ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Iазап"-Центр


Бзаров Аслан

Кхеле веъначу тешо дийцира ГIалгIайчуьрчу Экстремизмна духьалоечу центро муха латтадо нахана тIехь Iазап

РогIера ладегIарш хилла Нальчикехь гIалгIайн ницкъхошна тIехь ечу кхелехь. Нах байарна а, хьийзорна а бехкебечарна дуьхьал тоьшалла деш ву 10 стаг – уьш шаьш а бу цаьргара Iазап лайна.

Къайла а воккхий, хьийзаво

Иштта элира Муцольгов Зеламхас, тешо. Цунна пхеа дийнахь-буса йиттина полисхочунна тIелеттарг ша ву алийта гIерташ. Кхелехь цо сурт хIоттийра нахана етта кечйинчу чоьнан.

Муцольгов ницкъхоша лачкъийна 2010-чу шеран Марсхьокху-беттан 5-чохь, сатоссуш. Чохь валлочу меттехь цунна детташ хилла хих дуьзначу пластикан шиша, ког-куьг а доьхкий, хьалауллуш хилла биргIанах. Коьртах боьллина телатан тоьрмиг цкъа а дIабоккхуш а боцуш.

"Таллам" дIахьочу чоьнах лаьцначунна етта чоь дIакъастош оьллина куз бара, амма шена хаьара кузал дехьа мел кхераме ду, элира тешо.

Иза воцург, кхиберш а лебира кхело – уьш Экстремизмна духьалоечу центран белхахой бара. Царех цхьаммо, талламна гIодан реза хиллачу Хамхоев Алана, дийцира шен коллегаш Безносюк Андрей а, Хандогин Сергей а Далиева Маремца мел къиза хьийзира. Бага къаьркъа дуьттуш, ток етташ.

Алана тоьшалла дира, тIехь гIело а латтийна, вийначу Далиев Мохьмадна ницкъбеш хьийзинчаралахь кхела хьалха лаьтта Центрехь куьйгалхо Iийна Хамхоев Тимур а вара, аьлла. Ткъа вукхо иза бакъ ду, дац шен ала дац, шена хIумма а дага ца догIу, бохура.

"Эс дайна" вара кхелехь "Э" Центран рогIера белхахо а – Тамасханов Бекьхан. Оцу бахьаница дIадийшира кхелахочо цо хьалха далийна дареш. Изза позици лецира жоьпе озийначу Осмиев Хьасана а. Кхелахо Лазарев реза вацара. "Цирках дIа ма таръел кхел", - элира цо.

"10-15 шо текхна аравалахь а, шена карор ю хьо, мохь хьоькхура цо соьга"

Тешийн статусехь кхеле балийна ницкъхой шаьш а бу нах хьийзийна, дуьйцу тешо Юсупова ПетIамата - иза вийначу Далиев Мохьмадан йиша ю. "Сан ваша вуьйш дакъалаьцна Безносюка а, Хандогина а, кхин цхьаццаболучара а, чIагIдо цо.

Далиев вели, аьлла, белхан чоьнашкара аравелира Беков Iалихан, цунна тIаьххье гучувелира Безносюк а, тоьшалла дира кхелехь Центран хьаькаман машен лелош хиллачу Осмиевс. "Амма ша зулам динчу меттехь хилла вац, бохуш, бехках хьалхавала гIерта Безносюк, - элира "Кавказ.Реалиица" къамел динчу Юсуповас.

Зудчо дийцарехь, тахана кхела хьалха жоп луш волу Хамхоев Тимур веъна лелла шен коллегин Беков Iалиханан гергарнаш болчу (иза стаг верна бехке во), шек ма довла, дерриг а шен карахь ду, ша иза "аравоккхур ву", бохуш.

Шена Хамхоевс кхерамаш тийсарх лаьцна а дуьйцу Юсуповас: "10-15 шо текхна аравалахь а, шена карор ю хьо, мохь хьоькхура цо соьга. Ас вовшахтоьхна, боху, шена дуьхьал тешаш. Цуьнан адвокат иза дIатеван гIертара".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG