ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн вовшахтохараллан Кхерамазаллин кхеташо гулйеш ю Америка


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн вовшахтохараллехь даима а йолу векал Томас-Гринфилд Линда
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн вовшахтохараллехь даима а йолу векал Томас-Гринфилд Линда

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн инициатива а йолуш, Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн вовшахтохараллан Кхерамазаллин кхеташо гуллур ю Дечкен-беттан 31-хь, Украинин дозанехула Оьрсийчоьнан эскарш гулдаларца доьзна хьал дийцаре дан.

"Украинин дозанехула 100 эзар сов эскрхо дIа а хIоттийна, Оьрсийчоь тайп-тайпана хьал карзах доккху хIуманаш лелош ю Украинина дуьхьал, дуьненаюкъарчу машарна а, кхерамазаллина а кхерам кхуллуш", - аьлла ду Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн вовшахтохараллехь даима а йолчу векалан Томас-Гринфилд Линдин дIахьедарехь.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна хета Кхерамазаллин Кхеташонан декъашхой йолчу пачхьалкхаша факташ талла еза, йийцаре ян еза Оьрсийчоь Украинина тIелатахь дуьненаюкъарчу кхерамазаллин системина хир йолу тIаьхьалонаш.

Цкъачунна америкахойн инициативина реакци ца йина Оьрсийчоь дуьхьал яла мега цу тайпа хаттар дийцаре дан Iалашо йолуш Кхерамазаллин Кхеташо вовшахкхетарна. Делахь а, Wall Street Journal газето яздарехь, Цхьаьнатоьхначу Штаташа, хьалххе барт биначух тера ду Кхерамазаллин кхеташонна юкъайогIучу 9 пачхьалкхаца, цу тайпа кхеташо дIаяхьарна гIортор ярехула. Шен агIор, Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн вовшахтохараллан Кхерамазаллин кхеташонан даиман а йолу декъашхо йолчу Оьрсийчоьнан бакъо ю цуьнан сацамна тIе вето йилла.

Американ Цхьаьнатоьхна Штаташа дегайовхо йолуш ю Кхерамазаллин Кхеташонехь гуш-хезаш йинчу дискуссино тешо мега аьлла Кремль, Украинин дозанехь гIоьртина лаьтта хьал малдан дезаш хиларх, дуьненаюкъараллин озабезам хьаьнгахьа бу а гайтина. Цхьаьнатоьхначу Штаташа Украинин дозанехь долчу хьолах лаьцна хаттар дийцаре дан мега Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн вовшахтохараллан Инарлин ассамблейхь.

  • Стохка гурахь дуьйна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа дIахьедарш до Украинин дозанашца Оьрсийчоьнан эскарш гуллуш хиларх лаьцна. ТIаьхьарчу кIиранашкахь Малхбузен пачхьалкхаш нисса дIа хаамаш беш ю баккъалла а кхерам хилархлаьцна Оьрсийчоь оцу пачхьалкхана тIелата мегаш хиларан.
  • Москвано харцдо шайн тIелата планаш хилар. Малхбузен пачхьалкхаша дIахьедина, нагахь иза хилахь, Оьрсийчоьнна дуьхьал йохур ю "цкъа а хилла йоцу санкцеш" аьлла.
  • Стохка ГIуран-баттахь Оьрсийчоьно цхьамогIа тIедахкарш кхайкхийра Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка а, НАТО тIеман альянсе а, шайна юкъахь малхбалехьа шоръялар сацадар а долуш. ДIадаханчу кIиранах Оьрсийчоьнна а, Малхбузен пачхьалкхашна а юкъахь дийцарш хилира, Москвано йоьхучу гарантех лаьцна хаттар дийцаре деш. Оьрсийчоьно кхайкхийнарг Малхбузено юхатоьхнехь а, Москва жоп доьхуш ю кехата тIехь яздина долу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG