ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цхьа а нацист ца гира суна". Юха а Украинерчу тIаме хьажорах кIелхьара вала гIерта кадыровхо


Нохчийчуьра ницкъахо, гайтаман сурт

Нохчийчуьра тIеман тобанийн а, "лаамхой" шайх олучийн а цхьа дакъа Украинерчу тIамера юхадирзина. Луларчу мехкан латтанашна тIе дуьххьара тIом бан хьажийначу ницкъахочуьнца анониман кепехь къамел дан аьтто хилира Кавказ.Реалиин. ХIинца иза юрист лоьхуш ву, ша юха а цига дIа ца вигийта – цо бахарехь, бертаза тIаме хьийсораш дан амал доцчу хьолехь хуьлу.

- Украине муьлхачу статусехь кхаьчна хьо? Ницкъаллин хьукматийн белхахо санна, йа "лаамхо" санна?

- Аса ницкъаллин хьукматашкахь белхаш бен 10 шо ду, Украине кхаьчнера со омрана кIел а нисвелла. ДIагулдан долийча масех белхахо реза ца хилира цига ваха, шайн контракт чекхдаьлла хиларна тIе а тевжаш. ХIинц-хIинца пенсе баха кечлуш хилларш а ца хилира реза. Шайн могушалла дика яц бохуш, тIамехь дакъа лацарх уьдурш а хуьлура.

- Муьлхачу меттехь яра шун дислокаци? Муьлхачу тийсдаларшкахь дакъа лецира?

- Тхо Рубежное гIалахь дара, Луганскехь. Нах бехачу ярташна, юкъараллин меттигашна а гIаролла дора оха, талламаш, зачисткаш йора. ТIом бийраш Оьрсийчоьнан тIеман министраллин эскарш ду, иштта, лаамхой а.

- Шун тобанахь кхелхинарш буй?

- Юьхьанца, тхо Нохчийчуьра схьакхаьчначу хенахь, тхан батальонера пхиъ вийра. Кхин эшамаш ца хуьлура, амма шовзткъе итт герга лазийнарг а ву тхан.

- Зазадоккху-беттан юьххьехь моргашкахь, къаьсттина Белорусера, вуно дукха байъина нохчийн эскархой Iохку бохуш, хаамаш баьржира. Иза бакъ ду аьлла хетий хьуна?

Глобалан хеттаршна ойла ца йо аса – со балхахь ву

- Иза бакъдоцург ду. Эшамаш тхуна юкъахь ца хилла. Масех де даьлча тхан батальонера велла пхиъ Нохчийчу дIахьажийра. ДогIмаш дагийна дара, цундела тIоьрмигаш чу дIагулйира царах йиснарг, даймахка дIаяьхьира латтане ерзон.

- Украинхойн талламо бахарехь, нохчийн тобанашкара 60 стаг Украинерчу тIамах ведда вахана. Шун батальонера цхьа а веддий?

- Нохчийн тобанашкара цхьа а цхьанхьа а ца ведда, иза дан аьтто а бац. Чевнаш йина цIаберзийнарш бу, ткъа вуьшта кхузахь "лаьа – ца лаьа" бохург данне а дац. Амма тайп-тайпана коьртера схьаэцначу бахьанашца, дукхачу хьолехь могушаллица доьзна, тIом бан реза боцурш – уьш Нохчийчу юхаберзабора.

- Нохчийчуьра дешначу наха а, хьаькамаша а дIахьедо, Украинерчу тIамехь дакъалацар – иза джихIад а, "пайхамаран а, исламан а дуьхьа тIом" бу бохуш. Оцу бахьанаца дуй шу цигахь?

- Аса хьалхе ма-аллара, сайн белхан тIедилларш кхочушдан декхаре хиларна вара со цигахь. Со дика кхета иза джихIад доцийла, кхета, тхо цигахь хила дезаш доцийла. Бух болуш бахьана хилча сан, контрактхочун санна, аьтто бу хенал хьалха балхара дIавала. ХIинца, мукъа денош даха цIавирзинчу юкъанна, со кхеташ волу юрист лоьхуш ву, цхьа зенаш ца хуьлуш, рогIера Украине хьажорах кIелхьара вала лууш.

"Цхьа нацист ца гира суна"

- ХIун дуьйцу шун буьйранчаша, кхин мел бахлур бу боху тIом?

- Цхьанна а хIумма а ца хаьа, хIумма а ца дуьйцу. Кхана хIун хир ду, йа тхо мичахь нислур ду а, ца хаьа тхуна. ХIинца тхо цIахь ду, тIаме юхадерза аьлла омра маца кхочур ду – хууш дац. Тхуна мукъа денош даларца бина сацам а бара цIеххьана – тхан буьйранчийн карахь, ма-дарра аьлча, хIумма а дац, цаьргахь цхьа а информаци яц, тIедилларш, омранаш Нохчийчуьра кхочу.

- Украинхойн Iедална нохчийн эскархой Бучехь, Ирпенехь маьршачу бахархошна дуьхьал зуламаш лелорца боьзна хета. Шу хиллий оцу меттигашкахь?

- ХIан-хIа, оцу латтанашкахь тхо хилла дац. Цигахь хилларш Оьрсийчоьнан тIеман министраллин эскарш ду, амма нохчийн тIемалой цигахь ца хилла.

- Талораш лелор гойтуш шортта видеош гучуевлла машанашкахь – дуьйцу, оьрсийн эскархоша шайн доьзалшна тоннашкахь Украинера аракхехьна хIумнаш, бохуш. Ишттаниг нохчийн тIемалоша лелийна меттиг бевзий хьуна?

Доцца олу аса – ца оьшу цига ваха!

- ХIаъ, аса тIечIагIдо, талораш лелийна хиларна шортта факташ ю цигахь. Иштта зуламаш лелош талорхой оьрсийн тобанашкахь санна, нохчийн батальонашкахь а бу. Дуьйцурш рогIера бераш дац, церан буьйранчаш бу. Мехала хIуманаш, техника а лечкъайо.

- Меттигера нехан шуьца догойла муха ю?

- Вуно йовха ю, тхоьга дIа ма гIо бохуш, дехарш дора. Бохура, оьрсий схьакхачахь, цара шаьш хьийзор ду. Хаац, кхоьруш хиларна олуш хила а мегара цара иза, даггара дешнаш хила а мега. Амма Луганскехь, Рубежное гIалахь бахархойн вуно мерза яра тхоьца юкъаметтиг.

(Шайна совгIаташ даларна Киевна уллора Катюжанка гIалара бахархоша эскархошна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а баркал олуш видео гучуелира машанашкахь Зазадоккху-баттахь. Ши бутт баьлча цара дийцира, иза шайга нуьцкъаха бахийтина хилар. – Редакцин билгалдаккхар.)

- ХIинца вовшашца сих-сиха дусту Украинехь хуьлург оьрсий-нохчийн шина тIамца. Дукха хан йоцуш Соьлжа-ГIалина тIе тохарш деш хиллачеран агIо лаьцна, тIом беш долчу шуна хIун аьлла хета оцу хьокъехь?

- Ткъа тхуна хIун агIо юьссу кхин, довла меттиг ца хилча? Дан амал ца хилар, белхазалла… Кхин болх хилча – цхьа кхин гIуллакх лелор дара. Сан контракт ду хIинца, омранаш кхочушдан декхаре ву со, иза чекхдаьлча цхьа сацам бийра бу аса, цуьнанойланаш йо аса. Амма хIинца: омра кхечи – новкъавели! Глобале хIуманийн ойла ца йо аса.

- Украинхойн агIо лаьцна тIом бечу шина нохчийн батальонех лаьцна хIун ойланаш ю хьан: уьш шун вежарий бу, йа мостагIий?

– Оцу хаттарна жоп дала ца лаьа суна.

– ТIом чекхбаьлча, шуна гергахь, муьлш хилла буьсур бу украинхой: "нацисташ", йа шайн мохк ларбан арабевлларш?

- Тхо кхеташ ду иза политика хиларх – цхьа а нацисташ бац уьш, мухха делахь а, суна хIокху хеначохь цхьа а нацист ца гина Украинехь. Суна гергахь,уьш украинхой хир бу, хьалха а санна.

- Кадыровс шен телеграмерчу каналехь сих-сиха дуьйцу, Украинерчу тIаме баха луучу кегийрхоша а, ур-атталла зударша а шега дукха телефон еттарх лаьцна. Иза бакъ делахь, цаьрга хIун ала луур дара хьуна?

- Со контрактанхочун балхара хIуъа дина а, дIавала лууш ву, цундела доцца эр ду аса – ца оьшу цига гIерта!

***

Стигалкъекъа-бутт юккъе баьлча Украинан талларан сервисо зорбане даьккхира, Зазадокху-баттера Стигалкъекъа-батте кхаччалц Украинерчу тIаме хьийсийначу кадыровхойн а, лаамхой олучийн а тептар - цу тIехь 2 425 цIе ю. Цу тIехь билгалваьккхина 2 425 стаг. Мехкан бахархой хилла ца Iа уьш, бу цаьрца шортта кхечу регионашкара бахархой а цхьана. Хаамбо, 2,5 эзар стагах 100 нохчийн бIахо вийна, 300 гергга лазийна, кхин а 60 "ведда" аьлла. Цхьаболчу беллачийн а, лазийначийн а гергарчаьрца къамел дира Кавказ.Реалиин редакцино, иштта тIечIагIдира, хетарехь, нахалабевлла, хаамаш бакъхилар.

Украинан талларан сервисо иштта хаамбо, нохчийн тобанашкахь саботаж хилла хилар. Нохчийчуьрчу Шела гIалара 70-чу полкан 42-чу дивизин масех дакъа дуьхьалдаьлла Украинехь тIом бан, цара тIедожийна шаьш Оьрсийчу юхадигар. Салтий шаьш бохург дан дуьхьалбовлар лачкъон гIерта куьйгалла, хаамбина Украинан тIеман министраллан таллархойн коьртачу урхалло.

Нохчийчохь сих-сиха дуьйцу, Украинерчу тIаме меттигера нах нуьцкъаха хьийсош хиларх лаьцна – масех нохчийн бакъонашларъяран организациша а, блогерша а дийцина, шайга республикера "лаамхойн" кепехь Украинерчу тIаме бигархьама лечкъабечу бахархошкара кхочучу кхайкхамех лаьцна. Цара бахарехь, харжам атта бац: йа контрактана куьйг яздина нах байъа воьду хьо, йа билггала йоцу хан "къайлахчу" набахтешкахь яккха кхерам лаьтта хьоьгахь.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG