Нохчийчоьнан Iедалхоша хаамбина, 2026-чу шеран хьалхарчу беа баттахь лерринчу комиссино 262 боьхна хилла доьзал, йукъахь маслаIат а дина, вовшахтоьхна аьлла. И комисси болх бан йолайелчхьана, 2017-чу шарера схьа дуьйна, официалан зерашца, кхо эзар сов къаьстина лаьттина хIусамда а, хIусамнана а йуха вовшахтоьхна. Шайн лаамехь дуй-те церан "бертабахар", официалан статистикана тIехьа лаьтташ а хIун ду-те дуьйцу тхан редакцин материалехь.
Зуда йалорна а, доьзалан йукъаметтигашна а тIехь терго латтон а, боьхна доьзалш йуха вовшахтоха а Iалашонца комисси кхоьллира 2017-чу шарахь мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца. Цуьнан официалан Ӏалашонаш йу доьзалш ларбар а, берийн хьашташ лардар а, ламастан доьзалан мехаллаш чӀагӀъйар а.
2024-гӀа шо чекхдолуш Кадыров Рамзана дӀакхайкхийра 2716 дӀасакъаьстина доьзал "йуха вовшахкхетарх" лаьцна. 2025-чу шеран марсхьокху-баттахь и терахь кхин а 150-на алсамделира, ткъа 2026-чу шеран мангал-бутт тӀекхачале Ӏедалша дӀакхайкхийра 3038 доьзална йукъахь "маслаIат дарх". Ши эзар сов цхьана хенахь зудий-майрий лаьттинарш, реза ца хиллера маслаӀат дан, ткъа эзар гергга доьзалан бакъо йацара "динан бакъонаш" бахьана долуш шайн йукъаметтигаш дIанисйан, йаздо республикерчу "Грозный-Информ" агенталло, кхин кIорггера цунах лаьцна хаа ца кхетош.
Амма бакъду кхиамца барт бина шаьш аьлла, статистика йукъа бахначийн дийцарша гойту, хьаькамаша ма-дарра дуьйцуш цахилар, муха "маслаIат" до шаьш, мел ший а агIо лууш хуьлу йуха вовшахкхета.
Уггаре а тӀаьххьарчу дийцарх цхьаъ ду- Минцаева Билкъисах хилларг. Дельмуханов Сулимах дӀакъаьстинчул тӀаьхьа Новосибирскехь шен цхьана йоӀаца йехаш йара иза, шолгIаниг шен деца Нохчийчохь йисира. Кху бIаьста Минцаева шен йоI ган Нохчийчу йеара. Деца йисинчу йоIа латкъамаш бина хиллера, шен вукху йишина са хьийза шен аьлла. Билкъиса шен йоӀ Новосибирске дӀайигинера, йоьIан дегара пурба а доцуш, тIаккха цуьнан хиллачу майрачо йоI лачкъийна аьлла, бехкейира иза. Минцаева республике юхайеара, цул тIаьхьа масех кӀиранах цунах лаьцна кост дацара. "Нана йоцу Кавказ" проекто дийцарехь, зудчунна шантаж йина хиллера, кхерамаш а туьйсуш, цуьнан ваша Украинана дуьхьал бечу тӀаме хьажор ву шаьш, нагахь иза Нохчийчу юха ца йагӀахь аьлла.
Эххар а, майрачо шен йоӀ лачкъийна аьлла, полици чуделла арз а, бертаза ницкъахоша республике йухайерзор а нохчийн телевизионехь бохура "бераш кхиорца доьзна доьзалехь хилла дов" дов ду и. Бохура, и доьзал берта а бахна, царна йукъахь маслаIат хилла. Цул хьалха Минцаевас шен берашца йаха лаам бу бохура, ца бохура, шен хиллачу хIусамдега йуха йаха лууш йу ша.
Иштта оцу кепарчу "маслаӀатах" чекхбевллачу Нохчийчуьрчу бахархоша шайн комиссица хилла цхьаьнакхетарш дуьстира ницкъхоша хеттарш дарца. Хьалха зудий-майрий хиллачу цаьрга хиттина хиллера, хIун бахьана ду дIасакъастаран, марзошца муха йукъаметтигаш йара, стенна тIехула девнаш лаьттара. Цхьаболчаьрга баьхнера, йуха йаха йеза хьо, марзошца а кIеда-мерза, собаре хила йеза, хьайн хIусамдега йухайаха йеза хьо.
Меттигерчу цхьана вахархочо хьалхо дийцира тхан редакцига, шен хIусамненаца къаьстинчул тIаьхьа, балхара дIаваккхарна кхоьруш, реза хилира ша берта ваха, амма цхьа хан йаьлча, йуха а шаьшиъ дIасакъаьстира аьлла. Кхечу республикерчу йахархочо а бохура, нахана гергахь "берта дахначул" тIаьхьа, шен кIант а, нус а йуха а дIасакъаьстира.
Духьало йан хIунда ду хала
Къилбаседа Кавказан мехкашкахь болх йукъаралхочо, талламхочо бохура, доьзал вовшахтоха арабевллачу нахана дуьхьало йан хала ду. Цуьнан цIе ца йоккху оха, кхерамзалла Iалашйеш.
"Комиссеша шинца а болх бо. Шинна а Iаткъам бан тарло, амма зударий мел а экаме бу, цундела царна беш болу Iаткъам мел а алсам хуьлу. Оцу доьзална уьш тIебирзиний, тIаккха царна дуьхьало йойла дац", - бохура цо.
Божарша, билгалдоккху къамелдечо, дукха хьолахь царна гергахь реза ду шаьш олу, ткъа зударшна йуьту тIаьхьало сингаттаме хила тарло.
"Берта вахна ша аьлла, сурт хIоттон шансаш алсамох йу божарийн, хьанна а беш болу Iаткъам лазаме белахь а, хуьлийла иза борша стаг, йа зуда. Леташ, шена тIехь Iазап лелош хиллачу стаге йуха йаха кхерам лаьтта зудчунна, амма дикачу меттигера цхьа а ма ца йоьду дIа", - билгалдоккху талламхочо.
Зударий йухабаха реза хила тарло, шайн берашца цхьанакхета таро хиларна, хууш ма-хиллара, ши адам дIасакъаьстича, церан бераш дехошкахь дуьсуш ду. И бакъ хилар гойту ша "маслаIат дечу" комиссино а. Церан хьесапашца, къаьстинчу ден-ненан йалх сов эзар бер-кхиазхо шайн дайшкахь дисина.
Нохчийчуьра авторитаран системин дакъа хуьлуш ду доьзалх
Къилбаседа Кавказера кхечу бакъоларйархочо, цо а дехар дира ша цIарца ма йовзийта аьлла, тидам бо, Нохчийчохь стаг, зудий къаьстачу заманчохь и деккъа цу шиннан гIуллакх хилла ца Iаш хилар.
"Дукхахболчу доьзалшна чIогIа ладаме ду баккхийчарна хетарг, уьш йукъа ца гIуртуш ца нисло дукхахдолу къестарш. Шега бохучунна тIетовр ву и стаг бохург дац и, делахь а йукъараллина хетарг чIогIа мехала хета царна", - бозура цо.
Духахьолахь, оцу кIентан цIеранаш хуьлу, цо шен доьзал ларбан лууш, оцу комиссешкахь а, баккхийчаьрца а нислучу цхьаьнакхетаршкахь шайн стага дакъалаца лууш а. Ткъа зударшна тӀеӀаткъам бан тарло цуьнан цIерачара а, марзоша а, наха бохучо а, комиссин декъашхоша а.
Бакъонашларйархочо билгалдаккхарехь, муьлхха а маслаIатан некъаш оцу зудчун а, стеган а лааме хьаьжжина хида дезаш ду. Амма, цо дийцарехь, и принцип даим а лар ца йо.
"Оьрсийчочьнан кхелан сацам белахь а, дуккха а меттигашкахь динан а, ламастин а институташкахула а хьийса гIерта цу гIуллакхе, муфтият йукъа а ийзош", - билгалдоккхура цо.
ДIасакъастар йукъараллин гIуллакх долуш санна
Ичкерин Францера сийлаллин консуло, динан Iилма карадерзийначу Албаков Шемала билгалдаьккхира, боьхначу доьзална йукъахь барт бар динехь магош хIума ду аьлла. Амма, бохура цо, цуьнан маьIна дац, лаахь а, ца лаахь а хьайн доьзал Iалашбе бохург. Мелхо а махкахь лоруш болу нах йукъа а балийна, шина а агIоне компромисс лахийтар ду.
"Хьекъал долу стаг йукъа а валавай, цу шинна йукъахь барт бар хьоьхуш аят ду КъорIанехь. Цхьана агIоно зудчун бакъонаш ларйойту, вукхо- стеган. Нагахь санна, оцу стага и зуда баланехь йаллош хиллехь, йетташ, оцу зудчун шен майрчух тешам байнехь, иза меттавогIур ву аьлла, цуьнан тешам бацахь, тIаккха иза цуьнан шен бакъо йу. Цу зудчунна а, берана а кхерам белахь, оцу стаге аьттехьа а йуха гIо бохийла дац. И магош дац, хIунда аьлча, дино ахчанца а, оьшучуьнца а кхачам хилийта беза боху оцу зудчунна", - бозхура цо.
Доьзал Ӏалашбар Нохчийчохь доьзалан политикан коьрта Ӏалашо йуьсуш йу, билгалдоккху лакхахь хьахийначу Къилбаседа Кавказерчу бакъонашларъйархочо. Республикин Ӏедална доьзал социалан стабилалла латторан бух бу, ткъа зуда йитар лаамаза хӀума ду, хӀунда аьлча цо гӀелйо ламастан доьзалан уьйраш, гергарчарна йукъахь конфликташ кхоллайала тарло, ламастан доьзалан мехаллашна бӀостане хуьлу, берийн интересашна тӀеӀаткъам бо.
Социолог волчу Дубровский Дмитрийна хетарехь, леррина доьзалш вовшах бовлийта кхоьллина йу комисси аьлча, тоаме хир дацара. Цунна хетарехь, оцу практико политикан функцеш а кхочушйо.
"Цкъа делахь, тIехь контрол латтор ду иза. Кадыровна гергахь пачхьалкх- и цуьнан доьзал бу, и доьзал нийса хила а беза. Цара дIахьедо маса доьзал вовшахтоьхна шаьш, маса бер дуьненчу даьлла. И бохург ду, и дерриг а ламастин мехаллех а, бакъболчу доьзалан бIовх а лаьцна ду. ХIокху историхь доьзалан да санна хьийза Кадыров. Путина муха дуьйцу бераш дуьненчу довларх, ондачу доьзалех, дуккха а бераш доьзалехь хиларх, ткъа Кадыровс гойту, ша хила дезарг "нийса" дIанисдо аьлла", - билгалдоккху социолого.
И политика уггаре а луьра тӀаьхьалонаш йолуш йу зударшна – доьзална тӀехь Ӏуналла дар пачхьалкхан Ӏуналла дар дӀасадаржар хуьлу.
"Стаг Ӏуналлехь хила веза – йа политикан, йа доьзалан. Доьзал Нохчийчуьрчу авторитаран системин декъашхо хуьлуш лаьтта, ткъа зудчунна цу гӀуллакхо новкъарло йо доьзалехь ницкъ барх а, хьийзорах а ша маьрша йала гӀертарна", - боху Дубровский Дмитрийс.
- Бакъонашларйархошна хааделлачу суьртаца, Оьрсийчохь къаьсттина доьзалехь ницкъбар алсам ду кху тIаьххьарчу ворхI шарахь Къилбаседа Кавказехь. Иштта хьесап дина Ad Rem тобано шайн рапортехь. Кху шерашкахь махкахь абьюзехь латточу нахана гIо дар чолхе даьлла: церан гергарчара а, меттигерчу бакъонашларйаран органаша а кхерамш тийсарна. Шьш цIера бевддачу нахана кхерам лаьттина ца Iаш, хьовзам болу цунах кризисан тобанийн белхахошна а цхьаьна. Тхан редакцино йаздира доьзалехь ницкъ латторах лаьцна шен материалехь.
- Нохчийн зударшна тIехь гIело латтор оцу махкахь лелла ца Iаш, дозанал арахьа бехачех а цхьаьна хьакхало. ГIело лайначу махкарчу зударийн дийцарша тоьшалла до цигахь и проблема кIорггера хиларх "Iадаташца" доьзна а, гергарчара тIехь контрол латторна а, церан бакъоанша Iалашйан стаг ца хиларна а хиларан. Доьзанал арахьара ца хета царна шаьш маьрша.