ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тутмакхаша мацалла кхайкхийна Иркутскерчу колонехь


Иркутскан кIоштара номер 2 йолу колони
Иркутскан кIоштара номер 2 йолу колони

Иркутскан кIоштарчу номер 2 йолчу колонехь мацалла хьегар кхайкхийна тутмакхаша, цигахь чувоьллина ши стаг валарца доьзна. Цунах лаьцна яздо Сибирь.Реалии зорбан-гIирса, шен шина хьастана тIе а тевжаш.

Оьрсийчоьнан таIзарш кхочушдон сервисан цIарах тIехьожучу прокурора бинчу хаамца, 2 тутмакх валарал сов, оцу колонехь лаххара 10-зза ницкъах пайда эцна чубоьхкинчу нахана дуьхьал.

Сибирь.Реалиино яздарехь, Gulagu.net бакъонашларярхойн болам кхоьллинчу Осечкин Владимира дийцарехь, чубоьхкина нах дуьхьалонан акцеш дIахуш бу саццаза шаьш хьийзор а, шайна ницкъ бар а бахаьана долуш.

Чоьхьарчу документацица а догIуш, формалан бахьанаш а керош, чубоьхкинчу нахана тIера бедарш дIайоху колонехь, тутмакхашна етта, церан куьйгех гIоьмаш туху, текхабо лаьттахула.

Тутмакхаш кхалхарна а, еттарна а оцу колонехь мацалла кхайкхийна хиларх лаьцна редакцина бакъдина цигахь чубоьхкинчу нехан гергарчара.

Иркутскан кIоштехула йолчу Оьрсийчоьнан таIзарш кхочудон сервисан урхаллан зорбан сервисо жоп ца делла Сибирь.Реалиин редакцино цу хьокъехь телефон еттарх а, кехаташ яздарх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG