ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ток еттара". Дагестанерчу журналистаца цхьаьна изоляторехь латтийначунна йина гIело


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къилберчу тIеман гонан кхело 18 шо хан тоьхна Дагестанерчу вахархочунна Кадилов Шемална. Царех 5 шо токхур ду цо набахтехь. Иза бехкевина тIеман гIера кхолларна а, ДАIИШ-ан декъашхо хиларна а, герз лелорна а, ницкъаллин урхаллерчу белахочунна тIе куьг дахьарна а. Юьхьанца бехканна тоьшалле хIиттинарш юхабевлла шаьш динчу дарех, уьш шайгара ницкъаша даьхна аьлла. Ткъа ша Кадиловс дуккхаза а аьрзнаш дина шена йинчу гIелонийн хьокъехь.

"Лаьий – мохь хьекха"

Кадиловн бехктакхаман гIуллакхах лаьцна яздина шен инстаграмехь терроризманна ахча латторах шеко йолуш лаьцна волчу Дагестанерчу "Черновик" газетан редактора Гаджиев Iабдулмумина. Кадиловс дийцина цуьнга шегахь ницкъхоша яллийначу къизаллах лаьцна – цхьана муьрехь юкъара хилла цушиннан камера. Гаджиевс бина хаам социалан машанашкахула баржийна цуьнан гергарчара.

2019 шеран Мангал-беттан-беттан 13-чохь вадийра ницкъхоша Кадилов, гIело а еш, шегга бехкевайтира ша а, кхин масех стаг а – уьш а баьхна цуьнца цхьана кхелах чекх. Массарна а тоьхна хенаш.

Шен бехктакхаман гIуллакх Кадилов Шемала дузу ша шайн махкахь цхьа хан хьалха Iедало лаьцначу цхьана стаганна кхелехь тIехIотта воллуш хилла хиларца. Марсхьокху-беттан 14-чу дийнахь ваха везаш хилла иза тоьшалла дан, амма лаьцна цул цхьа де хьалха. Кадиловс дийцарехь, набахтехь кхобуш волу цхьаъ тIелейтина цунна - Хаджиев Азамат ю цуьнан цIе. Ткъа иза вац цунна цкъа а вевзина а. Ша Халжиев ишта а ву, террорна бехке а вина, хан токхуш, тоьшалла дина цо талламчашка ша лаьцна валлочу набахтехь.

Со дерриг а дан кийча ву, ток кхин ма етта, ала гIертара со, амма царна бен-башха а дацара. Царна иза ловзар дара

Кадиловн шен а дезна шеца цхьана бехктакхаме озийначу шинна дуьхьал доцург дийца. Масех дийнахь ток йиттина цунна, тапчанна тIехь шен куьйган томмагIаш дита резахиллалц, яздайтина талламчаша шайна мел оьшучу кехаташ тIе куьйгаш, боху цо. Кадиловс дицарехь, Дагестанерчу экстремизманна дуьхьалоечу центран (ЦПЭ) белхахой бу цунна ницкъ бинарш.

"Со дерриг а дан кийча ву, сайна ток кхин ма етта, ала гIертара со цаьрга, амма царна бен-башха а дацара. Царна иза ловзар дара. Буса 12 сахьт даллалц хьийзийра со. Деккъа дIа аппарат тIехIуттура сох, тIам хьовзбора, соьга хьуьйсура, гIело йора, олура: "Лаьий – мохь хьекха, лаьий – ма хьекха. Ахь хьайн къамкъарг ятIаяхь а, хьо хезар вац цхьанна а", – дийцина Кадиевс, Гаждиев Iабдулмумина шен инстаграмехь яздарехь.

Кадиловс ша яздинчу орзехь дуьйцу, шена цхьамма йина оьккху коьчал караелира, хаьттира, иза хIун ю хаьий. Цо шена ца хаьа баьхна. Вукхара шаьш иза цуьнан цIа кхачор ю аьлла. Цул тIаьхьа Кадиловс куьг яздина оьккху коьчал шен хиларх даредеш.

Изоляторехь мацалла кхайкхийна Кадиловс. Прокурор веъна хилла цунна тIе, хаьттина хиллачух лаьцна, дош делла арз талла, амма ца теллина.

Бехке хилар къаьсташ дац

Талламан версица, Кадилов Шемала а, Магомедов Хьаьжис а террорхойн гIера кхоьллина, ДАIИШ-на баIат а дина. Терроран тохарш дан кечлуш минаш, оьккху коьчалш лехийта Iаьмна уьш. 2018 шеран Мангал баттахь Кантиев Камалутдин а, Избагиев Рамазан а дIакхетта царех. ХIусамех хьовсуш массеран а цIахь карийна оьккху коьчалш а, герз а, боху Iедалхоша.

ХIинжа-ГIалина гергарчу Талги юьрта йистерчу хьуьнхахь лерина операци дIахьош вийначу Сиражутдинов Назира ийзийна кегий нах гIеране, чIагIдо талламо. Полисхошна тIелата кечлуш вийна, боху, Сиражутдинов.

Бехктакхаман гIуллакхехь талламан коьрта мукъ цхьаъ бу – кегийрхой лецча даьхна дареш, цаьргара а, царна духьалхIиттийначу нахера а. Ца теллина, маца, стенгара девлла герзаш, оьккху коьчал. Ткъа тоьшаллина тIеоьзна нах юхабевлла шаьш динчу дарех кхелехь, шайга "Э" центро теIаткъамаш барца дийцийтира харцдег, аьлла.

ГIуллакх цхьа а теш а, я тоьшалла а доцуш теллина, кхеташ дац, хIун бух бу кегийрхой "Исламан пачхьалкхца" зIенехь а бу, террорхой а бу ала.

Веанна – набахтехь такха ахбIе шо

Кадиловн адвоката Нурбагомедов Мохьмада дукхаза а аьрзнаш кхехьийтина Талламан комитетан Буйнакскерчу урхалле, лаьцначунна плисхоша гIелонаш ярх лаьцна. Амма талламчаша дуьхьалбевлла, Iазапан хьокъехь бехктакхам ца айбеш.

Кадиловс ша лоцучу хенахь дуьхьало йира, иза ду цунна чевнаш яр бахьана, элира цара. Цо иза харцдо

Лаьцна масех де даьлча, дарбан хIусамехь хьаьвсина Кадиловга. Цуьнан дегIа тIехь чевнаш карийна, ира хIманца цистина хилла аьрру куьг.

"Кадиловс ша лоцучу хенахь дуьхьало йира, иза ду цунна чевнаш яр бахьана, элира цара. Цо иза харцдо. 23:40 хан йолуш лаьцна иза, буса кхо сахьт даьлча бен лен а ца вина. Стенгахь хилла оцу хена юккъехь, хоуьйтуш дац. Цуьнан бехк къастош дац я тоьшаллаш а, я цхьа а битамаш а. Шайна еттарх лаьцна аьрзнаш массара а дина", – дуьйцу Нурбагомедовс.

Ца бахарехь, кхелехь тешаша а дина дареш, шайна кегийрхошна цIийнах хьовсучу муьрехь цхьа а зуламе хIума ца гира, шайга ницкъхоша деллачу деллачу кехаташна тIе куьйгаш теIийра шаьш, аьлла. Кхелехь цхьана полисхочо дIахьедина, лецнарш лела Буйнакскера маьждиг радикалашца дозуш ду, аьлла. Кхелахоша хаьттина: хьал иштта хилча, маьждиг стенна дац тергонехь? Полисхочунна ца карийна дала жоп.

Тоъал тоьшаллаш дацахь а, талламо йинчу гIелонех, харцонех аьрзнаш деш хиллехь а, лецначарш бехке а беш, царна хенаш кхайкхийна кхело. ГIеран баьчча а лоруш, уггаре дукха хан тоьхна Кадилов Шемална – 18 шо а, 350 эзар сом гIуда а. Оццул ахча тIакха тIедожийна 17 шо хан тоьхначу Магомедов Хьаьжина а. Кантиев Камалутдинна 12 шо, Избагиев Рамазанна 11 шо кхайкхийна набахтехь даккха, гIуданаш – 200 эзар соьмаш.

Кхелан сацам нийсонца бина бац, тешна бу адвокаташ, аппляци ян кечлуш бу уьш.

XS
SM
MD
LG