ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIамна дуьхьал митинге араяьллачу зудчун цIийнда велла. Церан кIант нуьцкъаха тIаме хьажийна


Соьлжа-ГIала, маьждигна а, мэрина хьалхара майда
Соьлжа-ГIала, маьждигна а, мэрина хьалхара майда

Нохчийчохь даге лазар а деана велла Мурадов Адам – юьззина йоцу мобилизаци дIакхайкхийча Соьлжа-ГIалахь хиллачу митинган декъашхочун хIусамда вара иза. Адамийн бакъонаш ларъяран "Мемориал" Центро яздарехь, шен зудчунна еттийтина цуьнга, тIаккха церан 18 шо долу кIант Валид (цхьаболчу хаамашца Абу ву иза) Украинерчу тIаме хьажийна.

"Мемориало" бинчу хаамца, ницкъахоша митингера зударий мэрин гIишло чу дIабигина, цул тIаьхьа церан гергара божарий схьабалийна. Шайн зударшна еттийтина цаьрга – цара иза ца дахь ницкъахоша дийр ду бохуш кхерамаш туьйсуш. И хаам иштта тIечIагIбо нохчийн оппозицин Niyso телеграмерчу канало.

Гезгмашин-беттан 25-хь, билгалдоккху "Мемориало", митингехь лаьцначу цхьайолчу зудчун 18 шо долу кIанта Мурадов Валида гергарчаьрга телефон тоьхна, Украине доьдучу самолетехь ву ша, аьлла хаамбеш. Кхин а ши де даьлча Мурадов Валида дийцина, ша "тIеман хьалхене вуьгург" хиларх. ШолгIачу дийнахь цуьнан да Мурадов Адам велла. Цуьнан кхалхарх лаьцна хаамаш иштта оппозицин 1ADAT телеграмерчу каналехь арахецна бара.

"Республикера тхан хьасташа хаамбо, карарчу хенахь МурадовгIеран доьзална тIе чIогIа Iаткъам беш бу ницкъахоша. Шайн хьокъехь харцо лелийна хилар бакъ дац бохуш видео дIаязъян декхаре бо цара уьш – нуьцкъаха Валид Украине хьажорах а, цуьнан нанна еттарх а лаьцна – хIунда аьлча оцу хиламо йоккха резонанс эккхийтина нохчашна юкъахь", - чIагIдо "Мемориалехь".

2020-чу шарахь Францера Оьрсийчу депортаци йинчу Мурадов Даудан ден ваша вара Мурадов Адам, цигахь тховкIело йоьхуш хилла иза. Оьрсийчохь Дауд Iазапехь латтийна, террор лелийна бохуш бехкаш дехкина цунна тIе. 2021-чу шеран чиллан-беттан 5-хь Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-1 набахтехь девзаш доцчу бахьанашца кхелхира Дауд. Цуьнан дакъа дIа ца делла гергарчарна хIинца а.

  • Оьрсийчохь юьззина йоцу мобилизаци дIакхайкхийча Соьлжа-ГIаларчу тIамна дуьхьал йолчу митинге арабевлира масех иттанаш зударий. Дуьххьара Iедало харцдора акци кечъеш ю бохург, амма тIаьхьо протестхой дIалацар тIечIагIдира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Политико шен телеграмерчу канале биллинчу хаамца а догIуш, 20 зудчунна юкъара кхаанна кIентий Украинерчу тIамехь дакъалоцуш бу. Царах шиннан доьзалехь цхьацца бен боцу кIентий бу уьш.
  • Кавказ.Реалиин хаамашца, гезгмашин-беттан 21-хь хилла митинг – иза Кадыровс республикана куьйгалла дечу шерашкахь дуьххьара протест йара меттигерчу Iедало лелочунна дуьхьал.
  • Кадыровс ишттачу митингийн декъашхойх "къоман мостагIий" аьлла, тIеман тийсдаларшка уьш дIахьийсор тIедожийна цо.
  • Гезгмашин-беттан 22-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "лерринчу тIеман операцин" оперативан штабаца хиллачу кхеташонехь республикехь мобилизаци хир яц, алла дIахьедира. Украинехь тIом боьдучу юкъанна республико "тIех сов кхочушйина" шен план, аьлла кхетийна цо. Цунах лаьцна репортаж меттигерчу телехьожийлехь арахийцира. Масех де даьлча Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретаро Вахидов Iилмана дIахьедина, Нохчийчохь мобилизаци юхаяьккхина боху хаамаш баржийнарг "Оьрсийчоьнан а, йа махкара вайн зорбанан гIирсаш бацара", "оппозицигахьа бирзина гIирсаш а, телеграм-каналаш а яра" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG