ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цуьнан когаш куьйгаш санна бу". Порьес хастийна Нурмагомедовн латаран говзалла


2019-чу шарахь Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмиратийн коьртачу гIалахь Абу-Дабехь  UFC-чемпионатехь летира Порье Дастин а, Нурмагомедов Хьабиб а. Нурмагомедовс толам баьккхира
2019-чу шарахь Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмиратийн коьртачу гIалахь Абу-Дабехь  UFC-чемпионатехь летира Порье Дастин а, Нурмагомедов Хьабиб а. Нурмагомедовс толам баьккхира

Америкерчу 32 шо долчу UFC-н латархочо Порье Дастина шена хетарг довзийтина, ша 2019-чу шарахь Гезгмашин-баттахь UFC 249 чемпионатехь тасавеллачу Нурмагомедов Хьабибан латархочуьнан говзаллах.

"Нурмагомедовн латар? Суна моьттург аьттехьа а ца хиллера… Цунна хаара ас сайн дегI муха лелор ду а, ша мичахь хила веза а, тоьлла позици дIалаца. Хьабиб вуно тIахъаьлла ву, ткъа цуьнан когаш куьйгаш санна бу", - даладо Порьес аьлларг MMA Fighting сайто.

"Леташ са ца даIалора соьга, сан Iалашо яра когашна тIе хьалагIаттар, амма цо садукъийра сан, ша иза деш ма хиллара, ткъа соьга саца ца велира иза", - тIетоьхна Портьес.


2019-чу шарахь Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмиратийн коьртачу гIалахь Абу-Дабехь UFC-чемпионатехь ша эшийначу Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу спортхочуьнан Порье Дастинан сагIин фонде 100 эзар доллар деллара Нурмагомедов Хьабиба.

И ахча Угандехь хьогах дехачу адамашна гIунаш яхийта дIахьажийна, "цунах дукха наханна гIо хир ду, ас лаккхарчу меха дуьллу иза, баркалла а боху", - хаам бира Порьес.

Абу-Дабехь UFC-н латаршкахь Дастин Порье а эшош, шегара дуьненан чемпион цIе тIечIагIйира Нурмагомедовс. Цигахь цо дош делира Порьен фонде ахча дилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG