ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчу дIахьовсийна Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а мухIажарш Боснира а, Герцеговинера а


Туркойчоь, Стамбулера кхелан гIишло. Гайтаман сурт
Туркойчоь, Стамбулера кхелан гIишло. Гайтаман сурт

Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а мухIажарийн тоба Туркойчу дIахьажийна Боснира а, Герцеговинера а. Цунах лаьцна хаамбина цара Кавказ.Реалии редакцига, шаьш тIехь долу кема Стамбулехь охьадоьсинчул тIаьхьа. Хорватихь тховкIело йеха дагахь хиллера уьш берриг а.

Ткъех гергга Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а мухIажарш гIуран-беттан 28-чохь Оьрсийчоьнан бахархошна виза ца оьшучу Боснин а, Герцеговинан а коьртачу шахьаре Сараеве баьхкинера Туркойчуьра. Дозанхойн контролехь цаьргара кехаташ схьадаьхнера, цул тIаьхьа уьш а, кегий бераш а цхьаьна дийнахь-бусий бохург санна къевлинчу хIусамчохь битинера. МухIажарша дийцинера, "шийлачу гIишлошйаран контейнер чохь" латтийра шаьш, кегийчу берашна хударш кечдан ур-атталла цIийдина хи а ца делира шайна бохуш. Царех цхьаммо дIахьединера, шаьш Украине тIамтIе хьийсочу Оьрсийчуьра мобилизацих девдда арадевлла дара.

Сараевон аэропортехь мухIажарш совцоран бахьана ду элира Боснин а, Герцеговинан а Дозанхойн полицин директоран хьехамчас Хофман Свевлада "кехаташ таллар". Свобода Радион Балканан сервисана йеллачу комментарихь цо хаамбира, церан "Босни а, Герцеговине а баха лаам хиларан бахьанаш толлуш, зуьйш ду" аьлла.

Цкъачунна хууш дац, депортаци йеш мухIажарийн паспорташ тIе Боснихь а, Герцеговинехь а штампаш тоьхний, йа уьш пачхьалкхера арабахаран бахьана а.

Боснин а, Герцеговинан а Хорватица долчу дозанехь, хьалхо Маршо Радионо хаамбарца, лаьтташ ву 60 гергга берашца нохчийн мухIажар. ТIаьхьо Свобода Радион Балканан сервисо йаздира КПП-н пунктехь 30 стаг ву аьлла, билгалдаьккхира, шаьш мухIажарша дийцарехь, кхин а бIе гергга махкахой бу дозана гергарчу Велика-Кладуша гIалахь. Цаьргахь масаьргахь а Оьрсийчоьнан паспорташ ду, чIагIдо журналисташа.

Хорватин чоьхьарчу гIуллакхийн урхалло иштта тIе ца дитина, нохчийн мухIажаршца къоман а, динан а билгалонашцап дискриминаци лелайо бухург а, дозанехула дехьабовлар дозанхошна юкъахь "цакхетамаш" хиларца доьзна ду бохург а, цунах лаьцна хьалхо дIахьединера Боснин а, Герцеговинан а кхерамзаллин министро Цикотич Селмос.

  • Европехь куп тоьхначу бакъоларйаран "Вайфонд" ассоциацино гIуран-беттан 26-чохь хаамбира, Боснихь а, Герцеговинехь а нохчийн мухIажаршца дискриминаци лелош хиларх. Оцу пачхьалкхера араболу масех доьзал Iоттабеллера проблемех, царна Туркойчухула Оьрсийчу депортаци йан тарло, чIагIдо бакъонашларйархоша.
  • Лахьан-беттан юьххьехь дийца даьккхира Хорватихь иттаннашкахь нохчий лецна аьлла. "Европерчу нохчийн Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас хIетахь ма-дийццара, цхьаболчу мухIажаршна тIехь ницкъбина, кхерамаш тийсина, сийсазбина аьлла. Нохчийчуьра бахархоша латкъамаш бора, миграцин набахтен белхахоша шайца хIуьттаренаш лелорах а, иштта лоьраш шайна тIе ца битарх а.
  • Австрерчу депортацин набахтехь Нохчийчуьра ши вахархо ву латтош, военкоматера тIекхойкхуш кехат кхаьчначул тIаьхьа веддера и шиъ. Хорвати юхахьажон кечвеш ву и шиъ, цигара Оьрсийчоьне дIавала. Царна тIехь кхел хIинцале а йина ю, вердиктах хууш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG