ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман тобанаша куьйгалла дийр ду Нохчийчуьрчу дешаран хьукматашна


Соьлжа-ГIала. 2016-чу шеран дечкен-беттан 25-гIа де
Соьлжа-ГIала. 2016-чу шеран дечкен-беттан 25-гIа де

Кегийрхойн политика кхиорехула йолчу пачхьалкхан программехь хийцамаш бина Нохчийчоьнан урхалло – керлачу редакцехь бераш тIеман кепехь кхиорна тидам бина.

2017-чу шарерчу программица дуьстича, карарчу хенахь йолчунна йукъахь керла пункт гучуйаьлла – тIеман тобанаша дешаран хьукматашна тIехь куьйгалла дар. Муьлха школаш, тIеман тобанаш йу йуьйцурш хууш дац.

Керлачу программи йукъахь нисйелла уггар дика тIеман декхарш дIакхехьарехь кечам баран конкурсаш, "День призывника" акци а. Телехьожийлехула "тIеман-патриотикан тематикехула тIеман декхарш дIадахьарна пропаганде йеш" гойтуш хиллачу программашна радио чухула йолу передачаш тIекхетта. Республикан куьйгалхочун ден Кадыров Ахьмадан винчу денна лерина хIора шарахь фестиваль хир йу берийн корматаллина лерина. Пхеа шарахь хиллачу программехь фестиваль йацара.

"Патриоталлехь кхиоран болх совбаккха а, иштта дешархойн тIеман а, пачхьалкхан белхашка ойла хилийта а" барамаш алсам лело декхаре йо хIинца школаш.

Кехатехь билгалдоккху, регионехь керла акци кхуллург хиларх – "ХIора шарахь долу "Братство" спортан игра хир ду и, Оьрсийчоьнан къаьмнийн бIеннаш шерашкахь хиллачу вежараллех лаьцна". Хьалхо оцу программмехь бара "Теркан гунашкахь долу тIеман вежаралла" барам, амма зорбанашкахь цкъа хьахийна цунах лаьцна – 2014-чу шарахь.

ТIеман дакъоша школерчу а, берийн бешашкарчу а берашна тIехь куьйгалла оьцу бохург дуьххьара Дагестанехь гучуделира. Цигахь 14 школан куьйгалло дIахьедира, керла дешаран шо долалуш регионехь леррина "росгвардин" классаш кхуллур йу аьлла. Йуьйцурш йу ХIинжа-ГIалара йалх школера а, оцу республикера бархI школера а ворхIалгIа классаш. ХIора классехь Росгвардин "жоьпаллехь йолу тоба" хир йу

"Московский комсомолецан" хаамашца, ХIинжа-ГIаларчу №34 йолчу школана ОМОН "Горец" йу тIейихкина, №46 школана – СОБР "Ястреб-Каспий". Республикан кхечу гIаланашкахь берашна тIехь куьйгалла дийр ду меттигерчу хадаран хьукматийн дакъоша.

  • Къилбаседа Кавказехь, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а Украинина дуьхьал тIом бечу эскархойн терахь дузадо къайлаха мобилизаци а йеш. Сих-сиха кхочу латкъамаш тIамера юхабаьхкинчу нахера, кхоччуш ахча схьа ца делла, тоьпан дилха санна, гIирс боцуш тIаме кхийсина, кхача ца латтийна, бохуш. "Лаамхойн" чоьте дIавазвала луучо и дина зазадоккху-охан беттанашкахь. Коьртачу декъанна уьш хьалха ницкъаллин хьукматашкахь болх бина хилла, йа хIинца болх беш болу эскархой бу. ХIора баттахь ахчанаш лур ду аьллашехь, лаамхойн терахь лахделла. Сих-сиха кхочу латкъамаш тIамера юхабаьхкинчу нахера, кхоччуш ахча схьа ца делла, тоьпан дилха санна, гIирс боцуш тIаме кхийсина, кхача ца латтийна, бохуш.
  • Нохчийн Устрада-ГIаларчу студенташ, дешархой дIагулбира, Украине оьрсийн эскарш чугIортарх лаьцна "адеквате позици" йийцархьама. Вовшахкхетар цхьанатоьхнарш кегийрхой кхето гIоьртира, нохчийн эскархой оцу тIаме стенна бахана.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дош делла, Украине тIом бан ваханчу хIора лаамхочунна 300 эзар сом ахча лург хилар, дуьйцу "Агентство" хьостано.
  • Оьрсийчоьнан исламан Кунта-Хьаьжин цIарахчу Нохчийчуьра университетера 17 студент дIаваьккхина доьшучуьра. Омрана тIехь билгалдоккху, уьш дIабахаран бахьана доьшийлан чоьхьара низамаш талхор ду аьлла. Бакъонашларъярхоша чIагIдо, сепаратистийн "ЛНР", "ДНР" мехкашкахь а, иштта Оьрсийчоьно Украинан малхбалерчу кIошташкахь а дIахьочу референдумана тIетовчу митингехь оцу студенташа гезгамашин-беттан 23-чохь дакъалаьцна ца хилар ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG