ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Украина эшоро нохчашна кхин а вон дан тарло". ТIамах доьзна хиларх дуьйцу бакъоларъярхочо


Ирпень. Украина. Зазадокху-бутт, 2022 шо
Ирпень. Украина. Зазадокху-бутт, 2022 шо

Шина баттахь сов Оьрсийчоьнан эскаро дикка зенаш дина Украинана – Зазадокху-баттахь динчу лараршца, цуьнан барам бу 62,6 миллиард долларш. ООН-н зерашца, 4,3 миллион сов украинхо араваьлла пачхьалкхера, кхин а 7,1 миллион декхаре хилира шайн хIусамаш дIа а туьйсуш, кхечу регионашка дехьабийла. Цул совнах, украинхойн талламо а, бакъолаъярхоша а дIахьедо оьрсийн салташа маьршачу нахана дуьхьал лелочу тIеман зуламех.

Нохчийн бакъоларъярхо, журналист Байсаев Усам, дIайохийначу бакъоларъяран "Мемориал" центран белхахо волчу хенахь, цо дIаяздора 1999-чу шарахь дуьйна Нохчийчохь лело тIеман зуламаш а, бакъонаш эшор а. "Кхузахь дехаш адамаш ду. Нохчийчоь: ницкъбаран хроника" цIе йолчу, дуккхаъчу дакъошкахь араяьккхинчу жайнин цхьахволу автор ву Байсаев. "Мемориалан" векалшна хетарехь, оцу дакъошкахь гулбина хаамаш, - "мел а сихха Дуьненаюкъарчу Гааган трибунале кхачон бакъо ю".

ХIинца баьлла тIом ца хилийта йиш ярий-те, жоп лур дуй Оьрсийчоьно лелийначу тIеман зуламех, хIунда бу Украинан толам нохчашна оьшуш? Оцу доллучух лаьцна дийцира Байсаев Усама Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь.

– КхозлагIа бутт бу Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно шуьйра тIом болийна. Цигахь хуьлучуннна тIехь терго латтайой ахь?

– Терго ца латтайойла дан а дац. Дуккхаъ нах а, нехан дахар а хийца тарлун хIара тахана доллу дуьненахь а коьрта хилам хилла дIахIоьттина.

– Украинехь хуьлучух мах бакъоларъярхочо санна хадабо ахь йа Нохчийчохь хиллачу шина тIеман тешо санна?

– Цкъа делахь, со бакъоларъярхо вац. Къилбаседа Кавказерчу бакъоларъяран "Мемориал" центрехь болх бечу хенахь а вацара. Оьрсийчохь адамаш Iалашдойла яц, хIунда аьлча, Конституци тIехь хаза охьаязйина церан бакъонаш, цхьа декларативе башхалла йолуш ю. Чопанан лоппаг санна дIайов уьш муьлхха а хьаькамийн интересех Iотталахь, пачхьалкхаца Iотталахь-м – муххале а. Хенан хаамхо лорура ас суо, сайн белхан накъосташца а, доттагIашца а мел а дуккха а зуламаш дIаяздан гIертара со, царна бехкенаш жоьпе ийзон цхьа аьтто баьлча. Иштта хьелаш хIитта тарло Оьрсийчоьнан Украинаца болу тIом бирзича а.

Ша Дала къастийна ву аьлла хетачунна хала ду лулахочуьнца дов ца даккха

Нохчийчохь шина тIамехь гергарнаш, бевза-безарш, белхан накъостий кхелхина сан. И хилла хан яьллачул тIаьхьа хала ду Украинера хиламаш зен. Дуккхаъ болу нохчий а санна, дог лозу сан тIамо хIаллакбечарех – цкъа мацах вайна тIеэгна ракеташ тIеоьгучу маьршачу украинхойх.

– Украинаца тIом ца балийта таро ярий? Нагахь санна, хиллехь, муха?

–Нехан цIа чу а, хIусаме а ца лелхаш, шен къепене нах берзон а ца гIерташ, ша а Iама везаш волу, кхечарна хьехарш дан а ца гIерташ, нехан харжам лара а лоруш, хьуна хьайна иза товш бацахь а. Девне ца вуьйлуш, тарлуш, могIарерчу нахана юкъара низамаш иштта хила дезаш ду-кх. Изза низамаш жимма кхечу тайпа дIаяздина ма ду дуьненаюкъарчу бертан дийцаршкахь а, пачхьалкхашна юкъахь хиллачу бертехь а. Оьрсийчоьно башха лоьруш дац уьш, хIунда аьлча, империн лазарца йолу дела – хала ду лулахочуьнца дов ца даккха, ша Дала къастийна ву, гуттар а ша бакъ ву аьлла хетачунна. Украина Оьрсийчоьнца дуьхьал Iоттаяла езаш яра цкъа мацца а.

– Оьрсийчоьнан эскаро Бучехь а, Ирпенехь а, кхечу гIаланашкахь а лелийначу къизаллин тоьшаллаш зорбане даьхна украинхойн Iедалхоша. Уггар а хьо цецваьккхина хIума дан а дарий цаьрца?

– Оьрсийчоьнан эскарийн акхараллех вай цецдовлийла яц. Цара хIинца Украинехь деш дерг, - Нохчийчохь лелийначу зуламийн калька ю. Керла хIуммаъ дац! Ма-ярра аналоги яхь, Бучехь хиллачо дагадоуьйту 1999-гIа шо довш Iалхан-Юьртахь, 2000-чу шеран юьххьехь Соьлжа-ГIаларчу Старопромысловскан кIоштахь динарг, оьрсийн эскарша бIеннаш нах байира, цхьаберш дийнна доьзалашца, иштта цара тIехь ницкъбина а беллера цхьаберш.

"Нохчийчоьнна Дуьненаюкъара трибунал" монографихь билгалдина ду, цигахь хилларг "нах бойуш, Iазапе операци" аьлла. Цуьнан тера йолу билгалонаш ю: къеста а ца беш, нах байар, зударий, божарий ца къестош, церан шерашка ца хьоьжуш; цхьа барт а болуш, яккхийчу тобанашца дора цара шаьш дийриг, шайн командираш юкъахь а болуш; шаьш ден зуламаш къайладахьа а ца гIертара уьш. И дерриг а долуш ду Оьрсийчоьнан салташа украинхойн Бучехь динчуьнца. Бехкенаш билгалбаха а беза, царна тIаIзар дан а деза, миччахь а, меллалц а уьш тIаьхьа къайлабийларх а.

Буча, Зазадокху-бетт, 2022 шо
Буча, Зазадокху-бетт, 2022 шо

– "Кхузахь дехаш адамаш ду. Нохчийчоь: ницкъбаран хроника" документалан книги тIехь а иштта ма-дарра яздина Нохчийчохь тIемаш хиллачу шерашкахь девзаш хиллачу зуламех. Делахь а, хIоккхул хеначохь цхьа а жоьпе озийна вац кхин, шегарчу бакъонел сов ваьлла аьлла, таIзар дина экс-полковник Буданов воцург.

– "Кхузахь дехаш адамаш ду" – дуккхаъчу томашкахь араяьлла книга ю. Итт киншка арахеца Iалашо яра тхан, зорбане яьккхира пхиъ, амма цу тIехь Нохчийчохь лелийна "гIарадевлла доллу тIеман зуламех" тоьшаллаш дац. Цкъа делахь, оцу дакъошкахь шолгIачу тIамехь цхьана шарахь эхашарахь лелийна зуламаш бен дац, Мангал-беттан юьххьера 2001-чу шо чекхдаллалц. ШолгIа делахь, оха схьаэццарг республикан кхозлагIа дакъа бен а дац, ур-атталла оцу кхозлагIчу декъехь тамаш бу дийлийтинчу зуламех тхуна ах а хиънехь. Ма-дарра аьлча, уьш дуккха а сов хилла, тхуна хетачул а.

Будановх дерг аьлча, и цхьаъ хилла ца Iа тIеман барзакъца болу зуламхой кхеле хIоттон ницкъ кхаьчнарг. Масалла, таIзар дира Лапин Сергейна, Октябрьскан кIоштарчу чоьхьарчу гIуллакхийн декъехь нахана тIехь гIело латторна а, нах лечкъорна а. Хенаш туьйхира Магонов Дмитрийна а, Суханов Сергейна а, лергаш хедош, Iалхан-Юьртара къона ши яхархо а, церан да а верна. Кхеле кхачийра Ульман Эдуардан (командир, бакъду вада аьтто бира) иччархойн тобано Дай эвлара ялх вахархо верца доьзна гIаттийна гIуллакх

Украина эшахь нохчашна дика болх хир бац, амма вон хила тарло

Делахь а, и масех стаг а таIзаре ца хIоттон тарлора, нагахь санна, зуламаш динчул тIаьхьа "лартIахь леллехь". Буданов, масала, Оьрсийчоьнан президент хоржучу дийнахь йоI йийна ца Iаш, цо кхерамаш тийсинера тапчаца гIуллакх листа веанчу инарлина Герасимов Валерийна (Оьрсийчоьнан эскарийн Инарла штабан куьйгалхо карарчу хенахь.- Редакцин билгалдаккхар.). Йа Лапин Сергей – шен накъост санна, тапъяьалла ца Iаш, ша лачкъийна вигина стаг лоьхучу журналистана Политковская Аннина кхерамаш туьйсуш, кехаташ кхехьийтинера цо.

Изза дара кхечу хиламашца а. Цхьаммо устав дохийнера, шолгIачо омра кхочуш ца динера, кхозлагIчун хьекъал ца тоьира, тапъяьалла Iен, куьйгалло гIуллакх дIадерзадаллалц...

– ТIаьххьалц дуьхьаллатта шанс хир юй Украинан?

– Тхоьца, нохчашца дуьстича, украинхойн дуккха а таронаш ю, тIеман зуламхой жоьпе хIиттон. Украина – дIахIоьттина яьлла, хIинца билггал дуьненахь лоруш пачхьалкх ю. ООН-ехула дуьненаюкъара трибунал юкъаяккха гIорта йиш ю цуьнан векалийн, шайн дозанаш тIехь дина зуламаш талла, Оьрсийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонехь вето кхайкхон бакъо елахь а. Йа къоман талламан органаша гулдина тоьшаллаш Дуьненаюкъарчу бехкзуламан кхеле дIакхачон. Оцу тайпа механизмаш Нохчийчоьнан яц, хIунда аьлча, таханалерачу дийнахь формалехь Оьрсийчоьнан Федерацин дакъа тхо хиларна, иза цкъа а реза хир яц хIокху шена экамечу хаттарехь арахьара юкъагIортарна. Ткъа къоман тIегIана тIехь нохчашна дуьхьал лелийна зуламаш толлуш ду, цунах лаьцна ас лакхахь дийцира.

Украинехь динчу зуламех жоп лур дуй-те Оьрсийчоьно аьлча- и доьзна ду украинхойх, кхин цхьаннах а доьзна дац. Нагахь санна, оцу тIамехь уьш къар ца лахь, Оьрсийчоьнан акхараллашна геч ца дахь, кхин цунна дуьхьало янне а яц. Царах хьоьгийла ду-кх вайн.

- Фейсбукерчу хьан агIонехь цхьа пост яра ахь язйина, украинхошка кхайкхам беш: "Шун толам- тхан толам бу!" Хьуна хетарехь, оццул оьшуш стенна ду и нохчашна?

– ХIунда аьлча, тахана Украинан кхоллам къастийна ца Iаш, Оьрсийчоьнаниг а бу. Нагахь санна, украинхой къар ца лахь, уьш толахь-м муххале а, Оьрсийчоьнан шортенехь а хийца тарло политикан ландшафт. Пачхьалкхан цхьахволчу куьйгалхочун дIавала дезар ду, иштта тIаьхьий-хьалхий а. Цхьа демократих тера хIума нисдала мега Оьрсийчохь, ткъа иза ша шен ма-ярра йолчу цIарца йогIуш хир ю, федераци хир ю цунах.

Нохчийчуьрчу нехан аьтто хир бу шайн Iедал къастон, Москвага а ца хоьттуш, хьалхалера цIе юха туьллур ю Соьлжа-ГIаларчу проспектна, йа тIедожор ду Сечин Игорьна ("Роснефть" компанин топ-менеджер.- Редакцин билгалдаккхар.), тхан мехкадаьттан да волчуьра дIавала. Нагахь санна, Украина дуьхьалалаьттий, цо хийцамаш бохьур бу Оьрсийчу, дуьне мел ду дIасабаьржина нохчийн а бакъо хир ю даймахка бахха, йа гуттаренна а цIа берза.

Эзарнашкахь лечкъийна бигинчу вайн махкахойн кхолламех дерг хаа йиш хир ю, Оьрсийчоьнан ницкъахоша лелийна зуламаш талла а, бехкечарна таIзар дан а хьовсур ду. Вуьшта аьлча, бакъо толо шанс кхочур ю нохчашка. Амма украинхой юхабовлий, нагахь санна, Оьрсийчоь толаме кхочий, и дерриг а вайна гур дац. Украина эшоро нохчашна пайда хир бац, амма кхин а тIе вон дан тарло".

***

Британин тIеман министралло дуьстина Оьрсийчоьно Украинерчу нах бехачу ярташкахь дина тохарш оьрсийн эскарша Нохчийчохь а, Шемахь а лелийначуьнца. "Мариуполь мел ю нах бехачу меттигашкахь дина тохарш догIуш ду Оьрсийчоьно 1999-чу шарахь Нохчийчохь, 2016-чу шарахь Шемахь лелийначуьнца а", - аьлла ду хаамехь.

Оьрсийчоьнан эскарша Нохчийчохь а, Украинехь а лелочун цхьаьнадарах хьалхо дIахьедира Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь "Нохчийчоь. КхозлагIа шо" книган авторо Литтелл Джонатана

Стигалкъекъа беттан 3-гIа – тIеман 69-гIа де ду. Оршотан дийнахь Одессан Iедалхоша хаамбира, гIалина ракеташца керла тохарш дарх, белларш а, лазийнарш а бу аьлла. Оьрсийчоьнан яйначу тIеман техникех ларарш дечу Oryx проекто хаамбира, тIом болабелчхьана Оьрсийчоьнан эскаран 600 танк ярах. 100 сов стагана эвакуаци ян аьтто хилла Мариуполерчу эчиг кечдаран "Азовсталь" комбинатера, ООН-н а, ЦIечу ЖIаран а гIоьнца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG