Экологин хьелашца боьзна хиллачу уггар а баккхийчех бохаман тIаьхье йайъа хьийза Кубанехь - "Волгонефть -212" а, "Волгонефть -239" а танкерш йоьхначул тIаьхьа Iаьнна мазот. И бохам хилла 11 де даьллачул тIаьхьа федералан чолхечу хьолан раж йукъайаьккхира, амма Кубанан Iедалхоша хьалха а санна, дIахьедо пляжехь гулйинчу нехашна утилизаци йарца проблемаш йу бохуш. Мила ву хиллачу бохаман тIаьхье йайъа гIерташ, дийцира тхан редакцига волонтераша а, экологаша а.
Анапера пляжашкахь цIано йечарна йукъахь дакъалоцучу волонтераша гIуран-беттан 23-чохь Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире а, премьер-министре Мишустин Михаиле а видеокхайкхам дIайазбира, цIано йан аьтто мел болу ницкъаш а, гIирсаш а тIеоза аьлла. Ишта тIедожийра, федералан йа регионалан тIегIанехь чолхечу хьолан раж кхайкхор а – цхьаццайолчу муниципалитеташкахь бен оцу кепара статус хьалхарчу итт дийнахь бен болх беш йацара. ГIуран-беттан 25-чохь чолхечу хьолан раж дIакхайкхийра йоллу Краснодаран кIоштахь.
Губернаторо Кондратьев Вениамина кхетийра цунах, "Анапера а, Темрюкан кIоштара а хийистошка мехкадаьттан сурсаташ гулйалар дахделла, соцуш дац", ткъа хенан хIоттам бахьана долуш и нехаш тIейуьйлу, цундела пляжашкахь йуьсу уьш аьлла. Орцан министр Куренков Александр регионе веъначу хенахь цо дехар дира боьхалла латтарца къийсам бан федералан ресурсаш тIеоза, хIунда аьлча, цхьа регион ларор йац нехашна утилизаци йеш. Цул а хьалха буса хIорд ловзабалар бахьана долуш волонтераша галешкахь лехьийна мехкадаьттан сурсаташ хIордо дIайаьхьнера.
"Регионехь говзалла йолуш йиъ компани бен йац утилизаци йеш. Цара болх бо денна, амма тахана тхуна федералан гIортор оьшу и хаттар луьстуш", - кхетийра Кондратьевс. Оццу дийнахь Оьрсийчоьнан орцан министралло хаамбира федералан тIегIанехь чолхечу хьолан раж йукъайаккхарх.
Оцу йукъанна дечкен-беттан йуьххьехь Анапера пляжашкахь йуха а мазот хааделла. Дечкен-беттан 2-чохь динчу зерашца, Анапан а, Темрюкан а кIоштара 78 эзар тонн мазото бехйина гIум арайаьккхина, дийцира Краснодаран кIоштара оперативан штабехь. Карарчу заманчохь утилизаци йечу меттигашка уьш дIакхехьар сацийна ду, хIунда аьлча уьш охьайахка майданаш тIехйуьзна хиларна. Цхьана декъана утилизаци йинчул тIаьхьа бен аьтто хир бац гIамарх йоьттина машенаш дIаэхийта.
"Шайн ницкъашца кIелхьарайаккха гIертар"
Тхан редакцино зIе тесира, хиллачу бохаман тIаьхье луьстучу волонтерийн тобанца. Волонтеро Надеждас (цIе хийцина) дийцира, Анапехь федералан тIегIанехь чолхечу хьолан раж кхайкхайале хьалха доккхачу декъана дерриг а вовшахтоьхна дара нехан гIоьнца а, тIекхача аьтто болчу администрацин техникан гIирсашца а.
"Олхазарийн штаб" йуьзна йара, цигахь хьазарчийн Ӏуналла дора: цIано латтош, дарбан цӀийнехь дарба деш, Краснодарехь а, Ставрополехь а акхаройн центрашка реабилитаци йан дӀахьежош кечам беш. ЗIакарийн хӀора миллиметр цIанйора бамбица, олхазаршна кхин тIе а дIавш ца далийта. Олхазаро мазот дӀакхаьллинчул тӀаьхьа иза ца далийта мехала молханаш йаздеш, цхьацца ораматаш а, чӀерий а бен ца доуьйтура цаьрга", -дийцира Надеждас.
Цо бахарехь, лоьраша-ветеринараша, орнитологаша а, шайн лаамехь гIевттинчу ассистенташа а дийнахь-буса терго латтайора хIора денна, цига кхачийначу олхазаршна шен хеннахь гIо латторхьама.
Даккхий ахчанаш цхьаммо а лур дац, къаьсттина боьдуш тIом болчу хенахь муххале а
Волонтерийн уггар а йоккхачех проблема йара мехкадаьттан сурсатех цIано йечу хенахь шаьш Iалашдалар. Организмана вон йо йагорг: цуьнан Iийжош йолчу хьожано салецар а, йовхарш а меттахйаха тарло, ишта дIавш дала а кхерам бу.
Йоллу а Оьрсийчуьра оцу гIуллакхана саготта болу нах орцах бевлира, цара волонтерашна Iалашбала гIирс (СИЗ) кхачийра, бохуш дуьйцура Надеждас. И бахьана долуш волонтерийн аьтто баьллера Анапехь йозуш йоцу шиъ СИЗ дӀасайаржоран пункт схьайелла. Цул сов, царна гуманитаран гӀо кхачо долийра спонсоршкара.
Волонтерийн штабан координацин тобанан декъашхочо Екатеринас (цIе хийцина) бахарехь, хьалха а санна лаьтташ йу мазотана утилизаци йаран проблема, хIунда аьлча, мехкадаьттан дахкаш охьайохку меттигаш йуьзна лаьтта. И доцург, хIинца а хиш бехлуш лаьтта.
"Уггаре а дайн динчу лараршца, хӀинца а 200 эзар тонн гергга гӀум а, тӀулг а гулбан дезаш ду тхо, тIаккха цунна утилизаци йайта, йа цхьана ханна цигахь латтон охьабилла. ДIсалела дуьхьалонаш хIиттош йац, танкерш хIинццалц схьа зийна йац, лаьттабухала дахначу хIордакеманаш чуьра мозатош кхин а дIаоьхуш ду, "Волганефть" фирман танкерийн белхаш цхьаммо а совцийна а бац", - бохура Екатеринас.
Цо дийцарехь, волонтерийн доккхаха долу дакъа олхазарш кӀелхьардаха гIерта, амма хӀинца къаста доьлла, меттигаш цӀанъйарехь юкъараллин Ӏуналла дан дезаш хилар. Федералан орцан раж юкъайаккхарца, волонтерашна гӀо дан алсам гӀирс а, адамийн ресурсаш а хьажо йиш йу аьлла, тешна иза.
Маса оцу хьолан терго йан протоколаш дац пачхьалкхан бохуш, кхин дIа а дийцира волонтеро: "Дуьненаюкъарчу практикех пайдаэца а йиш йац. Цхьаммо а даккхий ахчанаш хьежор дац, къаьсттина тӀом боьдучу хенахь, цундела тхешан а, жимма пачхьалкхан структурийн а ницкъашца дерриг а хеттарш листа гӀерташ ду тхо".
ДIасалела дуьхьалонаш хIиттош йац, танкерш а хIинца а зийна йац
Керчан боьранехь хIордакема дохар - дуьненахь дуьххьарлера бохам хилар дара М100 марка йолу "дезачу" мазотаца: цуьнан башхалла йу иза лакхарчу температурехь чӀагӀлуш хилар — Цельсин 25 градусе кхаччалц. Кхечу мехкадаьттан сурсаташка хьаьжча, хIара тIехула ца долу, бухахь дуьсу, хаамбира Оьрсийчоьнан транспортан министралло. Хин колонкера и тайпа дакъа дӀадаккха тоьшаллаш дина технологеш йац дуьненахь, билгалдаьккхина урхалло. Оцу кепара фракци хинан стоммалла йукъара дIайоккхуш зийна технологеш йац, тIечIагIдира урхаллехь.
ХIинца волонтерашна техникан корматалла йолу говзанчаш оьшу, ишта ГИС-аш (географин информацин системаш) кхолла а – карташца белхаш бен программааш, царна тIе боху къаьсттина боьха йолчу меттигех а, цIанйинчу дозанех а болу хаамаш. Ишта дукха хьолахь тIетоьаш ца хуьлу СИЗ-ш а, техника а.
"Хирг хилла даьллачул тIаьхьа буйнаш лестабо" Iедалхоша
Оьрсийчоьнан йукъаралло Керчан боьранехь хиллачу бохамна "цхьаьнадогӀуш а, эвсаре а" жоп делира, боху эколога Симонов Евгенийс. Цо бинчу тидамца, цу тайпачу реакцино "цхьана кепара реакци ца йича ца бовлуьйту" Iедалхой.
"Со цецвер вацара, кхана цара доттагӀаллин а, иштта доттагӀаллин йоцчу а пачхьалкхашкара гӀо дехахь – Туркойчоь актуале хир йара. ТӀаьхьарчу деношкахь официоз чӀогӀа жигара йаьлла. Цара хаам бо пляжашна лерина сорбенташ зуьйш хиларх а, хIордакеманаш тӀехь дисина мазот араоза гӀирс хӀотторах а лаьцна. Амма официалан хаамашца кхета йиш Iац и бехдар стенга кхаьчна а, мича кхача мега а. Амма дегйовхо йу, барамаш сихбина тIеоьцуш а бу, цхьана декъана сур хIиттош а бу аьлла", - билгалдаьккхира цо.
Меттигерчу тIегIанехь Iедалхойн меттахбовлар доьзна ду, церан туристийн сезон йукъахйолуш хиларца
"Экозащита" олучу Ӏаламан организацин куьйгалхойх волчу Сливяк Владимира бахарехь, цхьа а дегайовхо йац пачхьалкхо шен берриг а ницкъ – цунна хетарехь, уггаре а боккхачу бохамо йитина тIаьхье цӀанйан хьажор бу аьлла. ХӀинца Оьрсийчоьнан Ӏедалшна хьалха кхин декхарш ду – цара сагатдийриг тӀом бу, мехкадаьтта Ӏанар дац, бохуш кхин дӀа а дуьйцу цо.
"Путинан цуьнца бала банне а бац, гуш хиларца, цуьнан кхин гIуллакхаш а, Iалашонаш а йу. Низам лардеш а йоцуш, халкъан лидерна мел луучунна тIехь Iаш болу нах беха пачхьалкх хилла йаьлла Оьрсийчоьнах тIаьххьарчу оьмаран доьалгIачу декъехь. Нагахь санна, цхьа хIума чIогIа оьшуш ду аьлла, цо дIахьедина дацахь, тамаш бу-кх цига гIирсаш узур белахь. Меттигерчу тIегIанехь Iедалхой Iедалхойн меттахбовлар доьзна ду, церан туристийн сезон йукъахйолуш хиларца. Амма федералан тIегIанехь, суна хетарехь, кIезиг терго йеш йу хиллачу бохаман", - кхетийра редакцица къамелдинчо.
Симоновс бахарехь, "хирг хилла даьллачул тIаьхьа буйнаш лесто кийча ду" Iедал хIинца.
" Суна хетарехь, зуламан орам бу, тIаьхьабисина ницкъ чолхечу хьоло йитинчу тIаьхьалонна хьажийна хилар, бохамаш ца хилийта а, царна кечам бан а хьажийна цахиларна. Ӏедалш паргIат хуьлу, Iаламна зенаш дийр долу кхерам латтарна, нагахь санна, уьш Ӏедалехь волчу цхьанна пайдехьа делахь", - бохуш, дерзадо цо шен къамел.
Керчан боьранехь "Волгонефть" компанин ши танкер охьа а доьжна, Краснодаран мехкан бердашца мазот арадаьллачул тӀаьхьа Оьрсийчоьно дӀахьош йу оццу маршрутца мехкадаьттан сурсаташ оффшорехь дӀасадаржор, хаам бо Marinetraffic кеманашна тӀаьхьакхиаран сервисан хаамашца. Кху кӀиранах а, дахначу кӀиранах а Керчан боьранехь а, Анапан бердашца а дӀайазйина "Волгонефть" танкеран ворхI сереш. Царех дукхахйерш, хетарехь, йаккхийчу танкерш тӀе мазот дехьадилла лелош хилла, билгалдоккху Симоновс.
- ГIуран-беттан 15-чохь Керчера хидоькъехь дуьйхира мазот тIехь "Волгонефть- 212" а, "Волгонефть-239" а танкерш. Экипажан декъашхойх цхьаъ кхелхира бисинарш кIелхьара бехира. Оцу меттигехь дIасадаьржира мазот. Мехкадаьттан сурсаташ бердел дехьа кхаьчнера. Хьалхо хаамбира, бехдалар даьржина цигахь 50 километар меттиг дIа а лоцуш аьлла. Эзара орцанхой а, волонтераш а тIеозийра гIоьнна.
- Анапехь Керчан боьранехь танкерш йоьхначул тӀаьхьа бердаш мазотах цӀандеш дакъалоцуш болчу волонтераша дӀакхайкхийра, сихонца цӀандан дезаш, лазийна олхазарийн керла тоба йу аьлла. Хьалхо хаам баьржира, Анапехь а, Темрюкан кӀоштахь а орцанхойн центраша мазот чохь лаьцнчу 1,7 эзар гергга олхазар кӀелхьардоккхуш гӀо дина аьлла.