ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрехь хи чу вахана нохчийн доьзалера 3 шо долу кIант


Меттигерчу Мюлбах хи чу воьжна велла иза.

Шинари сарахь Австрерчу Ансфельден олучу гIалахь бохам баьлла нохчийн доьзалехь. Кхо шо долу кIант меттигерчу Мюлбах олучу хи чу а вахана велла церан.

Полицино бинчу хаамца, шен кхо шо кхаьчначу кIантаца гIалин уллохь Iуьллучу шайн беша вахана хилла цуьнан да. Масех минот а ца яьлла хилла цо берана тIера бIаьрг тилбина, амма и йоца хан тоьана берана жимма дехьахула охьадоьдучу хийисте ваха.

Бешана а, доьдучу хина а юккъехь ах метар лекха эчиган серийн керт хилла, делахь а беран хIинца а къаьстина йоцучу кепара кадаьлла, кертал дехьа вала. Хетарехь, ког шершина чувоьжначух тера ду иза цул тIаьхьа хичу, полици иза билгал муха нисделла бохург хIинца а къастош елахь а.

Шена бIаьрга гучура къайлаваьлла кIант хье ца луш лаха волавеллачу дена иза хи чохь Iуьллуш карийна. Оцу сохьта цу кхоссавелчу дас иза хьалаваьккхина, амма да тIекхаьчча дог гIелделла, цхьа а реакци еш доцуш хилла бер. Циггахь хийистехь беран да а, уллохь нисбелла лулахой а цу кIантана реанимаци ян гIоьртина.

Сихонца бохаман метте кхаьчна волу лор а гIоьртина иза юхаденва. Амма церан цу тIехь аьтто ца баьлла. Линцерчу университетан клинике дIавадийна, цигахь а гIиртина лоьраш и кIант денва, делахь а иза дIаваьлла аьлла къера хила дезна церан.

Ала догIу, хIора шарахь аьхке тIе а кхаьчна, нах Iаламе а, хи йистошка а иха буьйлабелча иттанашкахь хи чу а бахана, леш берш нисло Австрехь. Шинари дийнахь Зальцбурган уллохь Iома чу а яхана елла цхьа гIеметтахIоьттина зуда.

Иштта шинари дийнахь Кернтенехь Воьртерзее олучу боккхачу Iомалахь хи буха вахнера 53 шо долу меттигера вахархо а. Уллохь луьйчучарна цунна хилларг сиха гинахиларна иза юха денван кадаьлла, амма хIинца а реанимацехь ву иза.

Иштта цу махкахь бехаш болу вайнах а хуьлу кест-кеста хичохь хуьлучу бохамийн закъалташ. Йохйелча меттигера бахархой санна, шайца юург-молург а оьций, Дунай хийисте садоIа боьлху нохчийн доьзалш.

Цу хичохь луьйчуш Iедал церан дацахь а, хIетте а ши ког тIадабан а, хинах марзо эца а цунна улле ца гIуртуш ца Iа дай-наной а, бераш а. Ткъа доккхачу декъехь я баккхийнарш я, я бераш а нека дан хууш ца хиларна нисло наг-нагахь цхьаъ хино хьош, ткъа уллохь нисбеллачу баккхийчаьрга шайна а нека дан ца хаарна цунна орца ца кхачалуш.

Иштта масех шо хьалха Австрера нохчийн Iадийра цу махкахь цьана нохчийн доьзалца хиллачу бохамо – шен шина бераца Дунай йистехула схьайогIуш хиллера цхьа вайнеха зуда. Цхьа бер куьг лаьцна, важа гIудалкхи чохь хиллера цуьнан. Карара а иккхина, дедда шен доккхах долу бер хичу кхетча, цунна тIаьхьа хи чу иккхинера нана, иза кIелхьардаккха.

Амма нека дан ца хууш йолу нана а, доккхах долу бер а ший а хи буха дахнера. Цу юкъана жимах долу бер чохь долу гIудалкх ша шах хеца а елла, шершина, хи чу яхнера. ЧIогIа Iаьткъинера Европерчу вайнаха и бохам.

Хи тIехь орцакхачоран сервисаша а, лоьраша а кхайкхамаш бо меттигерчу бахархошка, шайна дика нека дан Iаморе а, хичохь бердайистошна дукха гена ца довларе а, хи йистошкахь берашна тIехь хаддаза тидам латторе а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG