Казахстанан президена Токаев Касым-Жомарта дIакхайкхийна, ОДКБ-н (Организация Договора о коллективной безопасности – Коллетиван кхерамазаллах лаьцначу Бертан вовшахтохаралла) мисси дIайирзина аьлла. Оцу миссица а догIуш, махка хьажийнера оцу вовшахтохараллана юкъахь йолчу 5 пачхьалкхан эскархой, республикерчу цхьайолчу гIаланашкахь къепедацаршка йирзина дуккха адамаш дакъалоцу дуьхьалонан акцеш хилча.
Ницкъаш арабахар долалур ду Дечкен-беттан 13-хь, цунна оьшур ду 10 де, дIахьедина Токаевс, шинарин дийнахь парламентехь къамел деш.
Оьрсийчоьно Казахстане хьажийна ХIаваан-десантан эскаран дакъош. Де хьалха ОДКБ-н контингентана буьйранчалла дечу инарла-полковника Сердюков Андрейс дIахьедира, эскарш дуьсур ду Казахстанехь "буьззинчу барамехь махкахь паргIат хьал хIотталц" аьлла.
Селхана ОДКБ-н онлайн-саммит йоьдуш Казахстанан президента Токаевс элира, тIаьххьара махкара хиламаш "пачхьалкхехь Iедал хийца гIортар" дара дакъалоцуш "террорхой, шайна юкъахь махкал арахьараниш а болуш" аьлла. Билггал юьйцурш хIун пачхьалкхаш ю ца элира цо.
Дечкен-беттан 11-хь Iуьйранна лаьрча Казахстанехь дуьхьалонан акцеш юьйлаелчхьана а, къепедацарш хилчхьана а лаьцна ву 10 эзар гергга стаг.
Алматых, гIалан комендатуро баржийначу хаамца, тIаьххьарчу дийнахь-бусий лаьцна 1237 стаг. Уьш бехке беш бу теракташ ярна а, талораш лелорна а, кхидолу зуламаш дарна а. Iедалша хаамаш бо 30 сов герз а, хIоъмолха а даьккхина хиларх лаьцна.
Хьалхо хаам бинера Дечкен-баттахь дуьхьалонан акцешкахь 164 стаг кхелхина хиларх лаьцна. Iедалша элира и терахь Iорадаккхар "техникин гIалат" дара аьлла.
Алматын гIалан суьдан зорбан-сервисо хаам бина, гIалахь къепедацаршкахь суьдхо Абраев Мурат кхелхина аьлла. Цхьа де хьалха хаам бира Жамбылан областан полицин хьаькам, инарла Сулейманов Жанат ша шена тоьхна велла, ткъа иштта кхелхина Къоман кхерамазаллин Комитетан полковник Ибраев Азамат аьлла.
- ОДКБ юкъахь ю Оьрсийчоь, Казахсатан, ГIиргIизойчоь, Эрмалойчоь, Беларусь, Таджикистан. Контингент шайн махкахь дIанисъяр дийхира Токаевс Дечкен-беттан 5-хь, Iедалан ницкъаш гIорасиз хилча къепе хIотто Казахстанан уггар йоккхачу гIалахь Алматыхь. Оцу гIалахь талораш дуьйла делира, герзашца болчу наха дакъалоцуш.
- Цул хьалха, Дечкен-беттан 2-хь Казахстанан Мангистау областерчу Жанаозен гIалахь дуьхьалонан акцеш юьйлаелира, цIеххьана газан мехаш тIетохарна дуьхьал. Дечкен-беттан 4-хь дуьхьалонан акцеша лецира ерриг а аьлча санна мехкан яккхийн гIаланаш. Церан декъашхоша экономикан дехаршца цхьаьна дIакхайкхийра политикан дехарш. Iедалша дIахьедира газан мехаш охьадаьхна хиларх лаьцна. Дечкен-беттан 5-чу Iуьйранна Токаев Касым-Жомарта дIасахийцира министрийн кабинет, амма цо ца совцийра демонстранташ.
- Юкъарчу кхерамзаллин бертан организацино (ОДКБ) эскарш кхайкхира Казахстане президента Токаев Касым-Жомарта. Уьш кхечира Казахстане Дечкен-беттан 7-чу дийнахь.