ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаме хьийсийначу кадыровхойн цIераш тIехь йолу тептар Украинан иччархоша зорбане даьккхина


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

Украинана дуьхьал тIамехь дакъалаца хьовсйначу кадыровхойн а, шайн лаамехь бахначийн а цIераш тIехь йолу тептар зорбане даьккхина Украинан тIеман министраллан иччархойн урхалло. Къаьстина, цхьаболу "шайн лаамернаш" Iедалан къизачу къепешкахь таIзарш дина хилар.

Иччархойн хаамашца, Чиллан-беттан 24-чуьйра дуьйна тIаме вахийтина 2 425 стаг – хьалхо йа Оьрсийчоьнан а, йа Украинан а агIоно ца дуьйцура билггал маса ву уьш. Къайлахчу сервисаша билгалдоккху, Украинан дозана тIе кадыровхой бийла буьйлира тIелеттачу хьалхарчу деношкахь дуьйна, делахь а, уьш бара "тIелатаран шолгIачу эшелонехь, хIусамех хьуьйсуш, закъалтхошна а, маьршачу нахана а тIехь сийсазаллаш лелош, къоланаш а, талораш а деш". Хаамбо, 2,5 эзар стагах 100 нохчийн эскархо вийна хиларх, 300 гергга лазийна хилар, 60 "вадарх" а.

Верриг а 2,5 эзар стаг "шайн лаамехь" болчийн тептарехь ву – бу царлахь Нохчийчуьра бахархой хилла ца Iаш, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара нах а. "Может объяснить" гIирсана вевзина масех стаг – къаьстина царех цхьаберш курхаллаш лелорна а, нах байарна а, наркотикаш лелорна а бакъо йоцуш герз леларна а, эксремизмна кхайкхамаш барна а таIзар дина хилар.

Украинан тIеман министраллан тептар зорбане даккхарца, Украинне тIом бан баха лаам берш вовшахтухуш хиларх хаамаш зорбане бохучу нохчийн "Канал добровольцев" телеграм-каналехь информаци гучуелира дIаязбар юкъахдаккхарх. Авторша кхин цкъа а карладаьккхира нах дIаэцаран барамех, лехамашкахь йа талламна бухахь нисбелла нах тIаме буьгуш бац аьлла.

  • Нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацино дIахьедира, Украине тIаме хьийсочуьра кIелхьарбовла луучу Нохчийчуьрчу бахархойн терахь кхуьуш хиларх. Организацин дIахьедарехь дуьйцу, шаьш Украине тIаме дахийта кечдеш ду, Оьрсийчуьра арадовлуш гIо дахьара бохуш, иттаннашкахь бахархошкара кхочучу хаамех.
  • Кадыровн критикаша чIагIдо, меттигера бахархой бертаза тIаме хьийсабо, оцу юкъанна, ницкъаллин структурийн белхахой боцурш, Iедалхой тIаьхьабевлла лела нах а цхьана. Масала, Охан-беттан 9-чохь меттигерчу пабликаша яржийра, Туркойчохь вехачу блогеран Халитов Хьасанан ваша тIаме хьажош видео.
  • Кадыровс хьалхо дIахьедира, Гуьмсерчу спецназан университето хIора кIиранах "кечво 200 гергга "лаамхо", буьйцурш Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара нах а цхьаьна хилар билгалдоккхуш. Талламхойн Conflict Intelligence Team тоба кхоьллинчу Левиев Руслана Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь билгалдаьккхира, Гуьмсерчу центрехь кечамбар кхачо йоллуш ду олийла дац аьлла.
  • Кавказ.Реалиин хьостан информацица, Украинерчу тIамехь вийна Нохчийчуьра 60 гергга. Редакцина евзаш ю 16-ннан цIераш. Зазадокху-беттан 1-чохь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бакъдира шиннан кхалхар – Тарамов Iабдулбекан а, Исаев Тимирланан а. Охан-беттан 7-чохь "Чечня Сегодня" агенталло яздира, регионера кхин а ворхI бIахо кхалхарх: лакхара лейтенант Каимов Рахьим, сержант Автаев Шахрудди, ефрейтор Баталов Беслан, ефрейтор Висирханов Нурды, могIарера салтий Дудаев Асланбек а, Чупалаев Хезир а, полицин лакхара сержант Болчиханов Адам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG