ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

 Германехь шен хIусамнана йийначу нохчочун 13 шо хан тоьхна


КхоазлагIа гIат тIерачу петаран корехула ара а кхоьссина,19-за урс тоьхнера цо шен хIусамнанна.

Даханчу шеран Лахьан-баттахь адам инзаре даьккхинера Германерчу Зенфтенберг гIалахь цхьана нохчочо динчу зуламо. 32 шо долчу Рашида шен хIусамнана цкъа хьалха кхозлагIа гIатта тIерачу петаран корехула ара а кхоьссинера.

Кхелехь тоьшалла дан валийначу цигахь и дерриге а гуш нисвеллачу немцочо ма-дийцара, чукхетачу хенахь уьйтIахь вилспеташ дIатаса хIоттийначу эчиган руьжина тIекхеттера зуда.

Цул тIаьхьа иза яла ца леш йисина хилар шена гича, тIаьхьа чу а воьссина, урс диттина йийнера. 19-за урс тоьхнера цу стага 27 шо долчу шен хIусамнанна, 5 беран нанна. Цул тIаьхьа лагах урс хьаькхнера.

„Доьазза хьаькхира цо цунна лагах урс“- бохуш дийцира тешо, ша шена гучох Iадийна тебба Iаш вара аьлла.

Иштта цхьа кхечу тешо дийцира кхелехь, жимчу стаго шен зуда еле хьалха царна юккъехь дов даьллийла хезаш дара, и зуда йоьлхушяра, ткъа шайн нана юьйчу хенахь чохь церан 5 бер дара, бохуш. И бераш, ала дашна, кху бIаьста Нохчийчу дIагина церан дехоша.

Шен хIусамнана ша еран бахьана Iедалхошка дуьйцучу хенахь Рашид цIе йолчу стаго аьллера, полицин векалша чIагIдарехь, шен шеконаш яра шен хIусамнана шена ямарт ю бохучунна, ша цунах тешаш вацара, аьлла. Бакъду, и доьзал а, и зуда евзаш хиллачу наха хIеттехь социалан машанашкахула дукхаъ тоьшаллаш дира йийнарг вуно оьзда а, иман долуш а стаг яра бохуш.

Кху деношкахь Германерчу Котбус гIалахь дов хоттуш дара и резонансе зулам динчу стаге. Бехкевечо кхелехь мукIарло дира, ша шена ямарт хиларх шеконаш а кхоллаелла урс диттина йийра шен зуда, аьлла. Прокуратурано цкъа хьалха лерина стаг веран зуламна бехке веш вара и кIант.

Цу зуламах Германехь велла дIаваллалца набахтехь яккха хан туху. Амма бехкевечун адвокаташа чIагIдора, Рашид наркоман ву, цо шен зуда ша йоьчу дийнахь Crystal Meth цIе йолу наркотик тоьхна хилла, иза аффектехь а хилла, цундела ша хIун лелдо кхеташ ца хилла цунна. И бахьана долуш шайн клиентана ларамаза стаг верна тухуш долу 10 бен ма тоха бохуш бара.

Кхелахочо Шолбах Франко, прокуратурин а, адвокатийн а тоьшаллашка ладоьгIначул тIаьхьа 13 шо хан кхайкхийра. Велла дIаваллалца набахтехь яккха хан ша зуда йийначунна ца тохаран бух балош кхелахочо элира, цо леринчу Iалашонца шен хIусамнана йийна хиларх шеко яц, амма Германехь и санна долу зулам дар мел маьттаза лоруш ду цунна хууш хиллачух тер дац, хIунда аьлча иза шен доьзалца цу махка веана дукха хан ца яьлла, аьлла.

Кхелахочунна хетарехь, шен даймахкахь а, динехь а зуда ен магийна хиларна Германехь а изза дан мегар ду моьттуш хилла цунна. Цундела леринчу Iалашонца стаг верна а ца тухуш, валаре далийначу еттарна низамца тоха йиш йолу хан – 13 шо- тоха сацам бина кхело шен зуда йийначунна.

Ала догIу, немцойн хаамийн гIирсашкахь а, социалан машанашкахь вуно емал деш тIеэцна кхелахочо нохчочунна иштта кIеззиг хан тохар. Я бусалба динехь а, я нохчийн Iадаташкахь а наркотикш мелла зуда ен бакъо ца хилар ца дийцича а, немцойн низамаш массарна а цхьатерра хила дезаш ду, кхечу къомахчу я динах болчу нахана бонус а ца еш бохуш яздо кхелан сацамна резабоцучара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG