ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

UFC-н латархочо Чимаев Хьамзата шена къинтIера ваьккхина экс-чемпион Нурмагомедов Хьабиб


Чимаев Хьамзат
Чимаев Хьамзат

UFC- чемпионатан экс-чемпионан Нурмагомедов Хьабибан менеджера Абдель-Азиз Iелас дийцарехь, UFC-н латархочо Чимаев Хьамзата шена бехк ца биллар дехна Нурмагомедовна ша "оха иза а ватIор ву, нагахь цунна лаахь" аларна, хаам бо Кавказ.Реалиино.

"Хьамзат а, Хьабиб а, со а тхо вежарий ду, тхо бусалбанаш ду. Амма со кхин Хьамзатаца болх беш ца хилар хIумма а дац, суна хьалха санна дукха веза иза, ас гIортор йо цунна, иза дика кIант ву. Цо шена бехк цабиллар дехна иза хиллачул тIаьхьа кхо бутт баьлча, хилларг гIалат дара аьлла. Суна Хьабиб вевза дукха а хан ю, со цунна муьтIахь ву, амма иза дац со Хаьмзатана муьтIахь вац бохург", - дIахьедина кхушара Мангал-баттахь Чимаевца болх бар юкъахдаьккхинчу Абдель-Азиза.

Абу-Дабехь вовшахкхетча, ша цуьнгара жоп доьхур дац аьлла, дIахьединера Нурмагомедовс, цо аьллачунна дуьхьал.

"Ас адамашка хIумма а ца хоьтту. ХIораннан а шен-шен хьажам бу. Цхьангара жоп деха гIерташ хуьлура со тоххара… и хан тIехтилла сан хIинца. Кегийрхошка а боху ас, соьгара дийлина гIалаташ шайгара ма дийлийта. Адамашкара жоьпаш доьхур дац ас. Аьтто бойла цуьнан. Абу-Дабехь летар болчу тхайн берашна сагатдийр ду оха, ткъа уьш дуккха а хир бу", - элира Нурмагомедовс.

Кхушара Марсхьокху-баттахь, Чимаевс иштта элира шена Нурмагомедовх лаьцна хетарг: "Нахана моьтту суна иза цавеза… Суна дукха веза иза. ХIунда аьлча иза бусалба ву, со а бусалба ву. Иза жимачу юьртара ву со санна, тхойша цхьана пачхьалкхера ву, цхьатерчу республикашкара. Нохчийчоь а, Дагестан а цхьатера ю. Сан дуккха а вежарий бу Дагестанера".

  • Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь нохчийн UFC-н латархочо Чимаев Хьамзата дош делира, дагестанхойн чемпион Нурмагомедов Хьабиб ша "ватIор ву" аьлла. Инстаграмехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIаяьхьначу эфирна бухахь йитинера цо ишта комментарий. Стрим йоьдучу юкъанна Нохчийчоьнан куьйгалхочо элира Нурмагомедовга, "Ахматан" муьлххачу а латархочуьнца иза тасалахь, ша "цо доьхху ахча лур ду" аьлла. Кадыровс "UFC-н проект" ю Нурмагомедов аьллачул тIаьхьа, шен агIор Чимаевс дIахьединера ша кийча хиларх, Нурмагомедов Хьабиб "ватIо", нагахь цунна "лаахь".
  • UFC-н массо а рейтингашкара дIаваьккхира ийначу кепехь латаран чемпион волу дагестанхо Нурмагомедов Хьабиб, цо шен спортан карьера ерзош хиларх дIахьединчул тIаьхьа. Стохка ГIадужу-баттахь Нурмагомедовс дегIан лахарчу йозаллехь кхозлагIа яьккхира чемпионан титул, эшийра америкахо Гейджи Джастин. И латар дирзича кхайкхийра цо ша профессионалан спорт юьтуш хилар. 32 шо долчу Нурмагомедовс ша эйинчу кепийн летаршкахь волуш дIадаьхьина 29 цхьаьнакхетар, ца эшна цкъа а. Форбсан зерашца, цуьнан бахам бу I2 миллион долларшкахь, хаааме даьккхина "Медузо" (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн тептаре язйина, "Медузан" редакци цуьнца реза яц.-Редакцин билгалдакхар.).
  • UFC-н чемпионатехь рекорд хIоттийра Чимаевс – 66 денна чохь туьйлира кхузза. Карарачу шеран юьхххьехь критика йира цунна, цо Нохчийчу а вахана, Кадыровца суьрташ а дохуш, цо совгIат йина Мерседес машен схьа а оьцуш хьийзарна. Спортхочо цул тIаьхьа дIахьедира, могуш вац ша, спорт юьтуш ву, аьлла. Амма Зазадоккху-беттан юьххьехь Кадыровс, Швеце кема а хьажийна, Нохчийчу дIавигира иза, даржийра, "Ахмат" клубехь кхидIа а яхлур ю Чимаевн карьера, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG