ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьана шарахь 1,1 миллиард сом сов кхаьънаш эцар хааделла МВД урхаллана


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан экономикан дакъоша 2021-чу шарахь 1,1 миллион соьмел сов кхаьъанш эцна 2,5 эзар меттиг гучубаьккхина. ТАСС агенталле дийцина цунах лаьцна полицин инарла-лейтенанта Курносенко Андрейс.

Цо бахарехь, кхин а 685 миллион соьмана дан лерина зуламаш юкъахдаьхна полицино. Юккъерчу барамехь аьлча, мел ахча оьцура дуьйцуш дац Курносенкос, хIунда аьлча, цхьана хьаькамо "ша дечу гIуллакхах" деха тарло итт эзар сом, ткъа вукхо – миллионал сов.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахочо хаамбина, экономикан кхерамзаллин а, коррупцина дуьхьало латто Коьрта урхалла пачхьалкхан органашца а, кредитан организацешца а, интернет-провайдершца а, зIенан операторшца а, интернет-сервисийн долахошца а барт бан дагахь ю аьлла. Оцу бартбаро аттачу доккхур ду чоьхьарчу органашна "царна оьшу информаци" дIакхачор а, иштта, банкаша къайлехь латториг а.

Урхаллехь билгалдаккхарца, банкан къайле Iалашъяран низамаш "кеп-кепара кхетош хиларна", банкаш дуьхьала хила тарло шайн клиентех информаци полицига дIакхачон. Цуьнца доьзна чоьхьарчу гIуллакхийн министралло низаман проект кечйина, кредитан организацешкара хаамаш цхьана механизмехь каракхачийта. Курносенкос чIагIдо, клиентех хаамаш кхелан сацамехула бен эца аьтто хир бац аьлла.

"Шеконечу операцехь" дакъалоцуш стаг хиларх информаци банкашна леринчу "Вовза хьайн клиент" аьллачу аппликацичу кхачор ю. Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хаамбарехь, иза юкъайоккхур ю карадогIучу шеран юккъехь Оьрсийчоьнан Коьртачу банко.

  • Коррупцина бехкебечу лаккхарчу даржхошлахь Курносенкос билгалваьккхина Пензан кIоштан губернатор Белозерцев Иван а, Совет Федерацин хилла декъашхо, "Биотек" компанин куьйгалхо Шпигель Борис а, энергетикан министран гIовс Тихонов Анатолий а.
  • Къаьънаш эцна аьлла, хаавеллера иштта Москван кIоштан куьйгалхочун гIовс Куракин Дмитрий а, МВД-н чоьхьарчу эскарийн буьйранчан гIовс Варчук Вячеслав а, Оренбурган мэр Арапов Евгений а.
  • Кхин дIа а толлуш ду, Ставрополан кIоштан ГИБДД-н хьаькамо Сафонов Алексейс коррупци лелоран гIуллакх. Иза бехкево, 19 миллион сом кхаьънаш эцарна. ГIуран-беттан 9-чохь гучудаьлла, цуьнан долахь кхин а ара-чу ца баккхалун бахам а, машенаш а хилар.
  • ТIаьххьарчу бархI шерачохь коррупцин тIегIа рекорде ю аьлла, билгалъяьккхина 2021-чу шарахь. Инарла прокуратуран хаамашца, кху шеран ворхI беттачохь 24,5 эзар коррупцин сферехь зулам дар къаьстина. Царех ах кхаьънаш эцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG