ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

UFC-н америкахойн латархо бехказваьлла ша Нохчийчу берийн де даздан кхайкхина вара аьлла


UFC-н латархой Генри Сехудо, Джастин Гейджи а, Камару Iусман а. Нохчийчоь, лахьан-бутту, 2022 шо
ЧГТРК "Грозный" телеканалан сюжетера скриншот
UFC-н латархой Генри Сехудо, Джастин Гейджи а, Камару Iусман а. Нохчийчоь, лахьан-бутту, 2022 шо ЧГТРК "Грозный" телеканалан сюжетера скриншот

UFC-н ийначу кепехь латарийн лигин экс-чемпионо Гейджи Джастина дIахьедина, Нохчийчоьнан урхалхочуьнца Кадыров Рамзанца ша цкъа а цхьаьнакхетта вац, лахьан-баттахь республике шен вахар доьзнера берийн дезачу денца аьлла.

Карладоккху, лахьан-баттахь Нохчийчу веара Гейджи экс-чемпионашца Iусман Камаруца а, Сехудов Генрица а. Гуьмсера Оьрсийчоьнан спецназан университетан полигоне бигинера уьш, цигахь йоккха топ а, гранатомет а йеттийтинера цаьрга. Цул совнах КадыровгIеран резиденцихь хилира уьш – куьйгалхочун кIентан Кадыров Iелин инстаграмерчу аккаунтехь зорбане яьккхинера Гейджица цхьаьна сальто йеш видео.

Хиллачунна комментарий ца йира йа спортсменаша а, йа UFC-н куьйгалло а. Бакъду, масех кIира даьллачул тIаьхьа "адамаллина дуьхьал къизаллаш лелорна бехкевечу эскарийн хьаькамца" Гейджин юкъарлонаш хиларх дIахьедира, твиттерехь спортхочуьнца девне ваьллачу медиаменеджеро, Barstool Sports блог кхоьллинчу Портной Дэйва. Цунна жоп луш, иштта Гейджин агIоне йаpбеллачийн хеттаршна жоп а луш, Гейджис и бехкаш "харцдерг, доцург кхоллар" ду элира.

"Оьрсийчуьра боллу бахархой цхьатерра бу моьтту шуна? Берийн дезачу дийне ваханера со. Суна а хазахета герз кхусуш", - кхетийра Гейджис Гуьмсерчу "лаамхой" кечбечу базе шен вахарх.

Хетарехь, дуьйцург ду, кху баттахь 15 шо кхаьчначу Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхозлагIчу кIентан Кадыров Адаман вина де. Америкера UFC-н латархой иза волчу бахкарх лаьцна яздира хьалхо оппозицин Niyso телеграм-канало. Стохка Адаман винчу денна кхайкхинера иштта Iусман Камару.

Хьалхо спортхой Нохчийчу богIуш бу аьлла, хьахийра Кадыров Рамзана а. "ВКонтактерчу" шен агIонехь полигонехь яьккхина видео зорбане хIоттийра цо, Оьрсийчоьнан спецназан университетехь хила лууш бу спортхой аьлла, тIе а тухуш.

  • Дуьххьара веана Нохчийчу Гейджи а, Сехудо а, Iусман хилла республикехь 2020-чу шеран лахьан-баттахь – оцу тIехула малхбузерчу журналисташа емалвира иза
  • 2018-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца цхьанакхетар бахьана долуш критика йира Мисарарчу футболан спортхочунна Салахь Мохьаммадна.
  • Кху шеран аьхка The Guardian ресурсан журналисташа бехкбаьккхира нохчийн боксерера Бетербтиев Артурера Кадыров Рамзанца доттагIалла лелорна. ГIирсо дагадаийтира, 37 шо долу спортхо Канадин вахархо хилар, цигахь тренировкаш йеш, турнирашкахь дакъа а лоцуш, амма Нохчийчу леста урхалхо волчу, цуьнца суьрташ дохуьйту, цуьнгара совгIаташ схьаоьцу аьлла. Доккхачу декъана, стохка Бетербиевна республикан цIарах "Мерседес-Бенц" машен а, "Соьлжа-ГIалин сийлахь вахархо" аьлла цIе а луш, совгIат дира.
  • Хьалхо США-н арахьарчу активашна тIехь Iуналла латточу финансийн министраллин урхалло "Iаьржачу тептаре" язбира шайн бахархошна а, резиденташна а бизнес лелон дихкина нах, Кадыров Рамзан а, цуьнан доьзалхой а бара цу юкъахь. Украинера тIом бахьана долу санкцеш яьхна Кадыровна а, цуьнан гергарчарна а дуьхьал.
  • 2017-чу шеран гIуран-баттахь США-н финансийн министралло "Магнитскийн тептаре" вазвира Нохчийчоьнан куьйгалхо. Кхел йоцуш нах байарна а, Iазапаш хьегийтарна а, кхин долчу адамийн бакъонаш талхорца доьзначу зуламашна а бехкевинера иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG