Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIечIагIдина, керла нохчийн батальонаш полицин а, Росгвардин а белхахойх вовшахтоьхна хилар – дийцарехь, иза дина оцу тобанийн лакхара говзаллин т1ег1а хиларна, ца дина республикехь белхахой ца тоарна.
Карарчу хенахь Нохчийчохь кечйина дIахьейина йолчу йеа цIерашца кхоьллина йолу батальонех кхоъ – цига ницкъаллин хьукматашкара 800 стаг дехьаваьккхина.
"[Цара] ерриг Нохчийчуьра кампани чекхяьккхина, Украинехь хилла уьш, цхьаберш – Шемахь. [Уьш дехьабаьхна], полкан муьлххачу дийнахь новкъа а яьлла, тIедиллина декхарш кхочушдан аьтто хилийта, белхахой ца тоарна ца дина иза. Шина дийнахь оха юха а дIаэцна, юха а полицин, Росгвардин белхан меттигаш дIаюьзна – мух-мухха ца юзуш, нормативашца а догIуш", - дIахьедина Кадыровс шен телеграмерчу каналехь.
Нохчийчуьра бахархой нуьцкъаха тIаме хьийсош бу, бохуш къамелаш дийраш "шайтIанаш" ду, аьлла цо – Кадыровс, масала, чIагIдо, доьзалехь цхьаъ бен воцу кIант ца вуьгура тIаме. Бахарехь, оцу гIуллакхна реза ца хуьлура цига ца бигнарш.
Хьалхо Кавказ.Реалиин Нохчийчуьрчу хьостанаша дуьйцура, ницкъахой керлачу батальонашка дехьабаьхна, "лаамхой" тоъал ца карорна. ХIинца, редакцица къамел динчу наха бахарехь, Нохчийчоьнан бахархошна "ишттанехь" хьоьху полицин дакъошка балха хIиттар – республикехь низам лардаран органашка балха хIоттарна ахча луш ламаст ду лелаш.
Дагадоьуьйту, Нохчийчохь керла батальонаш кхолларх лаьцна хиира товбеца-беттан чекхенехь – оцу хенахь йиъ тоба кхолла планаш яра: "Север-Ахмат", "Юг-Ахмат", "Запад-Ахмат", "Восток-Ахмат" а. Де хьалха хиира "Север-Ахмат" кхоьллина хилар – цуьнан декъашхойн терахь полкан тIегIане кхачал шордина. Кадыровн официалерчу телеграм-каналехь арахецначу видео тIехь Нохчийчоьнан МВД-н патрулан-постан сервисан а, сиха реакци яран тобанан а белхахой бу, царал сов, рогIерчу нехан духар доьхнарш а бу. Уьш муьлш бу – хууш дац.
Керлачу полко хIун лелор ду къаьсташ дац – цхьана ханна дислокаци яран меттигаш кечйийра ю царна Нохчийчохь. Кадыров Рамзана масийттаза дIахьедира, "керла батальонаш вовшахтоха лаам хилар доьзна ду, кегийрхойн вуно чIогIа патриоталлин хьежамаш хиларца". Цо бахарехь, керла тобанаш кийча ю "муьлхха а тIедиллар кхочудан", иштта "Киев а, НАТО-н пачхьалкхаш а атта схьаяха".
- Нохчийн бакъоларъяран организацеша а, блогерша а хаамаш бо, "лаамхой" санна Украинана дуьхьал тIаме хьийсорхьама лечкъочу меттигерчу бахархошкара шайга кхочучу информацех лаьцна. Иштта лачкъийначу цхьанна, Эна-Хишкара вахархочунна Сасламбеков Шемална (хила тарло, Сосламбеков) ультиматум хIоттийнера: йа набахте, шаьш айдинчу гIуллакхна тIехула, йа Украине воьду хьо аьлла. ТIамтIе ваха реза хиллера иза, цигахь вийна.
- Украинана дуьхьал Оьрсийчоьнан тIамехь дакъалоцуш бу кеп-кепарчу зуламашна таIзарш дина, царех цхьаболчийн хIинца а тоьхна хан чекхъяланза ю. "Можем объяснить" телеграм-каналан лараршца, Нохчийчуьра Украине вахначу 953 "лаамхочух" тептарера мел лахара а 101 стаг "бехкзуламе хьалхалера а, тахане а" йолуш ву.
- Гуьмсара спецназан университет карарчу хенахь Оьрсийчоьнан ерриг регионашкара лаамхой шайх олучарна Украинерчу тIаме баха аьтто луш йолчу кхаа меттигех цхьаъ ю. ТIамехь дакъа лацарна царна ахча лур ду олу, вийна меттиг хилахь, доьзална гIо а дийр ду, бахарехь. Хаам бора, хIора кIирнахь университето тIамна 200 гергга "лаамхо" кечвора.