ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIамехь йохийначу петарна тIехула 10 шарахь кхеле йуьйлу Нохчийчуьра йахархо


1999-чу шарахь мухIажарийн лагерехь йу нохчийн зуда. Гайтаман сурт
1999-чу шарахь мухIажарийн лагерехь йу нохчийн зуда. Гайтаман сурт

Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш йохийначу шен петарна меттана керла хIусам йалар доьхуш 2000-чу шерашкахь дуьйна кхеле йуьйлу Соьлжа-ГIалара йахархо Денисултанова Зура. Европан адамийн бакъонехула йолчу кхелехь оцу гIуллакхехь толам баьккхина цо, амма Соьлжа-ГIалин мэри реза йац 2011-чу шарахь цунна хIусам ло аьлла бина сацам кхочушбан.

ГIуллакхан материалашца а догIуш, Денисултановин петар 1995-чу шарахь йохийра. 1999-чу шарахь керлачу хIусамна ордер йелира цунна, амма Москва шена дарба дан и новкъайаьлча, цу чу кхин нах хийшийра. 2011-чу шарахь Соьлжа-ГIалин Ленинскан кIоштан кхело а, Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело а цунна йелла ордер ницкъбоцуш лерира, администрацина цунна оцу мехах йолу хIусам йалар тIе а дожош. 2012-чу шарахь ницкъе бирзинчу кхелан сацамна тIехула и кхочушбаран барамаш болийра, амма 10 шо ду администрацино ахча дац бохуш и чекх ца боккхуш. 2017-чу шарахь Денисултанова Зурас Европан адамийн бакъонехула йолчу кхелехь толам баьккхира ("Артюшков а, кхинберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал гIуллакх"), кхелан сацам кхочуш ца барна йалх эзар евро компенсаци кхайкхийра цо.

"Карарчу хенахь кхелан акт кхочуш ца йина. Кхелан акт чекх ца йаккхарна, арзхочо синан халонаш хьоьгу. Йиллинчу хеначохь кхелан акт кхочушйаран цуьнан бакъо хьаьшна", - дуьйцу рогIерчу административан искехь, и теллина Нохчийчуьрчу кхелаша а, Сочи гIалан КхолгIачу аппеляцин кхело а.

Арзхочо Соьлжа-ГIалин мэрера 1,1 миллион сом даккхар тIедожадо. Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело и барам цхьайттазза лахдина – 100 эзаре кхачалц. Соьлжа-ГIалин мэрин векалша и сацамна латкъам бина, цара билгалдаьккхина: Денисултановас "компенсацин барам билгалбаккха оьшуш долу, шен синан а, дегIан а хилла зенаш ца дийцина". Цул сов, "административан искехь хьахийна долу ахча оцу артиклехула бюджетехь билгалдаьккхина дац".

Сацам кхочуш ца бар низамца догIуш дац аьлла тIечIагIдина Сочин аппеляцин кхело, амма цунна догIучу компенсацин барам тIе ца тоьхна цо.

  • Пятигорскерчу ПхоьалгIачу кассацин кхело теллина, масех шарахь Iедалхошкара шен йохийначу хIусамах компенсаци яккха гIертачу Нохчийчуьра вахархочо Исмаилов Муслима чуделла арз. Искехь болчу хаамца, 2008-чу шеран гIадужу-баттахь Нохчийчохь мохк бегийча, 40 шарахь гергга иза ваьхначу ИсмаиловгIеран цIа кхин дIа чохь Iен йиш йоцуш ду аьлла лерира, цул тIаьхьа вовшахдаьккхинера и. Iедалхоша пачхьалкхан бахаман сертификаташ лучийн тептаре язвира Исмаилов. ХIетте а масийттазза хIара кIоштан администраци ваьлча а, пачхьалкхан бахаман сертификат цунна схьа ца делира, бахьанех кхета а ца веш.
  • Нохчийчохь адвокатийн палатин хилла президент Бетризов Iайнди кхеле велира, бакъо йоцуш шена бехкзуламан гIуллакхца тIаьхьабовларна – финансийн министраллина 3 миллион сом тIедожийнера цо, кхело охьабаьккхинера барам 150-зза.
  • 2000-чу шеран чиллан-баттахь БухIан-Юртахь нах байъарна бехктакхаман гIуллакх доло дуьхьало йеш Соьлжа-ГIалин Старопромысловскан кIоштан кхело бина сацам юхаэцна Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело. Цуртана тIе а летта, 60 гергга меттигера вахархо вийнарг мила ву оьрсийн низамхойн органаша билгал ца доккхуш 20 шо ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG