ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман хIоъ-молха тIехдукха хилар дуй кхечарах цавашар?


ОЬрсийчоь -- Искандер-М (Iskander-M) олу системаi ю Москох кIоштахь Iаморашкахь дакъалоцуш, Гезг. 9, 2016
ОЬрсийчоь -- Искандер-М (Iskander-M) олу системаi ю Москох кIоштахь Iаморашкахь дакъалоцуш, Гезг. 9, 2016

ТIаьхьарчу хенахь кхечу пачхьалкхийн дозанашна сих-сиха гергагIерташ йолчу Оьрсийчоьнна шайн ракетах Американ баллистикан ракета таръелла хилла.

ГIадужу-беттан 5-чохь оьрсийн хаамийн гIирсаша дIахьедира шайн Красноярскера радиостанцина Американ агIорхьара хецна баллистикан ракета хааелла, аьлла. Амма цул тIаьхьа, сарале, шайн хаам бацаре бира царах дуккхачара, радиостанцина хааелларг Американ ракета яцара, шайн - оьрсийн Iаморан ракета яра, аьлла.

"Iамарш" а, "гайтарш" а дIадахьарехь жигаръяьлла Оьрсийчоь тIаьхьарчу хенахь.

Кхечу пачхьалкхашца хи тIера а, стиглара а дозанаш декъалучохь тIеман техника гойтуш ю Оьрсийчоь сих-сиха.

Францин тIеман урхалло дIакхайкхадинера оьрсийн бомбанийн кеманаша бахначу баттахь Европан стиглахь лелийнарг провокаци ю, аьлла.

ХIинцца бахначу гезгамашин беттан 22-чохь, Iуьйрана 9 сахьт долуш, Норвегин дозанна гергагIоьртинера оьрсийн, ТУ-160 олу, шиъ бомбанийн кема. Уьш шайна тосадаларцана сихонца хIаваэ гIевттинера Норвегин тIеман кеманаш, шайн доза цара хадийнийла хьовсуш.

Цул тIаьхьа, дийнахь 2 долуш, Францин Бретанан бердашна 100 чакхарма гергадахна оьрсийн кеманаш. Сихонца гIевттинчу Францин "Rafale" олучу тIеман кеманех къаьхкина Испанин агIор дIадахна уьш. Цул тIаьхьа, Испанин тIеман кеманаша шаьш къахкийча, Бильбаон дозанна улло гергадахна уьш, тIаккха Ирландин агIор дIадирзина...

Иштта хаамаш белла, дукха хан йоццуш, Францин тIеман урхалло оьрсийн кеманаш Европан дозанашка гIертарах.

Советан пачхьалкх йохарца севцца долу и тайпа кхайкхаданза гайтарш юхадолийна Оьрсийчоьно Европаца йолу юкъаметтигаш талха йолаелчхьана.

Шайна Европан стиглахь маршо яьллачу дийнахь, Рейкьявикан аэропортера гIаьттинчу Стокгольме доьдучу нахлелочу кеманна чIогIа уллохула тIехдевлла оьрсийн тIеман кеманаш.

Исландино, хьем ца беш, шен цу хьокъехь резаяцар дIахаийтира хIеттехь.

Исландин дипломатийн цIарах и хаам бовзийтира "France-Presse" хьостано.

ТУ-160 - иза 25 генайоьду ракета чухоьуш тIеман кема ду. Кхул хьалха а Прибалтикан дозанашкахь а динера оьрсаша шайн тIеман техникан кхайкхаданза гайтарш.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG