Истанбулан полицин терроризмца къийсам латторан урхалло а, туркойн Къоман талламан вовшахтохаралло а де хьалха шпионаж лелорна шеко йолуш лаьцна кхечу пачхьалкхашкара ялх стаг. Царна юкъахь ву Оьрсийчоьнан вахархо а.
Туркойчуьрчу нохчийн диаспоран векалша дIахьедина, и стаг шайна вевзаш ву цхьамма тIедилларца нах байъарна декъа хиларца аьлла. Цунах лаьцна "Кавказ.Реалиига" хаам бина нохчийн оппозицин блогера Халитов Хьасана.
"Цуьнан цIе Беслан ю, шолгIа цIе ю - Изнаур. Цуьнах лаьцна яздинера меттигерчу нохчийн Security Turkey телеграм-каналехь", - дIахьедина Халитовс. Цо дийцарехь, Беслан цунна вовзийтинера, стаг вер кечдарна Гуьржийчохь лаьцна волчу Боков Васанбека.
"Боковс (бакъйолуш цIе - Гуциев Мохьмад. – Ред. билгалдаккхар.) Мархийн-баттахь шен хIусаме хьошалгIа кхайкхира со, видеозIенехула вовзийтира цо суна Беслан. Со цецваьккхинарг дара, "Патриот" (Висмурадов Абузайд, Нохчийчохь вице-премьер. – Ред. билгалдаккхар.) вевза шена, бохуш оцу Беслана дозаллаш дар", - боху блогера.
Халитовс чIагIдарехь, Туркойчохь лаьцна Беслан Нохчийчуьрчу Iедалшца уьйр йолуш ву. Цо дийцарехь, шех лаьцна хаамаш бинчунна ахча лур ду ша, бохуш хилла цо. И хаам тIечIагIбо Истанбулерчу нохчийн диаспорица уьйраш йолчу Кавказ.Реалиин хьосто.
Туркойн низамаш лардон органаша Боков дIалацаран хьокъехь официалан комментари йина яц.
Халитовс дийцарехь, иза вуьйруг хила мегаш волчу киллерна лур ду аьлла хилла 300 эзар доллар. Ша кийча ву, боху Халитовс полицица юкъаметтигаш лело а, тоьшаллаш дан а.
- Истанбулерчу терроризмаца къийсам латточу полицин урхалло а, туркойн Къоман талламан вовшахтохаралло а дIахьедина, шаьш ялх кхечу мехкашкара стаг лаьцна, шпионаж лелош хилла аьлла, тасаеллачу шеконашца. Habertürk газето бина цунах лаьцна хаам дахначу шоьтан дийнахь. Цаьргара схьадаьккхина герз а, патармаш а, цхьахволчуьнгахь хилла Оьрсийчоьнан паспорт а.
- ГIадужу-бутт чекхболуш нохчийн болгера Халитов Хьасана бехке вир Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, ницкъаллин структурийн белхахо хиллачу Арсанукаев Ахьмадан гергарчаьрга шен доьзална чIир кхайкхор вовшахтохарна.