ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ткъе кхоъ шо хьалха стаг лачкъон гIортарна кхеле хIоттийна гIалгIа


ГIалгIайчуьрчу Наьсаран кIоштара ТIой-Юьртахь лаьцна, 23 шо хьалха стаг лачкъийна аьлла кхоллаеллачу шеконашца, 48 шо долу меттигера вахархо Телигов. Оцу шерашкахь бакъонашларъяран органех лечкъаш лелла иза делахь а,Кавказ.Реалиига Талламан комитетан векало дийцарехь, иза лехар сацийна а дацара.

Телигов декъах волуш хилла инцидент I998-чу шарахь нисъелла, ГIалгIайчоьнца дозанехь йолчу Къилбаседа ХIирийчуьрчу Пригородный кIоштан Майский олучу эвлахь. Кхо стаг, царлахь хила тарло Телигов а, машен эца дагахь хиллера. Юхкучу стеган машенчохь нисбеллачу цара, герзаца кхерамаш а туьйсуш, тIелетар динера цунна. Царна дуьхьал тасавеллачу машенлелорхочун ка яьллера ведда вала. Иштта къайлабевллера тIелеттарш а.

Дукха ца Iаш царех цхьаъ лецира, йоккха хан а туьйхира цунна. Цуьнца хилларш федералан лехамашка беллера.

"Телигов лецира иза вехачу ТIой-Юьртахь. Къайлах лелаш хилла иза, йа маьрша ваьхна ала хала ду, амма шерашкахь само мел а лахъеллера цуьнан", - дийцина Кавказ.Реалиига талламийн органийн векало.

"Стаг лачкъор", "Талор" олучу шина артиклехь бехкзуламан гIуллакх айдина Телиговна дуьхьал.

  • 1998-чу шарахь Къилбаседа ХIирийчоьнан вахархо лачкъийна хилла цо аьлла, гIалгIайн Троицкое эвлара 54 шо долу Кациев Юнус лаьцнера Товбеца -баттахь шеконашца. Оперативан информацица, нах лечкъош, цаьргара бертаза ахчанаш дохуш лелачу регионашна юкъарчу ялх стагах лаьттачу тобанехь хилла ву иза.
  • Чиллан-баттахь БуьритIерчу 41 шо долчу Оздоев Мохьмадна ворхI шо туьйхира колонехь даккха, 21 шо хьалха нах лечкъорна. 20 шарахь Адыгейхь харц кехаташца лечкъина ваьхна хиллера иза.
  • Стохка Зазадокху-баттахь 23 шо хьалха оцу кепарчу зуламна бехкевина Къилбаседа ХIирийчоьнан Пригородный кIоштарчу Тарское эвлара Чаниев Хьамзат а гучувелира. Шен юьртахо лачкъийначу цунна колонехь даккха пхи шо хан кхайкхийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG