ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьа пачхьалкх – тайп-тайпана турпалхой: Кадыровна луучу кепара истори муха хуьйцу Нохчийчохь


Нохчийн лаьмнашкахь юхаметтахIотторан белхаш талла веана Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочун тIедилларца, 2017-чу шарахь "нохчийн къоман историна а, нохчийн культуран тIаьхьало Iалашъярна а" лерина республикехь комисси вовшахтуьйхира. Оцу комиссин гIуллакхашца доьзна 2018-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь "Этногенез а, Кавказан къаьмнийн этническан истори" олу конгресс сихонца гулйира. Цуьнан декъашхошна Кадыров Рамзана "къоман бакъйолу истори кхолла", аьлла тIедиллар дира. Нохчийчоьнан хIинца волчу куьйгалхочо Кремлана муьтIахь волчу кепара шен политика кхуллуш хиларна, XVIII–XX бIешершкара динан а, политикан а гIуллакххой буьйцуш, меттигерчу историкийн хIинца хьехон йиш яц, масала, царах муьлхха а Оьрсийн империна дуьхьала тIамехь кхелхина хилар, йа церан биографера бIегIийла йоцу факташ.

2022-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь Нохчийчоьнан Iилманан академин президента Гапуров ШахIруддис, вевзаш волчу нохчийн шейхан Нажин-Юьртан кIоштарчу Симсара эвларчу Зандакъан Гази-Хьаьжан ду бохучу каш тIе хIуттучу хенахь дIахьедира, шена куьйгкIеларчу хьукматашкарчу историкаша исламан Iилманчаш-моллашца цхьана болх бийр бу, Нохчийчоьнан къомера схьабевллачу нехан дIабоьхкина меттигаш гучу а йохуш, церан цIерш бIешаре яхарехь.

Иштта делахь а, Зандакъера шейх оьрсийн Iедална дуьхьало ярна 1860-гIа шераш долалуш ссылке хьажийна хилар а, дай баьхначу лаьмнашка юхаван бакъонах вохорна Маккахь дIавоьллина хилар а ца хьахийра Гапуровс.

Имам Шемалан накъостех цхьаъ хилла волчу ЦIоьнтрара Шоип-Моллан истори а хержаме дагалецира Гапуров коьртехь волчу нохчийн Iилманчаша. Цуьнан каш тIе хIуьттучу хенахь делегацин декъашхоша билгалдаьккхира, Кавказан тIеман хенашкарчу нохчийн буьйранчан хьуьнарш. Амма девзаш доцчу бахьанца цара ца дийцира, наиб шен юьртарчу наха вер бахьана - иза шен бакъонел а сов валар дара – ма-дарра аьлча, шен куьйгкIеларчу латтанаш тIехь марехь боцу зуьдарийн маре балар тIедожор.

"Зуламхойн, террористийн" хIосташ а ихкина, Iедало ца магийна турпалхой бу нохчийн

Цул хьалха Гапуров коьртехь волчу тобанна сихонца "схьакарийра" Таймин Биболатан каш, XVIII чакхенгара XIX-чу бIешеран хьалхарчу декъе кхачалц хеначохь хилла нохчийн политикан а, тIеман а гIуллакххо ву иза, Кавказан тIеман декъашхо а ву. Иза дIавоьллина меттиг гучубаккхар тIедожийнера Кадыров Рамзана – иза дира оцу буса. Дийнахь нохчийн историкаш, дийцарехь, Таймин Биболатан ду боху оцу каше бахара. Амма цул а де хьалха Iилманчашка ца алалора цуьнан билггала йолу меттиг.

Карийна каш баккъала хилар шеконашкахь дуьтура историкаш схьабаьхкина йолчу Илсхан-Юьртан бахархой а, - меттигерчу наханна цкъа а хезна дацара кхузахь Биболатан каш ду бохуш. Цул сов, Iилманчашна хаа дезара XIX-чу бIешарна юккъехь и юрт малхбалехьа оьзна хилар, тIаккха наибан каш а леха дезара Гумс хин уллорчу дIатесначу ширчу кешнашкахь.

Нохчийн юкъараллин имам Шемалехьа йолу догойла Кадыровс хийца гIортар а дацара кIезга къовсаме. 2019-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо критика йира цо Кавказан тIом боьдучу юкъанна республикехь лелийначунна, тIаккха цунах йийсархо хилар иза "нохчашна дуьхьала террор" ю аьллера цо.

Шемалс Оьрсийчоьнца тIом барехь нохчий лелийна, тIаккха императорца барт бина, бохуш юкъараллехь ойланаш яржор долийра Кадыровс. Делахь а, хIинццалц имам республикехь турпалхо а, суфийн шейх лоруш вара (тIаьххьара чIагIдар къовсаме ду историн агIонца дуьстича).

Делахь а, пропагандан Iаткъамца, Iалашо кхочушйира – имам Шемал шолгIачу тIегIане дIатеттира, цуьнан метта дIахIоьттира Кадыров Рамзанан тайпанах волу стаг – наиб Бенойн Бойсхар.

Вевзаш волу политикана а, динан а гIуллакххочунна, Имаматан хьалханчана, оьрсашна дуьхьало яран куьйгалхочунна оцу тайпа мах хадорна протестан тIулгIенна тIе нисвелира Нохчийчоьнан куьйгалхо. Юкъаралла реза ца хиларо шен дешнаш юхаэца декъаре вира Кадыров, цо дIахьедира, мостагIаша шен дешнаш харцдина аьлла.

Стигалкъекъа-беттан чакхенгахь Нохчийчоьнан Шаройн кIоштара Кенхи ломан эвлахь регионерчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан чоьтах тIаьххьаре а имам Шемалан цIарах маьждиг диллира.

Сийлахьчу нехан тIаьхье нохчийн Iедалан куьйгкIелахь

Нохчийн турпалхойн а, бусулба сийлахьчу нехан а тIаьхьенах шайн ма-хеттара пайда оьцу Нохчийчуьрчу Iедалхоша. Масала, Соьлжа-ГIалано жигара лелайо, Мухьаммад пайхмаран тIаьхьенах бу бохучу къурайшийн авторитет. Республикехь бусулба дин тIеэцначу хенахь дуьйна уьш кхузахь беха бохуш дуьйцу. 2009-чу шарахь Шелан кIоштан Дубин-Эвлахь пхеа къурайшин доьзална 20 бIеметр латтанаш делла, царна тIехь хIусамаш а, 100 стаг чу тоьа маьждиг а дина.

Пайхамаран тIаьхьенах бу бохурш кхин а беха Нохчийчохь. Масала, Йоккхачу АтагIара СалиховгIар лелабо Iедалхоша, юккъехь чIир йолу доьзалш берте балорхьама, даздаршка кхойкху уьш, къаьсттина ларам хилар гойтуш, иштта, пайхамаран тIаьхьено Кадыровн Iедал къобал до бохуш санна кеп хIиттош.

Турпалхочун васт къомо дуьйцу, тIаьхьенашка дIа а кховдадо. Цхьанге хийцалур дац иза

Цул сов, Нохчийчуьра уггара йоккха суфийн тобанан, кунтахьаьжхойн ойла тIеерзон Iалашонца, республикерчу Iедало регионе ваха кхайкхина вевзаш волчу шейхан Кишиев Кунта-Хьаьжан йоьIан Эсетан кIант.

ИбрахIим Сайфуддин Иракъехь вина, цигахь а вехаш а вара, шен ден да, ненан нана а даха хоьвшинчу меттехь. 2013-чу шарахь уьш шайн берриг доьзалца Нохчийчохь баха схьабаьхкира. Кунта-Хьаьжан доьзалерчу нехан цIарах Соьлжа-ГIалахь 13 урамна цIе тиллина. Сайфутдинан доьзалхошна Соьлжа-ГIалин юккъехь хIусамаш йира.

ТIаьххьарчу шерашкахь Кадыровс а, цуьнан гоно а тидаме эцначарлахь бара XVIII-чу бIешарахь ваьхна волу, дIалаьцначул тIаьхьа 1794-чу шарахь Шлиссельбургскан гIепахь кхелхина волчу шейх Мансуран тIаьхьенах болу нах. Къилбаседа Кавказан дуьххьара имам Нохчийчохь уггара бевзаш болчу турпалхойх цхьаъ ву. Къобалъянзачу Ичкерехь цуьнан цIе тиллира аэропортана, майданашна, урамашна. Шейх Мансуран васт республикан ахчанийн кехаташна тIехь дара (имам Шемалан санна). 2017-гIа шо тIе кхачалц цо дакъа лацар цхьанне агIор билгалдоккхуш дацара.

Республикан бахархой тешна бара, шейх Мансуран цIе аэропортана юха а туьллург хиларх. Амма цуьнан меттана, Кадыровн ден цIе тиллира цунна.

ТIаккха Iедалхой реза хилира нохчийн историн гIуллакххочун цIе цхьахйолчу Соьлжа-ГIалин кIоштанна тилла – шейх Мансур вина йолу Алды эвла юкъайогIучу кIоштанна. Оцу кIоштан префектуран куьйгалхо хIоттийра цуьнан шортта тIаьхьенахь болчу нахах цхьаъ – Яхъяев Мохьмад. Иза лелаво ичкерихойн блогершана а, Кадыровн дуьхьалончашна а критика ярехь. Яхъяевн самукъа долу Ичкерин заманахь нах хьийзорах лаьцна дуьйцуш, тIаккха, дийцарехь, таханлерчу Iедалхоша ларам бо шейх Мансуран а, цуьнан тIаьхьалонна а.

Шалха васт

Кавказ.Реалиица къамелдина эксперташ тешна бу, Iедало хьалха хилла турпалхой а, церан тIаьхье шайн хьашташна лелош хиларх.

"Къомо Оьрсийчоьнах дIакъастарна дуьхьа дина тIемаш - историкан хиламаш а лоруш, турпалхой – оцу тIемийн декъашхой а лоруш йолчу кIезга регионех цхьаъ ю Нохчийчоь", - боху Соьлжа-ГIалара схьаваьллачу бакъоларъярхочо Янгулбаев Абубакара.

Цо билгалдоккху, республикехь кхин башха ларам ца хуьлу СССР-н хенашкарчу турпалхошка, Сталинан депортацеш а, репрессеш а бахьанехь. Амма меттигерчу бахархоша ларам бо Кавказан тIеман а, Нохчийчуьрчу шина тIеман турпалхойн, амма таханлерчу Iедало церан иэс шайн луучу кепара лелайо, йа иза тIепаза йайъа гIерта.

"ТIаьххьаре а республикехь ларам беш бу Кавказан проконсулна Ермолов Алексейна, генерална Засс Григорийна, муфтийна Кадыров Ахьмадна, инарлана Шаманов Владимирна. ХIаъ, уьш Оьрсийчоьнан турпалхой бу, амма бац дера Нохчийчоьнан. "Зуламхойн, террористийн" цIерш а кхуллуш, Iедало ца магийна турпалхой бу нохчийн", - дийцина Янгулбаевс.

"Европерчу нохчийн Ассамблейн" президента Муртазалиев Аслана сонта бу боху нохчийн Iедалан историн хьежамаш.

"Къоман турпалхошца цара шаьш бузучу хенахь, дуьххьара цара шаьш тешийна, къоманна дуьхьа дахар дIаделла хиларх, хIинца цунах къам тешон гIерта уьш, эзарза аьлла болу аьшпех бакъдерг хуьлу бохучух пайда а оьцуш. Амма турпалхочун васт къомо дуьйцу, тIаьхьенашка дIа а кховдадо. Цхьанге хийцалур дац иза. ТIаккха Iедалхоша тIеолла хьийзош йолу верси массочу хенахь перманенте хуьлу, иза тIепаза йовр ю", - тешна ву Муртазалиев.

***

2014-чу шарахь дуьйна Кадыров Рамзанна хьокъехь масийттаза санкцеш ехира Малхбузерчу мехкаша – иза бехкевора, Нохчийчохь Iазап лелорна а, низамехь доцуш нах байъарна. ТIаьххьара Кадыровн хьокъехь доза тоьхнарг Япони яра – Оьрсийчоьно Украинаца бечу тIамехь цо дакъа лацарна.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG