ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уггар а кIезиг алапаш оьцуш хиларца билгалъевлла Кавказан республикаш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан регионашлахь пачхьалкхо хIоттийначу лахарчу барамца (МРОТ) уггар кIезиг алапаш оьцу нах дукха хиларца билгалъяьхначу пхеа республикана юкъахь бу Къилбаседа Кавказан пхи мохк. Росстатан зерашна тIетевжина хаамбина цунах лаьцна "Известия" газето.

2021-чу шарахь МРОТ-н барам бара 12 792 эзар сом. Ма-дарра аьлча, официалан зерашца а догIуш, йоллу Оьрсийчохь оцу барамал а лахара алапаш оьцуш бу 2,5 процент белхалой, иза хуьлу 690 эзар стаг.

Къаьстинчу реогионашкахь хьал ледара го Дагестанехь. Лахара алапаш оьцуш бу цигахь 13,7% бахархой. Цунна тIаьхьа йоьгIу Къилбаседа ХIирийчоь (10,8%), Кхарачой Чергазийчоь (10,3%), ГIалгIайчоь (9%), ГIебарта-Балкхаройчоь (8,3%).

Нохчийчуьрчу хьолах лаьцна хааамаш ца балийна "Известия" газето, Росстатан сайтехь а информаци яц цкъачунна.

Дукхаъчу социалан-экономикан хьолах хIиттийначу рейтингашкахь Къилбаседа Кавказан мехкаш тIаьххьарчу меттигашкахь ду. Оцу кепарчу гайтамашкахь уггара ледара хьал белхазаллица хиларца билгалъяьлла ю Нохчийчоь.

Стохка Охан -баттера схьа дуьйна кху шеран Дечкен-батте кхаччалц ГIебарта-Балкхаройчоь а, Ставропол-мохк а, Кхарачой-Чергазийчоь а белхазалла лакхаяьллачу регионашлахь яра. Къинхьегаман министралло далийнера и зераш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG