ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь байъинчу Дагестанерчу эскархойн 318 доьзална ахча кхаьчна хила тарло


Харьван кIоштахь йохийна оьрсийн тIеман техника. 2022-чу шеран товбеца-беттан 17-хь
Харьван кIоштахь йохийна оьрсийн тIеман техника. 2022-чу шеран товбеца-беттан 17-хь

Украинехь байъинчу Дагестанерчу эскархойн доьзалшна 318 миллион сом делла хила тарло. ДIалучу ахчан барам цхьа миллион сом бу; тIаккха беллачийн терахь 318 хирг хилар гойту цо. Официалехь дуьйцучул а кIезга ду и терахь, тIаккха дозуш доцчу зерашца гIеххьа догIуш а ду.

ДIаделлачу компенсацийн хьокъехь Дагестанан Куьйгалхочун а, Урхаллин а Администрацино чот йина.

Дагестанан бюджетера а, сагIийна хьажийначу ахчах а лелаш йолу "Все вместе" фонд кхоьллира республикан куьйгалхочун Меликов Сергейн омраца зазадоккху-баттахь. Украинехь байъинчу нехан доьзалшна лерина ду фондера ахча. Компенсацин билгалбаьккхина барам цхьа миллион сом бу.

Иштта, хетарехь, байъинчу 318 эскархочун доьзалшна делла хила мега и ахча.

"Кавказский узело" яздарехь, лахьан-беттан 8-хь Iедало Дагестанан бахархойх 244 велларг бен тIе ца лаьцна. Шайн цIершца тептар хIоттош йолчу Кавказ.Реалиин редакцино лахьан-беттан 9-хь дуьйцу, Дагестанера бахархойх вийнарг 296 стаг хилар. "Медиазоно" 332 вахархо вийна боху лахьан-беттан 4-хь, амма хьостано церан цIерш ца йазйо.

  • "Би-би-си-но" мах хадорца, меттигерчу администрацера а, зорбанан гIирсашкара а, уьш дIабоьхкинчу меттигашкара а кхаьчначу информацица, байинчех хIоттийначу тептарехь 40-60% кIезиг хила тарло беллачийн цIераш, Оьрсийчохь баккъала а дIабоьхкинчарел а.
  • Оьрсийчоьнан тIеман министралло шозза гIараяьккхира эшамех лаьцна информаци: Зазадоккху-беттан 2-хь дуьйцура 498 стеган кхалхарх, Зазадоккху-беттан 25-хь – 1 351 стеган. Гезгамашин-беттан 21-чохь тIеман министро Шойгу Сергейс дIахьедира, 5937 стаг ву велларг аьлла. Украинхойн агIоно чIагIдо, оьрсийн эскаршна хилла эшамаш кхин а лакхара бу бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG