ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин кхерамазаллин сервиса ша декъах яц, боху нохчийн тIемалошна санкцеш кхайкхорна


Шайхан Мансуран цIарахчу шайн лаамехь вовшахкхеттачу нохчийн батальонан тIемалошна санкцеш тохарна шаьш гунахь дац аьлла Украинан кхерамзаллин Кхеташоно. Украинхойн парламентан депутата Арьев Владимира дахьийтинчу хаттарна ишта жоп делла кхерамзаллин Кхеташоно. Текст Кавказ.Реалиин редакцехь ю.

Арьевс дахьийтинчу кехата тIехь дуьйцург дара, Оьрсийчоьнан сепаратистшна дуьхьал Украинехьа тIемаш биннашехь, масех тIемалочунна Автаев Умханна а, Идрисов Муслимна а, Сайнароев Салманна а санкцеш кхайкхор.

Къайлахчу сервисаша бахарехь, билгалбаьхна нохчийн тIемалой Iаьржачу тептаре бахар Украинерчу министрийн Кабинето карарчу шеран Стигалкъекъа-беттан 14-чохь чукховдийна инициатива яра аьлла.

Оццу дийнахь Украинин президента Зеленский Владимира тIе куьг таIийра, Кавказера схьаваьллачу 700 стагана дуьхьал санкцеш кхайкхорца доьзначу указана. Царна юкъахь ву нохчийн шайн лаамечеран батальонан хилла а, хIинца волу а 4 тIемало. Указехь билгалдаьккхина ду оцу тептарна тIехь болу нах махкахбаха безаш хилар.

  • Хьалхо Украинин къоман кхерамазаллин Кхеташоно леррина санкцеш кхайкхийра нохчийн батальонан командирна Чеберлойн Муслимна а, кхин а масех тIемлочунна а дуьхьал. Батальоно тIом бина Оьрсийчоьнехьа болчу ницкъашна - "ДНР" а, "ЛНР" а олучу тобанашкара сепаратисташна дуьхьал.
  • Шайхан Мансуран цIарахчу батальонна гIортор йина АТО-хь (антитерроран операцехь) дакъалоцуш тIом бинчу шайн лаамечерах лаьттачу тIеман дакъойн куьйгалхоша а, ткъа иштта цхьаболчу политикаша а, юкъараллин жигархоша а. 50-а гергга юкъараллин вовшахтохаралло кхайкхам бина президентан Офисе, санкцеш кхайкхийначу нахана юкъара нохчийн тIемалой дIабаха аьлла. Ткъа "Правый секторан" векалша дIахьедина, нагахь нохчийн тIемалошна депортаци ян гIортахь, шаьш цунна, герз а карахь, дуьхьало йийр ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG