ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIалибаша набахтешкара арахецначу зуламхоша кхерамаш туьйсу экс-прокурорашна


Афганистанан Iедал карчале хьалха белхаш бинчу прокурораша дIахьедо, шаьш набахте хьийсийна хиллачу зуламхоша кхерамаш туьйсу шайна аьлла, яздо "Азаттык" Радионо.

"Талибанан" тIемалоша Марсхьокху-баттахь пачхьалкх дIалоцучу заманчохь набахтешкара тутмакхаш арахечначул тIаьхьа кхерамаш кхача боьлла царна. Экс-прокурораш Афганистанехь къайлах лела безаш бу.

Афганистанан къилберчу Гильменд провинцехь даккхий зуламаш толлуш вара Хумаюн. Оцу регионехь кхиош ю дуьненан опиум, цигахь кечйо героин. Низамехь доцуш Афганистанехь наркотикаш юхкучу нахана тIаьхьаваьлла вара Хумаюн. Ткъа хIинца прокурор хиллачо дуьйцу, цхьана хенахь ша набахте боьхкинчу зуламхоша шена кхерамаш тийсарх. Цо дийцарехь, шаьш текхна гIуданаш а, шайгара Iедало схьабьаккхина бахам а охьабилла боху цуьнга.

Байначу баттахь тIалибаша арабаьхначех дукхахберш "Талибанан" тIемалой хилла бу, йа кхечу гIаттамхойн тобанашлара нах, масала, "Исламан пачхьалкхера", йа "Техрик-е-Талибан Пакистан" тобанара.

Маьрша Европа Радионе афганхойн адвокаташа хаамаш бо, набахтешкара арабаьхначу тутмакхаша хIинцале а бекхам беш кхо прокурор верах.

"Талибан" боламо дIахьедира масийттазза, шайн тIемалой Афгаистанан хиллачу Iедалехь белхаш бинчарна тIаьхьабевлла лелар бац аьлла, амма пачхьалкхехь бекхамаш беш, репрессеш лелош хиларх дуккха а хаамаш хеза.

Кабулехь прокурор болх бинчу, Джамила псевдонимца йолчу зудчо дийцина, ша а, шеца цхьаьна болх бинараш а шайн ма-хуьллу пачхьалкхера дIадаха хьийза аьлла.

- Тхуна лаьа, хаамийн гIирсаша доллу дуьнене дIахазийтар тхан кост. Дуьненан юкъаралло гIо дан деза тхуна кхерамзаллечу меттиге дехьадовлуш, тхан нервийн системан хIаллакхилале, - аьлла афганхойн Азаттык Радиога Джамилас.

Цхьаболу прокурораш а, трибуналан суьдхой а Афганистанера Манчестере а, кхинйолчу гIаланашка а кIелхьарбаха аьтто баьлла Британин. Шога лелийначу къизаллийн гIулакхаш луьстура оцу кхелахоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG