ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цумадан кIоштарчу бахархошна а, муфтиятана а юкъахь дов хIинца а дIадоьдуш ду


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Агвали эвларчу бахархоша маьждиган керла имам хIотторна резабоцучу республикерчу муфтиятан агIончаш бу Дагестанерчу Цумадинан кIоштахь вовшахбетталуш. Цунах лаьцна хаам бина Кавказ.Реалиига меттигерчу маьждиган кхеташонан декъахочо Маштихи Iабдурахьима.

Цо дийцарехь, эвларчу бахархоша чу ца буьту уьш, "шайн кIошт ларъеш". Маштихис бахарехь, пIераскан Iуьйранна цига баьхкинчу муфтиятан агIончаша хаам бинера, Цумадинан кIоштарчу кхечу юьртара Агвалин маьждиган имам хIотто муфтиятан а, метигерчу Iеламнехан а барт хиларх.

"Оха телефон туьйхира тхешан имаме а, тхайн Iеламчашка а, бакъ дуй иза аьлла. Цара боху: "Дац. Муфтият бунт эккхийта гIерта", - аьлла къамел дечо. Цунна хетарехь, кхо бIе стаг вара кIошта чувуллучохь гулвелла.

Хьалхо муфтиято дIахIоттийна хиллачу маьждиган имама Исаев Рамазана аьлла Кавказ.Реалиига, ша хIинца а имам волуш ву.
Цо бахарехь, "муьлш бу ца хуучу нехан тобано" кху деношкахь хаьржина имам, муфтиято тIе ца лоцу.

"Фейк ю иза, имам вац. Агвалин бахархоша хаьржина вац имам, тIебаьхкинчу наха къастийна ву", - аьлла Исаевс.

Официалан комментарий Дагестанерчу муфтиятера эца аьтто ца белира Кавказ.Реалиин. Журналистийн хеттарш тергамза дуьту динан организацин пресс-гIуллакххоша. Хеттарошна жоьпаш Исаев Рамазане деха элира пресс-гIуллакххойн белхахочо.

Карарчу беттан 17-чохь Агвали эвлан бахархоша керла имам хаьржира шайн маьждиган. Кадимагомедов Магомедсайгид ву иза.

Дагестанерчу Цумадинскан кIоштарчу Агвали эвлахь маьждиган керла имам хаьржина. Кхул хьалха хилларг леттера цхьахволчу вахархочух, "ца ваьлла веана" иза дарже аьлла, инстаграмехь шена цо йитинчу комментарийна тIехула.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG