Украинан агIо а лаьцна тIом беш болу Шейх Мансуран цIарах йолчу батальонан эскархой Ичкерин билгалонаш тIехь йолу шевронаш, седарчий охьа а кхуьссуш, "тIепаза бов", кадыровхой гучубевлча, аьлла бехк баьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Батальонехь Кавказ.Реалиига дийцина, шайн эскархой Запорожьен меттигашкахь биссинера, Лисичанск ларъеш дакъа ца лаьцнера – цигахь яьккхина хила тарло Кадыровс арахецна видео.
Оьрсийчоь Украинана дуьхьала тIом бан йолаелчхьана батальон Мариуполера Киеван гIароле дехьа яьккхина, цигара гIоьртина хилар дирзича, батальон Запорожье агIор схьаялийра, хIинца а цигахь буьссу уьш, дийцина Кавказ.Реалиига батальонан хаамийн сервисан хьалханчас Чеченский Богдана.
"Тахана Кадыровс гойтург а, хьалхо Делимхановс (Пачхьалкхан думан Нохчийчуьра депутата. – Редакцин билг.), - Киеван агIоне тхо дехьа а довлуш, Мариуполь дIатоссучу хенахь оха дIакхиссинчун дакъа ду. Цигахь цхьамма лелийна, тишделла, ца эшарна дIакхоьссинчу барзакъна тIехь йиссина хила тарло и шеврон. Циггахь карийра комбатан ЧIебарлойн Муслиман 2020-чу шарахь хан чекхяьлла долу кехаташ а, иза дара Делимханов Адама гайтинарг", - кхетийна Чеченский Богдана.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо шозза – Зазадокху-беттан юьххьехь а, Охан-бутт бовш а- кхаъ кхайкхийра украинхойн Дудаев ЖовхIаран а, Шейх Мансуран а цIарахчу батальонийн командираш –Осмаев Адам а, ЧIебирлойн Муслим а - болу меттиг йийцинчунна 500 эзар америкахойн долларшкахь.
- Украинехь тIом боьдучу юкъанна Кадыров оьрсийн агрессин коьрта рупор хилла: шен телеграм-каналехь цо денна дуьйцу нохчийн эскархойн хьалхататтадаларх, цара дендолчух а яздо, иштта йоьшу шен мостагIашна байташ. Чиллан-баттера схьа дуьйна цуьнан агIоне язбеллачийн терахь 60 эзарна тIера шиъ а, ах миллионе кхаччалц лакхадаьлла. Эксперташа масийттаза тидам бира, цуьнан каналехь арахоьцучу фейкашна.
- Кадыровхоша ма-дийццара тIеман хьалхенехь дакъа ца лоций гучуделира тIеман дуьххьарчу кIиранашкахь, цуьнан меттана цара лелориг - меттигера нах хьийзор, еса гIишлош дIалецар, гайтаман видеош яхар. Цундела "тикток-эскархой" аьлла цIе тиллина нохчийн тIеман тобанашна. Кадыровс дийцинера Украинан президентан Зеленский Владимиран "вадарх" лаьцна, ша тIом боьдучу дозане вахарх а – дерриг а харц хиллера. Гуш-хезаш шайн аьпаш билггал хилча а, оцу гIуллакхо Нохчийчоьнан куьйгалла ца сацийра.