ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIом болабелчхьана Кадыровс 26-зза дIахьедина Мариуполь кеста схьайоккхур ю аьлла


Мариуполь, Украина
Мариуполь, Украина

Зазадокху-беттан 4-чуьра схьа дуьйна шен телеграм-каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана 26-зза дIахьедина, оьрсийн эскархоша а, иштта Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министарллан полкан дакъоша а, Росгвардино а юкъаерзийна украинхойн Мариуполь кеста схьайоккхур ю аьлла.

Оьрсийчоьнан тIеман агрессин коьрта ньюсмейкер хиллачу нохчийн политикан постера цхьадолу йозанаш далийна Кавказ.Реалиино:

"Кхин цкъа а кхайкхамбо Мариуполехь болчаьрга маса карагIо аьлла, суьйранна тIаьхьа хир ду… Юха а боху ас: суьйранна тIаьхьа хир ду" (Зазадокху-беттан 14-чохь), "Гергарчу хенахь Мариуполь ерриг а цIанйийр ю бандеровцех а, шайтIанех а" (Зазадокху-беттан 15-гIа), "тIейогIучу заманчохь Мариуполь ерриг а мукъайоккхур ю бандеровцех а, церан цIоганчех а" (Зазадокху-беттан 27-гIа), "Дукха хан ца йиссина Мариуполь ерриг а маьршаяккха" (Зазадокху-беттан 31-ра), "Оьрсийчоьнан ницкъаллин урхаллаша латтош ю гIала.. Дукха хан ца йисина Мариуполь ерриг а цIанйийр ю бандеровцийн пхьаьрчех" (Охан-беттан 1-ра).

ГIишлойн доккхаха дакъа хIаллакдеш, тIейеттачуьра ца сацош бахначу баттахь а, гIалин блокада йинчул тIаьхьа а, украинхойн тIемалоша шайн куьйгакIел латтош ю Мариуполян цхьа могIа кIошташ.

"Беламе ду цуьнан дешнаш хIинца. Сонта хIуманаш дуьйцучуьра соцуш вац Кадыров. Цуьнан кадыровхойх а хьакхало и - къоланаш деш, оьрсийн эскархоша ханна контроль латточу кIошташкахь суьрташ хIиттон видеош яхар бу церан болх", - аьлла Кавказ.Реалиига Мариуполь Iалашъечу, Украинан Къоман гвардина юкъайогIучу "Азов" полкехь.

Оьрсийчоьнан эскарша 90 процентна хIаллакйина Мариуполь, оцу юкъанна ханна дIалаьцна шина кIоштан дакъа, вукху меттигашкахь боьлхуш тIемаш бу, боху тIеман декъахь болчара.

Видеош яхархьама гайтаман тIемаш беш бу кадыровхой, "тIемаш бо яьссачу гIишлошца, йа корашца, йа светофорашца", - билгалдаьккхира "Азовн" векало.

  • Телеграм-каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, украинхойн Мариуполь схьаяьккхина бохуш, зорбане йохучу видеон доккхаха долу дакъа кечдина гIалин Оьрсийчоьнан дозана уллорчу Левобережный кIоштахь. ЧIагIдарца, кадыровхоша кхиамца меттигаш дIалоьцучу операцех йохучу дукхахайолчу видеош тIехь кадыровхой бу Казачество скверан дозана тIехь.
  • Хьалхо украинхойн Iедалхоша кадыровхой бехке бу элира Буча, Гостомель, Ирпень гIаланашкахь маьрша нах байарна. Доккхачу декъанна, Украинан президентан офисан куьйгалхочо Арестович Алексейс зорбане даьккхинчу оцу тептарехь Оьрсийчоьнан 13 дакъа дара, ю царлахь Кадыровн цIарах йолу 141-ра полк а.
  • Украинан дозана тIехь тIемаш беш хаабелла Кадыровн гонера, даккхийчу политикан зуламашна бехкебина нах. Доккхачу декъанна, оппозицин политик Немцов Борис вер вовшахтохарна бехкевен Геремеев Руслан а, иштта, нохчийн блогер Алиев Iимран (Мансур Старый) верна бехкехета Мамадиев Iусман а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG