ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ТIамтIехь велла аьлла дерзо атта ду": Ростовера кхело луьстуш ду мобилизаци йина хилла дуккха а нах байъарх гIуллакх


Мобилизаци йина нах, архивера сурт
Мобилизаци йина нах, архивера сурт

Командираша эскархошна тоьпаш тохарх Оьрсийчохь дуьххьарлера гIуллакх кхаьчна Ростов ГIалара Къилбан гонашкара тIеман кхеле. Нах байъарна а, цаьргахь Iазап латторна а, церан декъий сийсаздарна а бехкевеш ву кхоъ эскархо: Чуканов Евгений, Тимонин Роман, Малышко Евгений а. Волайнхо ву аьлла билгалваьккхина 19 мобилизаци йина стаг – уьш латтийна Украинан Луганскан кIоштара Попасная гIалахь цхьана лармаш чохь. Армехь ницкъбар кхиъна догIуш хиларх а, оцу гIуллакхо муха Iаткъам бийр бу а, дийцира тхан сайтана эксперташа.

Товбеца-баттахь украинхойн "Суспильне" медиахь зорбане баьккхира 6-чу дивизира мобилизаци йинчарна тIехь ницкъбарх, уьш хIаллакбарх лаьцна бина таллам. Цуьнан командиро Оспанов Марата тIедожийнера шен гIовсана, 41 шо долчу полковникана Малышко Евгенийна ("Воронеж" йоккху цIе йу цуьнан), "меттабогIур боцу" эскархой байъар.

Мобилизаци йина хилла ворхI вийна 2023-чу шеран товбеца-баттахь Бахмутское эвлахь. Украинхойн журналистийн каракхаьчначу гIуллакхан материалашкахь йаздина ду, прапорщика Чукановс а, сержанто Тимонина а салтий ларми чу лаьхкинера, цул тIаьхьа царна чу Ф-1 гранаташ а кхуьйсуш. Ткъа майоро Борискин Евгенийс тIаьхьа ларми чу а вусуш, дийна бисинарш бойъуш хиллера. 2023-чу шеран товбеца-беттан 23-чохь велла 34 шо долу Борискин, цундела бехкебечу нахалахь цуьнан цIе йац.

Бехкебийраш командираш болу гIуллакх кхеле кхачоро дуьйцу эскарна чоьхьарчу маIне йолчу масех просессех, дийцира "Гражданин. Армия. Право" цIе йолчу бакъонашларйаран тобанан куьйгалхочо Кривенко Сергейс. "Арми тIехь куьйгалла далуш хила йезаш йу. Амма кху гIуллакхо хоуьйту, и лелла ламасташ доьхна хилар: буьйраллин карара долуш ду тIехь контроль латтор, йа цхьана бахьанашца лагIдеш ду", - бохура цо.

Салтий тIемаш боьлхучу меттигашкахь болчу заманчохь, уьш байъина аьлла, чоьтера баха – чIогIа атта ду

Нагахь санна, эскаре кхайкхинарш байъина, йа царна тIехь Iазап хьегна меттиг боллушехь, бехказабаьхна хIума нислахь, цо буьйранчашна тӀеӀаткъам бийр бу аьлла, тешна ву къамелхо: "Бакъду, тӀеман кхоалгӀа шо доьрзуш, атта дац эпсарша хӀун харжам бийр бу хаа: хӀинца дуккха а тIемангIуллакххой кийча бу "набахте ваха гӀоле ду, кху тӀамах гена а волуш" аьлла хеташ.

2022-гӀа шо тӀекхаччалц и тайпа прецеденташ йацара, боху шен цӀе йаккха ца луучу Оьрсийчоьнан тӀеман гIуллакхаш луьстучу адвокато: "СВО-н" хьелашкахь (Оьрсийчохь официалехь иштта олу Украинина дуьхьал бечу тӀамах. – Ред.), тӀемангIуллакххой тIеман зонехь белахь, чоьтан киншки тIера уьш дIабайъа атта ду. Адаман дахар тIаьхь-тIаьхьа цхьана а хIуманан меха ца лору".

Цунна хетарехь, Тимонинан а, Малышкон а, Чукановн а гIуллакх гайтаме вердикте кхачор ду "даржхоша лелийна къиза зуламаш хиларна".

И гӀуллакх доцург, 2022-чу шарахь дуьйна гIараделира цхьа могӀа адамаш дайъина хилар буьйранчаллехь болчара а, ишта могӀарерчу слаташа дина гӀуллакхаш а. Масала, Дагестанера схьаваьлла Абасов Алиаба бехкевира шеца эскаран гIуллакх кхочушдеш хилларг верна. Бехке хиларан сацамца гуш ду, цо и зулам дина хилар, Буйнакскера 136-чу мотогерзан бригадан декъашхо ша волуш, Украинин Донецкан кӀоштан дӀалаьцначу территори тӀехь. Шайн накъосташца цхьаьна нехан цӀа дӀалаьцнера цара, цигахь Магомадов цӀе йолчу эскархойх цхьаммо сийсаза къамел долийна хиллера. Цунна жоп луш, Калашниковн автомат йиттинера Абасовс. Магомедовн дегӀа тӀехь 28 герзан чевнаш хилар дӀайаздинера. И бахьана долуш Къилбаседа кӀоштан тӀеман кхело апелляцица хийцира Абасовна тоьхна 10 шо хан - цунна набахтехь йаккха хан цхьана шарна лахйира.

Кхин цхьа масала – оккупаци йинчу Украинан дозана тIехь шен накъостий байъарна 8 шарера 10 шаре гергга хенаш туьйхира Ростовера тIемангIуллакххошна Светличный Иванна а, Ефремов Александрна а. Ростовера кхин а цхьана контрактхочунна Артемьев Артемна чохь даккха ворхI шой ахшой кхайкхийра уьрсаца шен командирана тIелатарна.

Талламан версица, къаьркъа мелла салти тIеман полици дIавига гIоьртинера командир, эххар а цунна доьазза урс тоьхнера, кхело лерира и могушаллина дина доккха зулам ду аьлла.

Кху шеран бIаьста Украинин оккупаци йинчу Луганскан кӀоштахь дӀатарделлачу номер 40463 йолчу тӀеман декъехь тӀеман министраллица контракташ йина Волгоградан колонешкара тутмакхаш тӀепаза байнера. Оцу декъера эзар гергга гIуллакххочунна йеллера ханна дIабайнарш аьлла статус. ТӀеман прокуратуре бинчу кхайкхамашкахь тӀепаза байначу нехан гергарчара юкъадехкинера, царна тIехь Ӏазап латтийна хиларх тоьшаллаш. Мел лахара а батальонийн шина командиро ницкъбина хиллера царна тIехь.

Гергарчийн хаамашца, Кэп, Золотой цIераш лелочу командираша ницкъбеш хиллера цаьргара хIуъа далахь а. Аудио бакъ хилар тIечIагIдан аьтто хиллера журналистийн, амма уьш муьлш хилла а, и гIуллакх листаран статус а тIеман министраллехь а, тIеман прокуратурехь а хаа ницкъ ца кхечира. ТIемангIуллакххойн гергарчийн тоьтшаллашца, Кэп а, Золотой а хIинца а ву оцу декъехь гIуллакх деш.

Шаьш гIуллакх дечу дакъошкахь эскархошна ницкъбина меттигаш йоцург, тIаьххьарчу шерашкахь гучуделира Мулинохь а, Зайцевохь а "йуккъерчу" меттигашкахь а Iазапаш латтош хилар. ГIуда тIедожийнарш а, тIом бан дуьхьал берш а, товш боцу салтий а, лахара эпсарш а хьийсабо цига. Iаламат дукха тоьшаллашца, цигахь йетта, ток йоьттуьйту, ша санна шийла хи тIедуьтту. "Идите лесом" цIе йолчу бакъоларйаран организацин хаамашца, оцу ницкъбаро хIаллакбо тIемангIуллакххой.

Бахмутана гена доццучохь йиттина, ор чу боьхкинера, дийнахь цхьа стака хи а, бепиган йуьхьиг а луш

Ишта гIело хьоьгуьйтучу цхьана чохь нисвеллера Сочера вахархо, 2022-чу шарахь мобилизаци йина хилла волу. Цуьнан дешнашца, 72 де даьккхина цо Зайцевохь, хIора дийнахь тIехь гIело а ловш. Оцу куьпа хьажийнера Петр (цIе хийцина) Украинера тIамехь дакъалаца дуьхьал хиларна. Петра дийцира Кавказ.Реалии сайтана, ша дуккха а тоьшаллаш гулдина армихь лакхарчу эпсарша низамаш хьешна, тIехь гIело хьегийтина, сийсазаллаш лелийна, ахчанаш даьхна. Амма цкъачунна бакъонехь шен статус цахиларна а, тешаме гIортор цахиларна а, и гIуллакх нахала даккха ца хIутту иза. Амма ша кхерамзаллехь ма-нисвелли, цунах лаьцна дийца Iалашо йолуш ву иза.

Кхечу меттигашкахь гIело латтайо тIеман контракт йукъахдаккха гIортахь а. Иштта нисделира Ростовера тIеман декъехь гIуллакх дечу контрактхочуьнца Иванца (цIе хийцина) а. Эхашарна дина контракт чекх ма доллура, рапорт йазйинера цо, ша альтернативе йолчу меттиге дехьаваккхар доьхуш. Цуьнан дехарх лаьцна командирана гучудаьлча, Иванна йиттира, Бахмутана гена доццучохь даьккхинчу ор чу воьллира. Цуьнан гергарчу наха дийцарехь, дийнахь хинан стака а, бепиган цхьа йуьхьиг а луш хиллера цунна.

  • Оьрсийчоьнан эскарера дезертир ваьллачу Сочера вахархочо дийцира Кавказ.Реалии сайте эскархошна тӀехь латточу гӀелонех а, ахчанаш дохуш хиларх а лаьцна. Хьалхо журналисташна карийра, "бехкалабахначу" эскархошна лерина цхьа могӀа гӀело латтош йолу каппаш а, оьрнаш а, лармаш а.
  • Донецкан кIоштан оккупаци йинчу территори тӀехь вовшахтоьхначу "ДНР" олучу дакъойн буха тӀехь кхоьллинчу 110-чу бригадан эскархоша нохчийн орамаш долу бизнесхо лаьцна латтийра эскаран декъан территори тӀехь йолчу жӀаьлин буьнахь шина дийнахь. Цо бахарехь, цуьнгара бизнес схьайаккха Iалашонца.
  • Къилба тӀеман гонашкара кхеле кхаьчна хьалхо бехкебинчу эскархошна Черненко Александрна а, Ангулов Владиславна а дуьхьал айдина гIуллакх. Царна бехке дуьллуш ду аннекси йинчу ГӀирмехь таксхочунна къиза бекхам бар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG