ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Царнаев ЖовхIарна вен кхел яр хийцарехула ладогIарш дуьйладелла Американ Лаккхарчу кхелехь


Царнаев ЖовхIар

Царнаев ЖовхIаран гIуллакхехула Лаккхарчу кхелан кхеташо йолаелира Американ Цхьанатоьхначу Штатийн юстицин министран когаметто Фейгин Эрика къамел дарца. Цуьнах лаьцна яздо "Американ аз" портало. Билггала и министралла ю 2013-чу шарахь Бостонерчу Марафонехь шен воккхаха волчу вешица цхьаьна эккхийтар динчу Царнаев ДжовхIарна вен кхел яр юхаметтахIоттаде аьлла Лаккхарчу кхеле дехар динарг.

Царнаев Тамерлан герз тоьхна вийра полисхоша иза дIалоцуш, ткъа ЖовхIарна вен кхел кхайкхийра 2015-чу шарахь.

2020-чу шарахь апеллцин кхело, и сацам юха а баьккхина, керла ладогIарш кхайкхийра кхелан сацам д1акхайкхочу тIегIанера дIа. Иштта сацам бинера Царнаевн адвокаташа латкъам беш хьахийначу шина бахьанца.

Цкъа делахь, цуьнан адвокаташа чIагIдо, бехккъасторхой хоржуш кIоршаме низам дохийна хилах лаьцна. Оцу нахах дукхахберш Iаткъам ловш бара Бостонера эккхийтар дуьйцуш зорбан гIирсашкахь айина кампани бахьана долуш. Ткъа цо шеко кхоллаялийтира уьш озабезам ца беш дов листа доьналла долуш бу бохучух.

ШолгIа аргумент йоьзна ю Царнаев Тамерлан 2011-чу шарахь кхо стаг верна юкъахьакхавелла хиларца. Адвокаташа чIагIдо, хьалхарчу инстанцера кхело БархIолгIа нисдар олу низам дохийна, кхелан процесс дIайоьдуш Тамерланах лаьцна хууш дерг тергам боцуш а дитина, бохуш.

Суьдехь бехкевечун гӀо лоцучу агӀонан коьрта аргумент яра, Царнаев ЖовхIарна тIехь кIезиг жоьпалла дара зулам дарна, хIунда аьлча Тамерлан вара цунна и идейш марзйинарг а, теракт вовшахтоьхнарг а. Тамерлана хьалха а нах байар иделогин коьрта момент хила тарлора, иза юхавоьрзур воцуш джихадан новкъавалар ЖовхIарна гойтуш йолу. Цо вуно чIогIа Iаткъам бина хила тарлора иштта а шен вешегара Iаткъам ловш волчу ЖовхIарна, боху цуьнан адвокташа.

Амма пачхьалкхан бехкбиллархой оцу аргументана реза бац. Мелхо а, Фейгин Эрика шеконе диллира, хьалха адамаш дайарна Тамерлан юкъахьакхавелла ву бохург тидаме эцнехь, Царнаев ЖовхIарна кIеда кхел ян мегара бохург.

Зорбан гIирсаш билгалдоккху, нагахь вен кхел юхатIечIагIяхь а иза Царнаев вуьйр ву бохург цахилар. Кхушеран Товбеца-баттахь дуьйна Юстицин министраллан омрица Америкехь мараторий ю кхайкхийна федералан тIегIанера зулам дарна вен кхел йинчу нахана и кхел кхочуш ярна.

Царнаев ЖовхIар карарчу хенахь чувоьллина латтош ву Америкехь уггар чIогIа ларйеш йолчу Колорадо штатан Флоренция гIаларчу ADMAX набахтехь, вуно луьрачу супермакс (supermax) олучу системан хьелашкахь.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG