ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан къилберчу тIамехь ВСУ-ца дакъалоцуш бу "Ичкерин батальонан" эскархой


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Украинан тIеман ницкъашца цхьаьна пачхьалкхан къилберчу тIелатарехь дакъалоцуш бу, товбеца-бутт бовш къобалъязчу Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочун Закаев Ахьмадан омраца вовшахтоьхна йолу Къаьстинчу батальонан (ОБОН) эскархой

Цунах лаьцна хаамбо Лента.ру гIирсо, цхьахйолчу Оьрсийчоьнехьа йолчу тIеман телеграм-каналана тIетевжина, цара зорбане яьккхина, Херсонан кIоштарчу Архангельское эвлахь болчу ОБОН-н эскархошца яьккхина видео а, сурт а.

Иштта, Архангельскехь яьккхина видео ган йиш ю цхьахйолчу украинхойн YouTube-каналехь а. Батальонан командиро, полковнико Зумсо Хьажа-Мурда чIагIдо, цхьа топ ца кхусуш, юьрта чу даха аьтто белира шайн.

Херсонан кIоштахь ВСУ-н ницкъаша тIелатар долорах дIахьедира Марсхьокху-беттан 29-чохь украинхойн а, иштта Оьрсийчоьнан а, бозуш боцчу а хаамийн гIирсаша. Украинхойн эскарна юкъарчу хьостана тIетевжина, CNN ресурсо хаамбира, йиъ юрт мукъаяккхарх, шайлахь Аргангельское а йолуш.

  • Украинана гIо дан дозанал а арахьа бехачу, Нохчийчоьнан суверенитетехьа болчу агIончаша кхоьллина хIинцале а доьалгIа дакъа ду Нохчийчоьнан Ичкерия республикан ОБОН ВС. Украинан армин декъах йолчу интернационалан легиона юкъайогIуш ю батальон
  • Украинан агIор тIемаш беш ю Дудаев Джохаран цIарах батальон (командир ву Осмаев Адам), ВСУ-н структурин декъах йолу «Акха арданг», иштта, ЧIебарлойн Муслима куьйгалла ден Шейх Мансуран цIарах батальон а – лаамхойн тобанан бакъонашца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG