КъорIан дагорна бехке вечу Журавель Никитина йеттар а, нохчийн спортхойн а, блогерийн а лелар а цхьана зIен чIагарш йу", - дерзийра къамелдчео.

  • Нохчийн латархочо Чимаев Хьамзата толлам баьккхира Абу-Дабихь хIоттийначу UFC 294 турнирехь гIадужу-беттан 21-чохь. Спортхочунна жигара гIортор латтайо Кадыров Рамзана. Кавказ.Реалии сайто йаздира, хIун ду цу шиннан доттагIаллина тIехьа.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун 16 шо долу кIантана республикехь керла дарж делира: дукха хан йоццуш кхоьллинчу Шейх Мансуран цIарахчу батальонан куратор ву иза. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу тIеман эксперташа а, аналитикаша а элира, и позици номиналан йу, цара тидам бира Кадыров Рамзанан кхоалгIа кIант хьалхатоттуш дукха хан йоццуш кхоьллинчу компаница доьзна хилар цуьнан дIахIоттор.
  • Израильна а, радикалан ХЬАМАС тобанна а йукъара хьал телхинчул тIаьхьа Къилбседа Кавказан регионашкара бахархоша гIо даьккхира палестинхошкахьа. Дуьненайукъарчу тIегIанехь турнирашкахь дакъалоцучу спортхоша хьлхалхе йаьккхира цу тIехь. Олучу дешнашца ларлуш бара царах дукхахберш, амма цо а гIо ца дира конфликт марса ца йалийта. Кавказ.Реалиин сайто Кавказера йукъаралхошца дийцарш дира, палестинхойн хаттарехь шайна хетарг хьалха дIа аьллачех хIунда бара спортхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG