ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь беллачех: Дагестанера, ХIирийчуьра, Ростовра, Волгоградера кхин а 10 эскархо


UKRAINE-RUSSIA-CONFLICT-WAR
UKRAINE-RUSSIA-CONFLICT-WAR

Украинехь боьдучу тIамехь Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а кхин 10 эскархо валарх къаьстина: Ростовн кIоштара виъ, шишша Дагестанера а, Къилбаседа ХIирийчуьра а, Волгоград-махкара а ву.

Ростов-мехкан Белокалитвинский кIоштара Коксовый эвлахь дIавоьллина гезгамашин-беттан 22-чохь тIеман фельшер, 33 шо долу прапорщик Каплиев Василий, хаамбо Donday гIирсо.

"Кавказский узел" хьасто яздо меттигерчу администрацишна тIетевжина, Октябрьскан кIоштара могIарера салти Касьянов Денис а, Сальскан кIоштара Ивановка эвлара 28 шо долу сержант Михайличенко Олег а валарх.

Украинхойн "Ищи своих" телеграм-канало дIахьедира, Мартыновский кIоштара Большая Орловка слободера 27 шо долу десантхо Ильин Александр кхалхарх.

Дагестанера Избербашан администрацин куьйгалхочо шен телеграм-каналехь информаци зорбане яьккхира Украинехь гIалин вахархо Абдуллаев Iела велла аьлла, кхин сов баьхна хаамаш ца бина цо.

Иштта регионалан Блокпост телеграм-каналехь яздира Ногайскан кIоштахь Терекли-Мейраб центрера Мурзагельдиев Амирхан валарх. Мурзагельдиев Украине тIом бан ваханера гезгамашин-беттан 24-чохь, ткъа гIадужу-беттан 3-чохь чевнаш йира цунна, царех лазартнехь кхалхар нисделира.

Къилбаседа ХIирийчоьнан "Крылья" гIирсо хаамбо, республикера ши вахархо валарх – БуьритIера 38 шо долу Элбакиев Леван (хила тарло Елбакиев) а, 39 шо долу Пригородный кIоштара Комгарон эвлара Джиоев Марат а.

Волгоград-махкара белларш дIабохкарх хаамаш кхачабо VI.ru гIирсо. Волгоградехь 28 шо долу лакхара лейтенант Печенов Денис а, Камышинехь –десантан-штурман бригадехь взводан командир хилла 32 шо долу лакхара сержант Кусмарцев Александр а дIавоьллина.

Карарчу хенахь Кавказ.Реалиина хууш ю Украинехь беллачу Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а 1396 эскархойн цIераш. Бу царлахь Волгоградан кIоштара – 220, Камышинера а, Камышинскан кIоштара а 37 стаг. Зорбанан гIирсашкахь бинчу хаамашкара а, Iедалхойн дIахьедаршкара а, бакъонашларъярхойн информаци юкъара а, шайн хьасташкара а хиина ду и терахьаш. Билггал болу эшамаш кхин а алсам хила тарло.

  • "Оьрсийн Би-би-си-н" а, "Медиазонан" а лараршца, гIадужу-беттан 7-чохь Украинехь 7184 Оьрсийчоьнан эскархо кхелхина. "Би-би-си-но" мах хадорца, меттигерчу администрацера а, зорбанан гIирсашкара а, уьш дIабоьхкинчу меттигашкара а кхаьчначу информацица, байинчех хIоттийначу тептарехь 40-60% кIезиг хила тарло беллачийн цIераш, Оьрсийчохь баккъал а дIабоьхкинчарел а.
  • Оьрсийчоьнан тIеман министралло шозза гIараяьккхира эшамех лаьцна информаци: Зазадоккху-беттан 2-хь дуьйцура 498 стеган кхалхарх, Зазадоккху-беттан 25-хь – 1 351 стеган. Гезгамашин-беттан 21-чохь тIеман министро Шойгу Сергейс дIахьедира, 5937 стаг ву велларг аьлла. Украинхойн агIоно чIагIдо, оьрсийн эскаршна хилла эшамаш кхин а лакхара бу бохуш.
  • Охан-беттан 20-хь хиира, Оьрсийчоьнан тIеман министралло Украинехь кхелхинчу эскархойн гергарчу нахах лаьцна хаамаш къайладахьа сацам бина хилар. Мангал-беттан 6-чохь "Городские порталы Shkulev Media Holding" машанаша вовшахтоьхна беллачех тептарера хаамаш пачхьалкхан къайленна юкъара бу, уьш баржорна бехктакхаман жоьпалла тIедожадо, нагахь санна, уьш йиллинчу хьасташкара схьаэцнехь а аьлла, тIечIагIдира Калининградехь кхело. Цул тIаьхьа цхьа могIа регионалан хаамийн гIирсаша, хьалхо шайн тептарш хIитточара, дIадехира уьш. Нальчик гIалин кхело мангал-беттан 17-чохь сацамбира, Украинерчу тIамехь байинчу Оьрсийчоьнан эскархойх хаамаш баржон украинхойн Оnline.ua хаамйин агIо дIакъовлуш сацамбарх.
  • ГIадужу-беттан 17-чохь – Украинехь тIом боьду 236-гIа де ду. Киевна камикадзе-дронашца тIелатар дина. Белларш бу, лазийнарш бу, йохийна масех гIишло. Иштта ракеташца а, дронашца а тохарш дина Днепропетровск, Сумской, иштта кхинйолчу кIошташна а. Бахмутан кIошта кхача гIерта Оьрсийчоьнан эскарш. Украинан къилбехь а дIахьош тIемаш бу. 9 эзар тIемало а, бIенаш техника а Беларуси дехьайоккхуш ю Кремло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG