ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талибашка кхайкхам бина 70 пачхьалкха, лууш верг махкара аравалийта аьлла


Афганистан -- Адамаш Кабулерчу аэропорте хьевдда талибаша президентан х1усам д1альацначул т1аьхьа, Марс.16, 2021
Афганистан -- Адамаш Кабулерчу аэропорте хьевдда талибаша президентан х1усам д1альацначул т1аьхьа, Марс.16, 2021

Талибаша мохк дIалаьцначул тIаьхьа 50 гергга пачхьалкхо а, Евробарто а цхьаьна дIахьедар дина, Афганистанера арабовлийта аьлла берриг а лууш берш - кхечу пачхьалкхашкара нах а, меттигера бахархой а. Цунах лаьцна хаам бо Свобода Радионо.

"Некъаш а, аэропорташ а, дозанаш а, схьадаьстина хила а деза, паргIато латто а еза. Афганан халкъ хьакъ долуш ду кхерамазаллехь а, ларам болуш а даха", ткъа дуьненаюкъараллан декъашхой кийча бу цунна гIо дан, аьлла ду оцу пачхьалкхаша тIеэцначу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто даржийначу дIахьедарехь.

КIиранан дийнахь талибаша (дуьненаюкъара "Талибан" болам бихкина бу Оьрсийчохь иза терроран бу аьлла), еш дуьхьало а йоцуш, дIалецира Афганистанан коьрта гIала – Кабул, ткъа тIаьхьо дIалецира президентан хIусам а.

Президент Гани Ашраф дIавахна пачхьалкхара, тIаьхьо гуманитаран катастрофа ца хилийта лууш ву ша аьлла цо. Гани мичахь ву хууш дац. Цхьаболчу хаамашца, иза ведда Таджикистане, амма оцу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедина, Таджикистанан стиглахь афганхойн политикан кема гучудаьлла дац аьлла. Кхечу хаамашца, Гани дIалеечкъина хила мегаш ву Узбекистанехь.

"Талибанан" тIемалой Кабулехь дIатарбелла ерриг гIалахула. Цара дIалаьцна дассаделла полицин дакъош а.

Кабулерчу дуьненаюькъарчу аэропортехь гулбелла эзарнаш нах. Герзаш деттар бахьана долуш коммерцин рейсаш совцийнера кIиранан дийнахь. Малхбузера пачхьалкхийн тIеман контингетех дисинчу эскаран дакъоша, коьртачу декъана америкахоша, ларйеш йолчу Кабулерчу аэропортехь дIатарбелла малхбузера дипломаташ.

Оршотан дийнахь бIеннаш адамаш тIеховша гIоьртира лаьттачу кеманашна. Американ эскархоша герзаш кхийссира, уьш совцош.

"Талибан" боламан векало "Аль-Джазира" телеканалана интервью луш дIахьедина, Афганистанехь тIом дIабирзина, ткъа махкахь хир долчу Iедалан кеп гергарчу хенахь билгалйоккхур йолуш ю аьлла. Хьалхо Reuters агенталло хаам бинера, "Талибанан" шина векална тIе а тевжаш, талибаш ладоьгIуш бу шайга дерриг а Iедал схьадаларе аьлла.

"Талибанан" политикан бюрон векало Наим Мухьаммада дийцарехь, талибийн Iалашо яц цхьа а дипломатийн мисси. Цо чIагIдарехь, цара кхерамазалла ларйир ю кхечу пачхьалкхийн бахархойн а, ткъа иштта Афганистанера кхечу пачхьалкхийн миссийн а. Цул сов, Наима чIагIдарехь, талибаш кийча бу махкарчу кхечу политикашца дагадовларш дIадахьа. Цо иштта аьлла шаьш массера а бакъонаш ларйийр ю, шайна юкъахь зударий а болуш, амма шариIатан гурашкахь аьлла.

"Талибана" шен Iуналлехь латтийра Афганистанан доккхаха долу дакъа 1996 шарахь дуьйна 2001 шаре кхаччалц, Америко а, цуьнан бертахоша шайна дуьхьал тIеман операци йолаяллалц. "Талибанан" карарчу хенахь тIелатар доладелира, оцу махкара Американ эскарш арадохуш а долуш. Иза дIадерза дезаш ду хIара, Марсхьокху-бутт чекхболуш.

Хьалхо хаам бина ма хиллара, Оршотан дийнахь, Марсхьокху-беттан 16-хь Афганистанера хьал дуьйцур ду Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан кхеташоно.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG