ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман йуккъехула харцонаш лелор. Нохчийн мухIажарш 2024-чу шарахь Европера арабахар


Нохчийн мухIажаршкахьа хIоттийна Европера митинг
Нохчийн мухIажаршкахьа хIоттийна Европера митинг

Евробертан пачхьалкхашкахь политикан тховкӀело лоьхучу Къилбаседа Кавказера нахана дIадахана шо Iаламат чолхе дара. Дуьненайукъарчу а, меттигерчу а бакъонашларъяран организацеша мухIажарш дIа ма ло Оьрсийчоьне бохуш, кхайкхамаш беш, векалташна хьалха митингаш а, пикеташ а хIиттайора. Амма хIетте а Интерполехула Оьрсийчоьно дечу дехаршца Европера дIахьийсабо тховкIело йоьхурш. Цхьадолчу хьелашкахь хӀинца а аьтто хуьлу адвокатийн а, бакъонашларъярхойн а и тайпа сацамаш йухабахийта. Амма диаспоран векалша чӀагӀдо: нохчий бакъболу террорхой бу боху Кремлан пропаганда тахана а лелаш хилар.

ДIабелларш а, кIелхьарбаьхнарш а

Евробертана юкъайогӀучу пачхьалкхаша маса сацон деза Къилбаседа Кавказера мухӀажарш а, тховкӀело лоьхурш а Оьрсийчу дӀахьийсор, хӀунда аьлча, уьш Ӏазап латторна а, Украинина дуьхьал бечу тӀамехь Оьрсийчоьнан эскарех дӀатохарна а кхерамехь бу. И кхайкхам бира Amnesty International цӀе йолчу адамийн бакъонашларъяран организацино 2024-чу шеран дечкен-баттахь. Цул тӀаьхьа цуьнан Европехула йолчу директоро Муйжниекс Нилса хьал ирча ду элира, низамхоша Москван дехарца Къилбаседа Кавказера мухӀажарш дӀалуш хилар, ткъа оцу йукъанна муьлхха а кхелийн цхьаьнаболхбар Украинехь тӀом хилар бахьана долуш сацийна ду.

Кхерам латтар шайггара дуьйцуш цахилар тӀечӀагӀдо Оьрсийчу дӀахьийсийначу Кавказера схьабевллачу бахархойн масалша. 2022-чу шеран чиллан-баттахь 19 шо долу нохчийн жимстаг Мурадов Дауд Францера араваьккхира. Оцу пачхьалкхан Ӏедалша Оьрсийчоьнан хьаькамашка дIакхачийна хиллера, цо тховкӀело йоьхучу заманчохь шех лаьцна чукхачийна хилла боллу хаамаш, ур-атталла цуьнан гергарчу нахах лаьцна а. Цул тӀаьхьа Мурадов кхелхира Оьрсийчоьнан набахтехь, цуьнан наха дIахьедира, цунна дӀовш делла хилла аьлла.

Стохка аьхка Австрехь ша шена тоьхна велира 40 шо долу дагестанхо, цуьнан цIе зорбанашкахь йоккхуш йац. Оьрсийчу дIахьажон масех сахьт дисинчу хенахь нисделла хIума дара и. Кельнера а, Венера а килсашкахь теракт кечйеш хилла аьлла, шеконаш йара цунах, делахь а, бехкаш тIечIагIдина дацара. Лаьцнарг Оьрсийчу дIахьажон сацам бира – шена тIехь цигахь Iазапаш лелорна кхоьруш волу иза, ирхъоллавеллера камери чохь.

Гезгамашин-баттахь хиира, кхечу къаьмнех болчу нехан гIуллакхаш луьстучу Польшерчу урхалло гоьваьллачу политикан блогерна, шейх Мансуран цIарахчу Ичкерин батальонан пресс-секретарь хиллачу Белокиев Исламан статус йуха толлуш хиларх. 2004-чу шарахь дуьйна Европехь вехаш ву иза, ткъа Оьрсийчохь иза пхеа бехктакхаман гӀуллакхехь бехкевеш ву, дукха хан йоццуш "арахьарчу агентийн" тептаре а йазвира иза.

Гезгамашин-бутт бовш Польшин Iедалхоша Оьрсийчоьне дIавелира Нохчийчуьра вахархо Акиев Iаьлви. Иза бехкевора "терроран" артиклехула Шемахь хилла аьлла. Цунах кхин дIа хилларг хууш дац.

Оьрсийчоьно Интерполе динчу дехарца гезгамашин-беттан 29-чу дийнахь Сараевон аэропортехь кхаа бераца лаьцначу Нохчийчуьра йахархочун Хадисова Селимин дийцаро йоккха гIовгIа эккхийтира диаспорехь. Оьрсийчохь иза бехке йеш йу "Исламан пачхьалкх" шех олучу дуьненаюкъарчу терроран организацино Ӏуналла дечу дозана тӀехь цхьана заманчохь йаьхна аьлла. Хадисовас тӀе ца дуьту и бехкаш, дӀахьедо, ша тӀаьхьарчу шерашкахь Туркойчохь йехаш йара – цкъа а Шемахь хилла йац ша бохуш. Лаьцначул тӀаьхьа нана а, бераш а тайп-тайпанчу центрашкахь дӀатардира, бакъонашларъярхой а, адвокаташ а йукъагӀортар бахьана долуш гIуран-беттан йуьххьехь маьрша а йаьлла, шен берех дIакхийтира иза. Хадисова Селимина гӀортор йеш митингаш хилира, кхело цунна экстрадици йеш бина сацам юхабаккхале хьалха Венехь а, Брюсселехь а, Парижехь а.

Юристийн а, диаспорин векалийн а гӀоьнца Австрехь вехаш хиллачу нохчийн мухIажарна Мусиханов Жабраилна йан лерина экстрадици йухайаккхийта аьтто белира. Хадисова санна, йеххачу хенахь Туркойчохь Ӏийна ву иза а. Цунах бахьана хилира Оьрсийчоьнан низамхоша Интерполехула цунна экстрадици йар тIедожо. Лаьцначо ша а тӀе ца дуьту, шен террорхошца уьйраш хилла бохург, оцу йоллу заманчохь ша Туркойчохь дарба деш лелла хиларх а кхетош. Мусиханов цIе ца йоккху цамгар токхуш ву, лаьцначу йукъанна а Венерчу дарбан цӀийнехь латтош вара иза.

25 шо долу Цинцаев Муслим 2024-чу шеран мангал-баттахь Францехь лаьцнера, хӀинца а Френ гIалин набахтехь латтош ву иза. Оьрсийчоьне иза дӀавала дагахь, цуьнан хаттар луьстуш ду Ӏедал, ткъа нохчийн диаспорин а, бакъонашларъярхойн а векалша цунна мухӀажиран статус йалар доьху. Цинцаев Оьрсийчоьне дIавала мегар дац бохуш, митингашка бийлира нах Австрехь, Бельгихь, Францихь.

ГIуран-бутт чекхболуш Австрино дIавелира Оьрсийчоьне Балаев Азамат. Хьалхо оцу пачхьалкхан набахтехь шена тоьхна хилла пхи шо хан йаьккхина а вара иза, радикалан исламисташца воьзна хилла аьлла. Цул тIаьхьа цунах хIун хилла хууш дац.

Тхан редакцино къамел дира нохчийн бакъонашларъярхошца а, жигархошца а 2024-чу шарахь мухӀажаршка болу хьежамаш муха хийцабелла, муьлха проблемаш йисина хIинца а йерзоза, йукъараллин гIоьнца уьш Оьрсийчоьне дӀабалар йукъахдаккха йиш юй бохучух лаьцна.

Дадуев Iийса, "Европера нохчийн Ассамблейн" координатор

Тхоьгарчу хаамашца, хӀора шарахь 5-6 эзар гергга мухӀажир ву Нохчийчуьра Европе дӀаоьхуш. Церан идар цхьана дийнахь а сецца дац. Цуьнца цхьаьна цхьайолчу пачхьалкхийн Ӏедалша, схьагарехь, мухӀажарш дIасалелачохь леррина цхьана Iалашонца раьгIнаш хIиттайо. Цундела, Хорватин дозанехь рогӀехь 50 гергга стаг ву, ткъа цхьана дийнахь итт стагал сов чекхволуьйтуш вац – иза а берашца цхьана болу цхьа доьзал хуьлу. Дуккха а деношкахь хан йайъа дезаш бу и нах дехьадовларе сатуьйсуш.

Нохчийн мухӀажарша Хорвати хоржу, хӀунда аьлча, иза Балканерчу кхечу пачхьалкхашца доза долуш йу, цига кхача атта ду, ткъа иза Евробертан декъашхо а йу. Цигара дIа дуккха а мухӀажирш кхин дӀа Германе а, Франце а, Австре а, иштта кхинйолчу мехкашка а дӀабоьлху. Цхьаберш тӀаьхьа йухаберзабо Хорвате, уьш дуьххьара тӀеэцначу пачхьалкхе, амма дуккхаъберш Iадбуьту, тховкIело йоьхуш цара цигахь чуделла кехаташ листина довллалц. Масала, Германехь и процедура масех шарахь дӀайахьа тарло. Халахеташ делахь а, и статус луш берш масех процент бен ца хуьлу. Кехаташца тоьшаллаш дан аьтто хуьлу церан, шайна даймахкахь кхерам бу аьлла. Вукхара дуьхьало йар къовсу, йа хIинций-хIинций пачхьалкхера арадоху шаьш бохуш, ладоьгIуш буьсу.

Депортаци йар ца сацийра 2024-чу шарахь. Оьрсийчоьнца дуьххьалдIа хӀавааэхула зӀе ца хиларна, кхоалгӀачу пачхьалкхашкахула Къилбаседа Кавказера нах арабоху Европерчу Ӏедалша. Кхин цхьа хIума а даьржинера кху шарахь: кхелан сацамаш даима бохург санна къоман кхерамзаллин сервисийн жамӀашна тӀехь бен ца хуьлу. Нагахь санна, и стаг шеконехь велахь, йа радикалан исламисташ лоруш болчаьрца зӀене ваьлла хилахь, оцу буха тӀехь махкара араваккха мега иза. Оьрсийчохь цуьнгахь Ӏазап латтор ду, ур-атталла и стаг вен а тарло бохуш, бакъонашларъярхоша мел бина кхайкхамаш тергал ца беш буьту кхелаша.

Сулейманова Фатима, "Цхьааллин ницкъ" болам

Дукха хан йоццуш Шеман куьйгалхочун Башар Асадан Ӏедал доьхначул тIаьхьа Европехь кхайкхамаш бо Шемара мухӀажаршка, шай цӀа дерза бохуш. Амма нохчашна ишттаниг ца хуьлу, республика хӀинца а Оьрсийчоьнан оккупацехь хиларна.

Билгалдаккха догӀу, "Исламан пачхьалкх" кхоллайелчхьана нохчийн мухӀажаршна тховкӀело йаларца доьзна хьал хаалуш телхина дара. Оцу йукъанна Кадыровн Ӏедало йеш йолу репрессеш кхидӀа а кхуьуш йу, Нохчийчуьра уьду нах алсамбовлуш бу.

Украинехь тIом а баьлла, Оьрсийчоьнна дуккха а санкцеш а, дехкарш а кхайкхийначу хенахь Къилбаседа Кавказера бахархошна депортаци йарехь хIуммаъ а хийца ца делира. Мобилизацих уьдучарна тховкӀело муххале а ца йелира, Югославин хиллачу масех пачхьалкхехь луьрала лелийра цаьрца. Сингаттаме хьал дуьсуш ду Польшехь а, Францехь а, къаьсттина Оьрсийчоьнехьа болу синхаамаш кхуьуш йолчу Австрехь а.

Уггаре а эвсаре гӀо дан некъ буьсуш бу йукъараллехь гӀовгӀа йаккхар. Цунна масалш ду Гериханова Аминин гӀуллакхца а, ткъа иштта дукха хан йоццуш Хадисова Селимица Iоттаделларг а.

Бакъоларйаран "Вайфонд" организаци

Украинехь буьззинчу барамехь тӀом болабеллачул тӀаьхьа Оьрсийчоьне мухIажарш дIабалар сацийра, амма 2024-чу шарахь тхоьга тоьшаллаш кхечира, нохчашна йуха а депортаци йарх лаьцна. Масала, Германино и тайпа махкахбахарш Тбилисехула дӀахьо, цуьнца шаьш Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурашца дуьххьалдIа зӀе хуьлучух ларлуш ду шаьш а бохуш.

Иштта тхоьца зӀене бевлира Польшехь къиза низамаш дохорах факташ йалош, тхуна девзаш шиъ гIуллакх ду, Польшин дозанхоша Калининградан кӀоштарчу къайлахчу сервисийн дозанхойн белхахошка Кавказера нах дIабаларх лаьцна.

Халахеташ делахь а, Нохчийчуьра тӀебаьхкинчара тховкӀело йоьхуш чу делла дехарш листарца долу хьал а толуш дац. Мелхо а, Германехь нохчашна хьалха лаьтта sicherheitsrechtliche Befragung олу талламбар (немцойн маттахь: "кхерамазаллин низамашкахула хеттарш дар" – (Редакцин билгалдакхар). И процедура дӀахьо кхечу пачхьалкхашкара бахархойн гIуллакхаш луьстучу урхалло, мигрант схьаваьллачу меттиган буха тӀехь. Цул тӀаьхьа Нохчийчуьрчу дуккхаъчу нахана статус ца йелира, уьш немцойн йукъараллехь дика интеграци йеш боллушехь а.

Бакъонашларъяран организацешкара сан накъосташа а, ас а 2024-чу шарахь кхин дӀа а гӀо дира Нохчийчуьра баьхкина тховкӀело лоьхучарна, церан цӀарах Евробертан миграцин а, кхелан а хьукматашна хьалха дехарш а деш. Амма дукхаъчу меттигашкахь бакъонашларъярхоша бина кхайкхамаш тергал ца беш буьту, ткъа кхерамзалла лоьхурш Оьрсийчу дӀахьийсабо, цигахь цхьаболчарна тӀехь гӀело а йо, набахтешкахь йаккхийта йеха хенаш а йетта.

Дунаева Роза, Нохчийн ичкерия Республикин Австрера векал

Цхьа могӀа Европерчу пачхьалкхашкахь адамийн бакъонаш ларъйарца доьзна миграцин политика а, нохчашца харцо лелор а 2024-чу шарахь жигара делира. Стереотипашна тӀе а тийжаш, шеконечу бехкашца махкахбахаро, йа уьш махкахбохучу Оьрсийчохь баккъалла а болу кхерам тидаме ца эцаро, дуьненайукъара бакъонаш ларъйарца доьзна даккхий хеттарш кхуллу.

Нохчий Оьрсийчу йухабахийтар баккъал а церан дахарна кхераме хила мегаш ду. Дуккха а тоьшаллаш ду депортаци йинчарна ницкъбина, лецна, уьш Украинерчу тӀаме дӀахьийсийна а.

Нохчех, Къилбаседа Кавказера къаьмнийн кхин болчу векалех а санна, кест-кеста Iиттало тӀаьхьарчу шерашкахь Интерполехула лоьхуш хиларца йоьзна проблемаш. Дуккха а мухӀажирш, къаьсттина Нохчийчоьнан а, Оьрсийчоьнан а Ӏедалхошна жигара критика йеш берш, цхьа а бух боцуш, терроризмана а, экстремизмана бехке бан мегаш бу. Ткъа Европера бакъоларйаран органаш дукха хьолахь тешаш хуьлу шайн Оьрсийчуьрчу белхан накъостех. Австри а, Германи а санна йолу пачхьалкхаш Москваца конфликташ ца хилийта гӀерта, йа ларлуш хуьлу, Къилбаседа Кавказера мухӀажарша шайн пачьалкхашна кхераме бу бохуш.

Кхин цхьа тоба йу - Шемахь бахархошна йукъахь хиллачу тӀеман декъашхой, цигахь лелаш террорхойн вовшахтохараллаш хилар бахьана долуш шеконашкахь латташ бу уьш. Диктаторна Асад Башарна а, Оьрсийчоьнан эскархошна а дуьхьал хиллачу оппозицин ницкъийн могӀаршкахь тIемаш беш уьш хиллехь а, Европерчу Ӏедалша, духе кхиа ца гIерташ, муьлхха а конфликтехь дакъалаьцнарг шайн пачхьалкхашна кхераме лара тарло.

Со тешна йу, Европехь бехачу нохчашна чIогIа оьшуш хиларх кегийрхой меттигерчу йукъараллехь дIаэбан хьелаш кхоллар, даим кхоьруш а ца Iаш, маьрша дахар хилийта аьттонаш кхуллуш.

2024-чу шарахь Швецехь а, Австрехь а, Бельгехь а, Францехь а полицино а, хаамийн гӀирсаша а, дахаран хьелашца доьзна лилхинчу девнех лаьцна йаздеш, билгалдоккху и нах стенгара схьабевлла бу, нагахь санна, уьш Къилбаседа Кавказера белахь. И хьежам дискриминацин а, йоцу цIераш кхолларан а лору диаспорин векалша.

  • ТIаьххьарчу шерашкахь Францино шайн пачхьалкхера арабаьхна иттаннашкахь нохчийн мухIажарш, мехкан маршонехьа къийсам латтийнарш а, ишта Кадыров Рамзанан рожо хьийизинарш а, чIагIдора Comité Tchétchénie, Habitat-Cité организацийн векалша. Билггал уьш маса ву хууш дац. Хууш ду царна, депортаци йечийн гергарчара хаийтинчу гIуллакхех лаьцна.
  • ГIалгIайн орамаш долу, БуьритIехь веха 40 шо долу Мейриев Руслан лаьцна Бельгерчу Ӏедалан дехарца. Терроризмаца иза воьзна ву аьлла, шеко йолуш бу цунах. Цунна бехкаш дахкарх кхин кIорггера хууш хIума дац. Оьрсийчоьнан Ӏедалша лехамашка веллера Мейриев аьлла, хьалхо дийцира нохчийн бакъонашларъярхочо Газиева Фатимас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG