ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цхьа а стаг хила ца веза маьрша воцуш". Дозанерчу мигранташкахьа акци дIаяьхьна Варшавехь 


Шоьтан дийнахь, ГIуран-беттан 11-чохь, Варшавехь акци дIаяьхьна "Цхьа а стаг хила ца веза маьрша воцуш" аьлла. Ах эзар гергга стаг ураме ваьллера, Польшин а, Беларусин а дозанехь болчу мухIажарна гIоьнна, хаамбина Свобода Радион Азаттык сервисо.

"Адам адамна адам ду", "Берийн меттиг хьун яц", "Схьаделла дозанаш!" тIеязйина плакаташ яра жигархойн карахь.
Наха шайца цхьаьна деанера, серло гойту а, йовхонан аккумуляци ен а дашо бос болу а, детиха а басахь долу кIелхьарвоккху юргIанаш. Шийлачу буса хьуьнхахь буьйсанаш йохучу мухIажарша тIетуьйсу иштта юргIанаш.

Варшавин юккъехь жигархоша дIадиттинера юргIанех хьирчинчу гоьбевллачу полшхойн суьрташ: Шопен Фридерикан а, Мицкевич Адаман а. Суьрташна тIе яздина дара "Уьш а бара мухIажарш".

Коронавирусна тIехула диттина дозанаш бахьана долуш акци вовшахтоьхначара кхаа деккъе бекънера гулбелларш. Улло бевлла полисхой а болуш, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина а, Польшин администрацина а тIера буьйлабелла Сейме- парламентан лахарчу палате кхаччалц дIабахара уьш.

Акци вовшахтоьхначара баркалла элира, мигранташна гIо дечу лоьрашна. Иштта цара дийцира, тIаьххьара хиллачу сингаттамечу хиламех а. Масала, ГIадужу-беттан 8-чохь Подляскан воеводство хаамбира, дозанехь Нигерера веанчу мухIажаран дакъа карийна аьлла.

Иштта жигархоша дагалецира Иракъерчу мигрантийн диъ шо долу йоI а. Польшин дозанхоша цуьнан да-нана юхадалийнера Беларусин дозане, ткъа йоI яйра полшхойн дозана тIехь. Цуьнах хилларг тахана а къаьстина дац.

Gazeta Wyborcza газето яздарехь, аьхка дуьйна итт сов стаг велла оцу хIоьттинчу кризисехь, амма билггал долу терахь хууш дац. Чилла йоьллачул тIаьхьа беллачийн терахь кхин а лакха даларна саготта бу бакъоларъярхой а, жигархой а.

Акцин организаторша а, гулбеллачара а тIедожийна, маса гуманитаран тIай кхоллар, долчух дийца журналисташ дозана тIе битар, мигранташна оьшу лоьрийн гIо кхачор.

Карарчу хенахь оцу зонехь ханна хIоттийна дехкар ду журналисташ а, бакъоларъярхой а чу ца буьтуш.

Польшин а, Беларусин а дозанехь миграицн кризис хIоьттина аьхка, хьал чIагIделира Лахьан-беттан юьххьехь. ГIуран-беттан юьххьехь мухIажарийн терахь лахделлера цигахь, ханна хIиттийна каппаш а дIайохийра, Беларусин Iедалхоша мигрантийн цхьа дакъа дIатардинера логистикан центрехь.
Иракъе юъабахара Беларусин дозана тIера эзар гергга цигара баьхкинарш.

Дозанехь миграцин кризис хIоттарна Евроберто бехкбуьллу пачхьалкхан президентан Лукашенко Александран режимна.
ПхоьалгIа санкцийн пакет яьккхира Евроберто ГIуран-беттан 2-чохь Беларусина дуьхьал. Изза барамаш туьйхира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG