ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уьнна дуьхьал маха тоьхна боцучарна мехах дарба дан деза, аьлла кхайкхам бина гуьржийн президента


Зурабишвили Саломе

Гуьржичоьнан президента Зурабишвили Саломес кхайкхам бина Iедале, махкахь вакцинацин процесс жигара яьккха "нахана Iаткъам бар чIагIдан" дан деза аьлла, хаам бо "Эхо Кавказа" сайта.

Пачхьалкхан куьйгалхочунна хетарехь, эпидемица доьзна хаьл телахаш хиларна оьшуш ду: юкъараллин меттигашка буьтуш "COVID-паспорташ" юкъадаха а, ун дала мегаш болчу нахана вакцинаци яр тIедожор а, ткъа иштта вакцина тоьхна бочцу нахана дарба мехах дар а.

Президента аьлла пандемия "цкъа а хилла йоцучу масштабан бохам бу Гуьржийчоьнна, пачхьалкх демографин кризис ловш ю" аьлла билгал а доккхуш.

Зурабишвилина хетарехь, хIоьттинчу хьолехь "бехке бу массо а" – массерна а вакцинаци ян алсам гIулчаш яха дезаш долу Iедал а, политикан партеш а, дуккха а адамаша дакъалоцу акцеш дIакхоьхьуш йолу, патриархи а, диндайша "емал ца барна "антиваксерш", килсашка лелачу нахана юкъахь вакцина тохаийта бохуш кхайкхамаш беш боцу.

Президента критика йина Гуьржийчоьнан бахархошна, шаьш маха тохийта кхерарна "ерриг а пачхьалкх демографин катастрофина хьалха хIоттош" болу.

Лахьан-баттахь коронавирусан ун далар бахьана долуш Лахьан-беттан 2-хь Гуьржийчохь велла 49 стаг, ткъа цхьа де хьалха – 47. Верриг а пандемия йолаелчхьана коронавирус кхетарх бахьана хилла Гуьржийчохь хIинцале а велла 10 эзар сов вахархо. Махкахь вуно лахара жигаралла ю вакцинаци яйтарехь, цуьнца цхьаьна, медикаш билгалдаккхарехь, 99% реанимацехь болчу дархойх бу вакцинаци йина йоцу нах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG