ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинана тIелеттачул тIаьхьа балхара дIаваьллачу ГIалгIайчуьра эскархочо шена догIу ахча схьадаьккхина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан армин ГIалгIайчуьра эскархочун-контрактхочун бакъонашларйархойн гIоьнца Украине гIоьртинчу хенахь балхара дIаваьлча шена догIу ахча схьадалийта аьтто баьлла. Адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" центро хаамбарца, 2022-чу шеран мангал-баттахь М.Рашида рапорт чуделлера. Цо билгалдаьккхинера шен кхаба дезаш жима диъ бер хилар, царех кхоъ заьIап ду аьлла.

ХIетте а, дивизин командиро дIаваьккхинера иза "контрактан тIедахкарш кхочуш ца дарна" аьлла, билгало а йеш. Бакъонашларйархойн гIоьнца М.Рашида латкъам бинера командиран омрана – административан иск кховдийнера цо Нальчикерчу гарнизонан кхеле. Цул тIаьхьа, адвокато контрактхо хиллачун берийн могушаллех лоьрашкара тоьшалла ден кехаташ кхаьчча, иза дIавоккхуш дина омра хийцинера – "шен лаамца доьзалан бахьанашца" аьлла.

Оцу буха тIехь хьанал къахьегарна ахча а, хIора баттахь преми а кхачон М.Рашидан бакъо меттахIоттийра . ГIуран-беттан 19-чохь кхело гIуллакх листина даьлла, дIакъевлира.

"Массо а эскархоша ца къовсу шайн бакъонаш, хIара хилларг кхелан мехалла ю. Цундела куьйгалло шаьш нийса цахилар тIелаьцна, омрана юкъара формулировка хуьйцуш юха сацамбина цара. ХIинца Рашидана цунна догIу ахчанаш дIалур ду, кхечухьа балха хIотта а аьтто хир бу дуьхьало йоцуш. Ткъа хьалха хиллачу формулировкица некъ бихкина бара цунна, ур-атталла хадархо а оьцур вацара иза", - дIахьедина эскархо лаьттинчун адвокато.

  • Соьлжа-ГIалара тIеман гарнизонан кхело колонихь даккха ши шо туьйхира эскаран гIуллакх дечу Хмелев Александрна, иза бехкевира мобилизацин муьрехь гIуллакх дан дуьхьал хиларна.
  • Ставрополан кIоштан вахархо Семенов Александр кхелехула мобилизаци къовса гIоьртира – резервисто дIахьедира, ша тIамтIе ваха везаш вац, хIунда аьлча, шен боккха доьзал бу. ХIетте а, кечамаш бан ГIалгIайчу дIахьажийнера Семенов.
  • Кавказ.Реалии сайто яздира, Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а салтий дукха хьолахь Украинехь тIом бан дуьхьал хуьлий юхабогIу – оцу тIехула Оьрсийчохь балхара дIабоху "тIомбан гунахь бац" олий. Оцу хьолехь нисвеллера, масала ГIебарта-Балкхаройчуьра Росгвардин 115 белхахо, Буьри-ГIалара 50 контрактхо, Краснодар-махкара "Пластун" ОМОН -н эскархой а. Кхин а Къилба ХIирийчоь аьлла шаьш дIакхайкхийначу республикера оьрсийн базера 300 эскархочун аьтто белира, шайн лаамехь Украинера цIа баьхкича тайзарх бовла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG