ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ТIом бе бохуш корта бетта, амма дIабохка дуьхьал хуьлу". Кадыровн бIегIийла йоцу факташ


Кадыров Рамзан "Новые горизонты" платформехь студенташца видеоконференцехь

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан оьрсийн дешархошна а, студенташна а хьалха вистхилла "Новые горизонты" платформан декъехь. Нохчийн Украинерчу "лаамхойх" лаьцна дийцира цо, иштта хьийхира президентана Путин Владимирна гонаха цхьанакхетар. Кадыровн къамелехь дукха факташ галъяхна, йа лерина дIахьулийна а яра, билгалдаьккхина Кавказ.Реалиица къамел динчу эксперташа.

Ткъе итт минотехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дина къамел мехала ду, Оьрсийчоьнан Украинана дуьхьал болчу тIамера нохчийн тобанашкарчу эскархойн терахь цо дуьххьара хьахорна.

"Тахана тхан цигара кIентийн терахь кхо эзар гергга ду. Сан тIеман практика ю – юьхьанца [тхан] гIалаташ дара, жимма кхачамбацарш дара, амма хIинца 100% планаца догIуш ду дерриг", - аьлла Кадыровс.

Украинан латтанашна оккупаци еш дакъа лаца деза "хIора бусулбачу стага", аьлла хета Кадыровна. "Омра дацахь а" тIаме ваха "декхар" хиларх дIахьедина цо. "Далла хастам бу, омра долуш а. Шуна ган ма гина вайн кIенташа яххьаш тIехь къажар, долуш тIемаш деш", - аьлла регионан куьйгалхочо.

Оцу дIахьедаршна комментарий луш, бакъоларъярхочо Янгулбаев Абубакара бIегIийла йоцу факташ хьулъян гIертарна тIе тидам бохуьйту. Цунна гарехь, Кадыровс жоп ца делла Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал баьккхинчу тIамехь нохчаша дакъалацарх.

Маса нохчо кхелхина? Мила лазийна? Йийсаре мила лаьцна?

"Фактологин агIор дуьстича, Кадыровн къамел популистийн а, хьекъал доцуш а дара. Цигахь хьулйина шортта бIегIийла йоцу факташ яра, эмоциалан къамел дара иза. Эфиран чакхенгахь хеттарш диссира сан: Маса нохчо кхелхина? Мила лазийна? Йийсаре мила лаьцна? Мила ву цомгаш, мила ваьлла юха? Доьзалшна хIун хьелаш латтадо?" – дагардо къамелдечо.

Оьрсийн Iедална шайн салтешка йолу ойланах лаьцна хаттарна Янгулбаевс ша жоп ло: "Тахана цара корта бетта кегийрхошка президент ларван дIахIитта бохуш, амма кхана реза ца хуьлу белларш ларамца дIабохка, цIерш хьулйо, ткъа лазийнарш метрочухула лела соьмаш лехьош".

"Титок-эскаран" шолгIа эшелон

Шен къамелехь Кадыров Рамзана дIахьедира, рогIера Нохчийчуьра бахархой "шайн лаамехь" Украинерчу тIаме кхача дог-ойла хилар. Республикера тIеман декъийн кийча хиларан лаккхара мах хадабо Кадыровс – цо бахарехь, цара "толам боккхур бу оьрсийн эскарша гIо ца дахь а". "Лаамхой иттанаш эзаршкахь бу тхан", - тIетуьйхира цо.

Фронтан дозанера сих-сиха хаамаш кхочу бIостанехьа хьал гойтуш. Иштта, Нохчийчуьрчу Шела гIалара 70-чу полкан 42-чу дивизин масех дакъа дуьхьалдаьллера Украинехь тIом бан, цара тIедожийна шаьш Оьрсийчу юхадигар. Салтий шаьш бохург дан дуьхьалбовлар хьулдан гIерта куьйгалла, хаамбина Украинан тIеман министраллан таллархойн Коьртачу урхалло.

Шайн реза цахилар диллина дIахьедийраш, дакъойн командираша тIемаш боьлхучу уггар а кхерамечу меттигашка хьийсабо, ткъа Оьрсийчу юхабаха луурш билгалбаха Iалашонца дакъошна юкъабалабо ФСБ-н белхахой, хаамбо къайлахчу сервисаша. И хаамаш талла аьтто бац боьдучу тIеман хьелашкахь.

Кепаш хIиттош видеош яхарна шайх "тикток-эскарш" аьлла цIе йахначу кадыровхойл совнаха, украинхойн дуьхьалонца ца ларадо дерриг оьрсийн эскар а, боху Украинерчу тIеман зуламашна документаци ечу тобанан декъашхочо, профессора Савва Михаила.

"ХIинца гушдерг оьрсийн эскаран чIогIа меллаша чугIортар ду. Цхьаццанхьа уьш украинхойн дозанан кIоргене кхочу, цхьаццанхьа юхабовлу. Вуьшта аьлча, тIелатар дац иза, мелла а позицин тIом бу. Ала хала ду кадыровхойх хуьлучух – окопаш чохь Iа, йа шолгIачу эшелонехь, аьлча а, шайна карадирзинрг леладо", - билгалдаьккхина къамелдечо.

"Иттанаш эзарнаш" Украине баха луучу нохчех лаьцна дIахьедарш харцдо бакъоларъярхоша а. "Вайфонд" ассоциацино дIахьедира, Украинана дуьхьал тIом бан бохуьйтучуьра кIелхьарбовла некъаш лоьхучу Нохчийчуьрчу бахархоша шайга гIо дехарх. Дайначу кIирнах республикехь шортта нах дIалецарх хаамаш кхочура - "лаамхой" санна луларчу пачхьалкхе тIаме баха дуьхьал хилахь бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьал дохур ду бохуш, кхерамаш а туьйсу царна.

Оппозицин 1АДАТ боламо хаамбина Нохчийчоьнан кеп-кепарчу кIошташкара лечкъийначу нахах лаьцна. Боламан куьйгалхочо Янгулбаев ИбрахIима дийцина, цхьахйолчу къайлахчу набахти чохь 100 стаг ву латтош, кхечухь – 30. Телеграм-канало нахалаяьккхира лаьцначу шиннан цIе – Хайтаев Ислам а, Хануев Минкаил а. ТIаме хьажорах кIелхьарбовла гIертачарна юкъахь иштта бара заьIапхой а.

Цхьанна а ца вевза Кадыров

Дешархошна а, студенташна а хьалха къамел деш Кадыров Рамзана дийцира, 90-чу шерашкахь нохчийн дуьхьалонан бIаьхой хIаллакбан хиллачу "аьттонах" пайда ца эцарна ша сагатдарх лаьцна. 1996–1998-чу шерашкахь тахана санна хьежамаш хиллехьара, хьал довзина хиллаехь, аса Басаев а, Хаттаб а, биссинарш а хIаллакбийр бара, сайн аьтто болучу хенахь. ШолгIа тIом а хир бацара. Сан доккха гIалат ду, иза ган хьекъал сан ца тоарна", - аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Чеченский Богдана – Украинехьа тIом бечу лаамхойн Шейх Мансуран цIарах йолчу тобанан хаамийн сервисан куьйгалхочо – чIагIдо, Кадыровн 90-чу шерашкахь йа ницкъ, йа ресурсаш яцара аренан бIаьхойх цхьа а вен.

"Ах хьекъал долу кхиазхо Кадыров цхьанна вевзаш вацара, моллан Кадыров Ахьмадан кIант санна бен. Нохчийн-оьрсийн дуьххьара тIом боьдуш иза масийттаза арахьарчу журналистийн объективаш кIел нивелла, шен деца тIемалой болчу ярташка вахча. И ду цуьнан дерриг тIеман гIуллакхаш", - дийцина Кавказ.Реалиица къамел динчо.

Ах хьекъал долу кхиазхо Кадыров цхьанна вевзаш вацара, моллан Кадыров Ахьмадан кIант санна бен

Шен къамелехь Кадыровс иштта дIахьедо, Украина "кIелхьаряккхар" мел а сиха хир дара, "президенто нах а, гIаланаш а ларъе аьлла, омра ца деллехь". Кадыровхой а, Росгвардин эскархой а Бучехь шортта нах байъарна бехке бу, дуьйцура Reuters агенталло.

"Новые горизонты" марафонехь Кадыров Рамзана аьлла Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир шена "массо а хIуманна тIехь масале ву". Ала дашна, шен къамелехь Путин Владимиран цIе лелийра цо универсалан жоп санна.

Кавказ.Реалиино хьалхо хаамбора, Нохчийчуьрчу дешархошца, студенташца Украинерчу тIамах къамелаш дарх лаьцна. Республикан кIошташкахь шортта дешархой дIагулбо, пачхьалкхан хьукматашкахь дийцарш до, маьждигашкахь хьехамаш до, арахь газетийн лерина арахецарш доькъу, меттигеррчу телехьожийлан прайм-таймехь леррина пропагандин программаш гойту. Амма дукхачу хьолехь цара далон тоьшаллаш хьалха дуьйна харц хилар гучудаьллачу хаамашна тIехь лаьтташ хуьлу.

***

Стигалкъекъа-беттан 23-гIа де – тIеман 89-гIа де ду. Советан Союзан исс шарахь Авганистанехь хилла долу эшамаш хилла, хетарехь, Оьрсийчоьнна Украине чугIортаран кхаа баттахь. Цунах лаьцна дуьйцу Великобританин къайлахчу сервисаша. Украинан президентан офисан хьехамчас Подоляк Михаила дIахьедина, Оьрсийчоьнна дуьхьала болчу тIамехь герз кхийсар сацон дагахь яц Киев, оьрсийн эскарш цара дIалецначу латтанаш тIера дIадахалц.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG