ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тоьпаш тоьхна вийначу ГIалгIайчуьрчу вахархочун доьзална 20 эзар евро дала дезар ду Оьрсийчоьнан


Страсбургера адамийн бакъонашкахула йолу кхел
Страсбургера адамийн бакъонашкахула йолу кхел

2010-чу шарахь тоьпаш тоьхна вийначу ГIалгIайчуьрчу вахархочун Цечоев Гиланин доьзалехьа сацам бина Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ). Цуьнан вахаран бакъо йохийна хилар тIечIагIдинчу кхело вийначун доьзална 20 эзар евро компенсаци хIоттийна, хаамбина "Правовая инициатива" проекто (арахьарчу агентийн тептаре яьккхина проект - редакцин билгалдаккхар.).

2010-чу шарахь Марсхьокху-беттан 24-чохь шен мазлагIехь хиллера Цечоев Гилани, тешаша бахарехь, номерш йоцу машен иза волчу еача. "Камуфляжан барзакъах тера долчу духарца а, герзашца а нах" охьабисира машенчуьра, Цечоевн документаш хаьттира цара. Кехаташ схьадан иза чувоьдучу хенахь букъах герз диттинера цунна.

Оцу дийнахь зулам динчу меттигах хьаьжнера талламхо, шолгIачу дийнахь бехкзуламан гIуллакх диллира, ткъа Лахьан-беттан 25-чохь гIуллакх сацийра толлучуьра, "бехкехетарг цахиларна".

ТIаьхьо вийначун гергарчийн дIахьедаршца, талламбар масийттазза юхадолош, сацош дара. ГIуллакх талла бохуш, ЦечоевгIеран тIедахкарш дIатеттира меттигерчу кхело.

ЕСПЧ-но билгалдоккху, гIуллакх талларехь дуккха а кхачамбацарш дара, ишта, масала, талламхошна герзашца болу нах баьхкина машен хьенан ю къаста цадалар а.

Цул совнах, гергарчарна ца кхачийра бехкзуламан гIуллакхан материалаш а, тIаьхьо тIекхочийла а ца йитира. Ишта тоьпан идентификаци а ца йира, талламо билгал ца даьккхира, Цечоев верна хилли-те бехке тIеман нах бохург а.

  • 2010-чу шарахь Дагестанехь вайначу ГIалгIайчуьрчу вахархочун Хутиев Мухьаммадан гергарчарна 60 эзар евро компенсаци ялар тIедожийна Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело тахана.
  • Терроризмна тIехула дохку бехкаш тIелаца бохуш, полисхоша ницкъбинчу Нохчийчуьрчу Оразбаев Эльдара а, Зулькарнаев Муслима а, Сатабаев Тимура а, Чапанов Iумара а латкъам бинера Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле (European Court of Human Rights-ECHR - ECHR). 2002-2006-чу а шерашкахь ницкъхоша гIело хьегийтинчу веанна 170 эзар евро компенсаци яла еза аьлла сацам бира кхелахоша Товбеца-баттахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG