ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уггар лахара терахьаллин хаарш ду Нохчийчохь интернетах пайдаоьцучийн


Интернетах пайдаоьцуш болу Кхарачой-Чергазийчуьра а, Нохчийчьура а кхаа декъах шиннал сов болчеран лахара терахьаллин хаарш ду – Оьрсийчоьнан* регионашлахь иза уггар а ледара гайтам бу- аьлла ду, статистикийн талламийн а, экономикан хаарийн а Лаккхарчу школан Институто динчу зерашкахь.

Лахара терахьаллин карадирзинарг 67,6 процент ду Кхарачой-Чергазийчуьра бахархойн, 66,5 Нохчийчохь, оцу регионашкахь интернете бовла таро ерш дуккха а боллушехь. Кхарачой-Чергазийчохь 91,2%, Нохчийчохь 96,2% - цо регионийн рейтингехь 11-чу а, кхоалгIачу а меттигашка йоккху и шиъ. Денна интернете буьйлучийн лаккхара дакъа ду цигахь - 87,5% Кхарачой-Чергазийчохь а, 93,7% Нохчийчохь а (Оьрсийчохь ворхIолгIа а, шолгIа а меттигаш).

Лахара терахьаллин хаарш долчу аутсайдершлахь кхозлагIа ю Дагестан 60,7% гайтамца. Оцу юкъанна ГIалгIайчоь, лахара хааршца билгалваьлла 28,4 процент нах болу, мелхо а, лидерш евллачу регионашлахь нисъелла, Чукотскан автономин гонашна а, Мурманскан кIоштана а некъ буьтуш.

Талламбан Iалашонца Росстатан зераш тIехь билгалдаьхначу терахьаллин хаарийн мах хадийра пхеа гайтамца: информацица болх, коммуникаци, терахьаллин гIирс нисбар, онлайн-сервисех пайдаэцар, программаш латторца болхбар.

* Юкъахь ю Оьрсийчоьно аннекси йина ГIирма а, Севастополь а.

  • Нохчийчуьра хьехархой мехкан куьйгалхочо республикехь лелош долчух лаьцна хастаме комментариш язъян декхаребира. Уггар хьалха иштта йозанаш дита дезара мехкан куьйгалхочун посташна бухахь. Цунах лаьцна хаамбира дешаран министраллин системера Кавказ.Реалиин хьасташа.
  • Хьалхо дийцадаьккхира, интернетехь цензурин дозанаш хадо бакъо лучу VPN сервисашна блок тохарх: тестийн блокировкаш дIаяьхьира иштта Оьрсийчоьнан Къилбехь а.
  • Стохка хаамашкахь дуьйцура, дагестанхойн хьаькамшна юккъерчу барамехь бархI сов сахьт эшарх социалан машанашкахь бахархоша деллачу хеттаршна жоьпаш дала; оцу гайтамца республико Оьрсийчохь тIаьххьарчу меттигех цхьаъ дIалаьцнера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG