ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уггара доккха "гIазот": хIун дуьйцу Нохчийчуьрчу бахархошка Украинерчу тIамах лаьцна


Соьлжа-ГIала, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан а, Кадыров Ахьмадан сурт тIехь долу а байракхашна хьалха лаьтта эскархо, 2022-чу шеран Зазадоккху-беттан 29-гIа де

ТIаьххьарчу шина кIирнах Нохчийчуьрчу Iедало вуно жигара даьккхина миттигерчу бахархошна агитаци йаран гIуллакх – цаьрга "нийса йолу" позици юьйцу Украинехь боьдучу тIамах лаьцна. Республикан кIошташкахь шортта школахой, бюджетан белхалой схьагулбо, пачхьалкхан хьукматашкахь дийцарш, маьждигашкахь хьехамаш бо, арахь газетийн лерина арахецарш доькъу, меттигеррчу телехьожийлан прайм-таймехь леррина пропагандин программаш гойту. Амма дукхачу хьолехь цара далон тоьшаллаш хьалха дуьйна харц хилар гучудаьллачу хаамашна тIехь лаьтташ хуьлу.

Ерриг Оьрсийчохь йолчуьнца юьстича, Нохчийчуьра тIеман пропаганда, хетарехь, шен агрессица а, Украине чугIортар бен, "кхин дан хIума дацара" бохучун керла версишца а къаьсташ ю. Масала, республике эскархой дIахьийсорна бух балабо, Нохчийчу схьакхача мега бохуш йолу "малхбузенан синмехаллашца" къийсам латторца. "Пайхамар а, дин а сийсаздечу нацисташна" дуьхьало йар ю боху иштта цхьахйолу Iалашо.

Регионехь керлачу ницкъаца болх болийна хаамийн а, административан а ресурсийн доккхачу дакъано. Зорбанашкара агитацин болх боцург, Нохчийчоьнан къоман политикан а, хаамийн а министралло республикан кIошташкахула тур йолийна, дуьххьал дIа тIом къобалбан а, "арахьарчу мостагIех" болу кхерамах дийца а. Пачхьалкхан "Грозный" телеканалан репортажехь дийцарехь, пропагандан гастролаш хIиттийна Соьлжа-ГIалахь, Устрада-ГIалахь, Хьалха-МартантIехь, Девкар-Эвлахь а – дерриг схьаэцча 15 гергга вовшахкхетар дина.

"Тахана вай Украинехь тIеман ницкъах пайда эцарца, - вай [ишта] Оьрсийчоь Украинера хила мегаш йолчу агрессех ларйо. Тахана Оьрсийчоьно зуламан-марионетан режимера а, цуьнан тIеман тобанашкара а герз дIадоккху", - масала, дIахьедина Устрада-ГIаларчу дешархошка а, студенташка а къоман политикан а, хаамийн а министран гIовсо Баширов Сайд-Мохьмада.

"Нохчалла ларъярхьама тIом"

Кегийрхошца цхьанакхетарехь Устрада-ГIалин гонан къедано (шариIатан кхелахочо. – ред.) Доскаев Юнуса хаамбира, гулам вовшахтоьхначара дешархошка а, студенташка а цара марха достучу юкъанна нохчийн эскархошна доIа дар дехна аьлла. Ишттачу барамаша кегийрхойн "адеквате позици" кхуллу "машар хIотторан операци" дIаяхьарца доьзначу хеттаршна, кхетийна ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан репортажехь.

Кхечу къамелдечо – махкахошца зIе латторан агенталлин директоран гIовсо Сайдаев Ислама – дIахьедина гуламехь, "малхбузенан цивилизаци" нохчийн юкъараллана постмодернизман идеологи тIекхолла гIерташ хилар. ТIом къобалбина цо, къоман шайтайпаналла а, "нохчалла ларъярца" бух а балош.

Оцу агитацино вочу агIора лар йита мега вайн кегийрхойн хьекъалшна тIехь

Шен цIе яккха ца лиъначу Кавказ.Реалиин Нохчийчоьнан дешаран а, Iилманан а министраллин хIоттамерчу хьостано хаамбина, хьукмато тIамах лаьцна къамелаш дан дешархой схьагулбан омра ца делла, аьлла. Цул совнаха, къамелдечо бахарехь, регионерчу министраллина куьйгкIелахь йоцу цхьахйолу дешаран хьукматаш ю репортажехь хьехош.

"Цхьацца хьукматаша юьхьанца хаамбиначул тIаьхьа меттигерчу директорийн тIегIанехь лелош гIуллакхаш хилар гуш ду иза, къаьстина кхузахь буьйцург зорбанан министраллера хаам бу. Халахетахь а, "Патриоте кхиор" боху федералан проектехула дешархошца шатайпа барамаш хIитторна наггахь тIенисло тхо. Иза кхин а тамашена гуш хуьлу, хIунда аьлча, тхан министралло а, департаменташа а цаьрга и дехарш ца до", - тидам бо къамелдечо.

Дешархошна тIе ерзийна пропаганда йар иза "тIеман зуламаш къобалдархьама лелош долу вон гIуллакхаш ду" боху пачхьалкхан белхахочо.

"Оцу агитацино вочу агIора лар йита мега вайн кегийрхойн хьекъалшна тIехь. ТIамехь вайн пачхьалкхан бакъйолу позици йолуш санна кегийрхой тешон гIерта уьш, вай цигахь къепе дIахIоттош санна, зуламца къийсам латточу эскархойх а, Iедалх а дозалла дан деза бохуш, ойла кхолла", - тIетоьхна Кавказ.Реалиин министраллерчу хьостано.

Агитацин туран декъехь Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн университетан студенташна дийцира, НАТО-н агIонгара а, Америкера а лаьттачу кхерамах лаьцна. Официалерчу наха а юх-юха юьйцу и концепци. Масала, пачхьалкхан думан депутата Делимханов Адама хьахийра Нохчийчоь "НАТО-с хIаллакйинчу мехкийн декъехь" - Авганистанан, Ливин, Украинан, Иракан а рогIехь.

"Ца дича йиш йоцу" чугIортар

ТIом болабелчхьана республикан Iедалша 10 гергга бахьанаш хазийра Украине чугIортар ца дича йиш йоцу хIума хилар дуьйцуш. Сих-сиха и "бух балораш" вовшашца логикан зIенаш йолуш ца хуьлу, амма массочу ханна "ца бича йиш йоцу тIеман" бух тIехь лаьтташ хуьлу.

Тоьшаллийн меттана даладо журналисташа а, фактчекерша хьалхо дуьйна харц а дина, фейкаш хилар тIечIагIдина хаамаш. Масала, кегийрхошка дуьйцу, украинхойн Iедало Донбассерчу бахархошна геноцид йо бохуш, 8 шарчохь 15 эзар стаг вийна, саццанза Украинан ницкъаша сепаратистийн "ДНР-н" а, "ЛНР-н" дозанашна тIе тохарш до бохуш.

"Украинехь мел-хуьлург, республикан куьйгалхочо а, вайн эскархоша лелориг – иза вайна оьшу, кхана маьршачу стигална кIелахь вайн даха йиш хилийта", - аьлла Соьлжа-ГIалин телехьожийлан корреспонденташка Нохчийчоьнан юкъараллин палатин хьалханчас Денильханов ИсмаьIила.

Украинерчу тIамна реза ца хилахь, хIоьънашна кIелахь дехар ду бохуш, кхерабо Кадыров Рамзана нохчий.

"Иза вай ца динехьара, и дерриг вайна сехьадер дара. Иштта маьрша нах а лийр бара, тохаршна кIел нислур дара вай", - аьлла Кадыровс, иштта билгалдаьккхина цо, бохам юхатоьхна "Путинан нийсачу сацамо" аьлла. Республикан куьйгалхочо дIахьедина, "вайн массарна цига дIа а дахана кхалхар тоьлу, и боьхалла вайна сехьа йолуьйтучул а".

Охан-бутт боьрзуш "Грозный" телехьожийлехь Украинерчу хиламашна лерина "Резонанс" программан схьаеллар хилира. Оцу цIарца гайтар дара 10 шо хьалха каналан эфирехь, амма кхечу кепехь. Юхайолийначу проектан хьеший – уьш, массо хенахь аьлча санна, Кадыровн гонера официалан нах бу. Цхьацца бахьанаш а далош, спикерша цхьамогIа боху луларчу махкахь тIемаш дар совдаккха.

Уггара жигарчу тIеман агIончех цхьаъ хилла Нохчийчуьра адамийн бакъонехула векал Солтаев Мансур. Программан эфирехь цо дIахьедина, тIаьхьарчу шерашкахь "социалан машанашкахь а, телефонехула а лелийна дерриг зуламаш", дийцарехь, Украинехь йолчу "фейкаш яржоран лабораторешца" доьзна ду, аьлла. Программан декъашхоша иштта украинхойн Iедал бехкедина, шаьш Оьрсийчуьра банкийн белхахой болуш санна кеп хIиттон зуламан колл-центраш латторна.

Омбудсмен Солтаев а, юкъараллин палатин декъашхой а цул хьалха бевзаш бара Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьешарх лаьцна яздечу журналисташна а, бакъоларъярхошна а дуьхала гуламаш хIитторца. Дахначу шеран Зазадоккху-баттахь, масала, уьш "Новая газетан" журналистана Милашина Еленана дуьхьала бевлира, "нохчийн къам Iад дитар" тIе а дожош – иза кадыровхоша меттигера бахархой кхел йоцуш бойъу бохучу материалан реакци яра.

"Дино тIедожийна иза"

Нохчийчуьра пропагандин доккха дакъа Украинера тIом болабелчхьана "динан тIедилларшца" доьзна дара. Официалан динан гIуллакххоша цхьаэшшара дIахьедора, оцу тIеман сийлаллех лаьцна, ткъа регионан куьйгалхочо иза "Делан, пайхмаран, динан а некъа тIехь тIом" бу элира.

"Пайхамар вайх дIакъаьстичхьана цул доккха гIазот хир дуй-те аьлла, доккха гIазот ду тахана дерг – ишттачу некъа тIехь къахьоьгуш бу вайн вежарий", - дIахьедина Кадыровс, шен дешнашна бухбалийна цо украинхойн эскархоша дин сийсаздина бохучу тIечIагIдина доцучу хаамашца.

Нохчийн кегийрхоша беламе дохку тIом къобалбеш Iедало а, динан гIуллакххоша а далон тоьшаллаш

Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, республикера маьждигаш нохчийн эскархошна доьIанаш дан луучарах дIадузаран "беркате бахьана" хилла и тIом. Амма и гуламаш нуьцкъаха вовшахтухуш хиларан республикера шортта тоьшаллаш хеза. Зазадоккху-бутт юкъабаьлча мессенджерашкахь баржийначу хаамехь цхьахйолчу хьукматан белхалой декхаре бора буьйсанна дечу Тахаджжуд ламазе бахка (АллахIана муьтIахь хиларан уггаре еза йолчу кепех цхьаъ. – ред.). Реза ца хиллачарна хьоьхура "[балхара мукъавоккху] арз стоьла тIе охьадиллар".

Шен цIе йовзийта ца лиинчу цхьахйолчу Соьлжа-ГIалара пачхьалкхан школера хьехархочо дийцина Кавказ.Реалиига, тайп-тайпанчу хьукматийн белхахой Рамадан баттахь маьждиге ихначу графиках лаьцна.

"Балхара дIаваккхарца цхьамма кхерамаш ца туьйсура – цига вахар дара-кх тIедиллина. КIирнах цхьана йа шина дийнахь хIора белхахо декхаре вара цигахь дакъа лаца. Iуьйранна хьо цхьамма а балхах мукъа ца вуьтура. ДIа а язвелла цIаваха а дукхачу хьолехь аьтто ца хуьлура", - дIахьедина къамелдечо.

Кадыровхошна доIанаш деш, ламазашкахь дакъа лаца пачхьалкхан хьукматийн белхахой хьийсабо бохучунна тоьшаллаш до меттигерчу телехьожийлан репортажашкахь а. Цигахь гойту Соьлжа-ГIалара коьртачу маьждигера хьалхара гIат – оцу тIехь берриг аьлча санна, могIанаш дIабуьзна бу Оьрсийчоьнан МЧС-н барзакъ доьхначу нахах.

Нохчийн бакъоларъярхочунна Янгулбаев Абубакарна хетарехь, ерриг Оьрсийчохь гуш ю сонта, агрессиве тIеман пропаганда, амма Нохчийчохь иза тамашена кепашка йирзина, Кадыровн, Путинан тIедиллар вуно дика кхочушдан гIертарна.

"Нохчийн кегийрхоша беламе дохку Iедало а, динан гIуллакххоша а тIом къобалбеш далон тоьшаллаш. Царна уьш логикаца доцуш, сонта го. Сих-сиха нисло бендоцурш, хIунда аьлча, Iедалан къамелах гуш-хезаш кхаьрдича бекхам хуьлу. Иштта дара Нохчийчохь, Гуьржийчохь, Шемахь а, 2014-чу шеран Украинехь а тIемаш долуш. Баккъала а дIахьедан йиш ю сан, оцу тайпа пропагандано кегийрхошкахьа болх ца бо", - тешна ву Кавказ.Реалиица къамелдинарг.

Цунна хетарехь, кегийрхой шайн лаамашна кIел кхабалур бу, йа чIагIбелла боцу дуьненан хьежамашна а, кхетам кIеда хиларна а тIе а тевжаш, церан ойла куьйгкIел ерзалур ю моьтту Iедална. Дешархойн а, студентийн а критикан кхетам бу, интернетана тIекхочийла а ду, шайна коча йолла гIерта ойла талла, тIетуьйхира Янгулбаевс.

***

Хьалхо Кавказ.Реалиино дийцира, Нохчийчуьра бахархой тIаме кхайкхаран кепах лаьцна – шайн лаамернаш бу бохурш. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Украинерчу тIамна тIехь пиар яран коьртачу декъех цхьаъ хилира царах. Юьхьанца цо дIахьедора, меттигера бахархой шайн лаамехь кийча бу тIеман тийсдаларшкахь дакъа лаца, цул тIаьхьа тIаме кхийкха буьйлира "бехкала бахна" ницкъахой а, Кадыровн критикийн гергарнаш а, хIинца "шайн лаамернаш" ахчанашца гулбеш бу.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG