ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дита мегар дац БухIан-юьртахь адамаллина дуьхьал дина зулам"


Нохчийчуьрчу БухIан-юьртахь Оьрсийчоьнан салташа маьрша адамаш дайар дагалецира ПетарбургIерчу юкъараллан жигархоша. 2015 шо.
Нохчийчуьрчу БухIан-юьртахь Оьрсийчоьнан салташа маьрша адамаш дайар дагалецира ПетарбургIерчу юкъараллан жигархоша. 2015 шо.

18 шо кхечи тахана БухIан-юьртарчу бохаман. Тахана и адамаллина дуьхьал дина зулам хецна ала мегарг дерриге теллина доцуш а. Жоьпе озийна ваццуьнах цхьа а стаг, билггал цигахь маьрша нах бойъуш хилларш оьрсийн эскархой а, полисхой а хиллий хууш доллушехь.

БухIан-юьртахь маьршачу нахана тIехь динчу зуламан жоьпаллин хан яц. Цигаххь хилла йолу эскархойн а, милцойн а тобанаш билгалъевлла ю. Цуьнах хууш ду бакъонашларъярхошна а, журналисташна а. Иштта цара хIоттийна список а ю цигахь байъинчеран.

Цхьацца хаамашца 92 стаг ву, кхечу хаамашца 40 ца кхоччуш стаг ву. Нийсса 18 шо хьалха 2000-чу шарахь цигахь нисбелларш дийна боллушехь жоьжахатехула чекхбевлла ала мегар ду. Ганаева Маликин цхьана дийнахь цIийнда а, воккха ши кIант а вийна эскархоша.

Ганаева Маликин цIийнда а, шиъ кIант а вийна БухIан-юьрта баьхкина хиллачу оьрсийн ОМОНхоша. 5Чил2014
Ганаева Маликин цIийнда а, шиъ кIант а вийна БухIан-юьрта баьхкина хиллачу оьрсийн ОМОНхоша. 5Чил2014

Кхо шо хьалха дина цуьнца къамел, хIинца а тидаме дуьллу: «Охьахьаьжира со, сайн жимахверг вевзира суна тIеюьйхинчу хIуманца. ТIаккха ас мохь хьаькхира. И мохь наха 20-чу участкехь а хезира, бохуш дийцира соьга.

Хьалха жимчунна тоьхначух тера дара. Иза юьстахо Iуьллуш вара. Воккхахверг ден марахь вара, Iуьллучохь. Юьстахо Iуьллу жимахверг, салаз тIе а виллина, дIахьош яра со. Эльмурзаев Рамзан бохучу лулахочун цIийна хьалха со кхочуш, цунна гира со. ТIеволавелча ас элира: «ДIавалахь, Рамзан, дIавалахь…».

Диц ца ло суна иза. Цо аьтту агIор а хIоьттина, муш а лаьцна, цхьа гIулч йоккхушехь, иза а вийра. Хала а, атта а иза а, важа шиъ а, и Рамзан а со йолчу кертахь Чиллан-беттан 6-чу дийнахь дIавоьллира ас. Зазадоккху-беттан 23-чу дийнахь кешнашкахь дIабоьхкира».

Вайн къоман бохаман денош ваьш нохчаша дагахь ца латтадахь, иза вайна хьалхара цхьамма а дийра дац аьлла хета историкна Осмаев Iаббазна. Цо кху тIаьхьарчу шерашкахь, хIора хIара де тIе моссаза кхочу шен Фейсбукан агIон тIехь билгалдоккху иза.

ТIаккха нахана, цахуучарна а, дицделлачарна а карладолу. Иза вайн дицдан йиш яц, элира цо: «Муьлххачу меттехь оцу кепара адамаллина дуьхьал дина хIума дита йиш йолуш дац дуьненаюккъерачу низамашца а.

Талла луучунна, прокуратура, я талламан комитет, я тIеман прокуратура хуьлийла иза,цаьрга иза далур дара аьлла хета суна. Дийна а бу шортта нах. Ша берриге а аьлча санна, гергара нах байъина сан накъост а ву цигахь. Вай деза а ца дезаш, мел дIатиттарх, дицдан йиш яц иза. Кхин цкъа а ца хилийта а дицдан йиш яц иза».

БухIан-юьртахь хилларг ша цхьа бохам бац иштта, жоьпалла а доцуш, лаьтташ берг. СемаIашка, СаIди-КIотар, Элистанжа, ГIойист, ШаIми-Юрт а, Соьлжа-ГIала, иштта кхин дIа а. Пачхьалкхехь кхолладеллачу политикан хьолехь уьш талларан сатийсам а бац. Цундела, наха шаьш дийцарехь, латтадо къоман эсехь и тайпа хилларш.

XS
SM
MD
LG