ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь беллачех хаамаш: Къилбан а, Къилбаседа Кавказана а пхеа регионера кхин а ворхI велла


Харьков, Стигалкъекъа-беттан 10-гIа, 2022 шо
Харьков, Стигалкъекъа-беттан 10-гIа, 2022 шо

Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал болийначу тIамехь Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а веллачу кхин а ворхI эскархочун цIераш зорбане яьхна: шиъ Нохчийчуьра ву, шиъ Астраханан кIоштара, иштта Ростовн а, Волгоградана а кIошташкара цхьацца ву, Краснодар-махкара а цхьаъ.

Нохчийчуьра веллачу шиннан цIераш хиира Кавказ.Реалиина шайн хьасташкахула. И шиъ ву Веданан кIоштарчу Дишни-Веданара Дебишев Казбек а, Мурадов Аслудди а. Меттигерчу Iедалхоша цкъачунна бина хаам бац церан кхалхарх лаьцна.

Краснодар-махкара лахара сержант Матько Иван снайпер хилла ву. ТIом балале хьалха Тихорецкийн кIоштарчу Рождественская станицехь вехаш вара иза. Матько валарх хаам бира, байинчу Оьрсийчоьнан эскархошна леринчу телеграм-каналехь.

Ростовн кIоштара Шахтера волчу 28 шо долчу салтичунна Догаев Никитина лечу метте кхеттера, тIейеттачу заманчохь нах кIелхьарбохуш, хаамбо меттигерчу гIирсаша. ТIемаш боьлхучу меттигехь иза исс дийнахь бен хилла а вац, Украине Стигалкъекъа-беттан 5-чохь веанера иза. Контрактна куьйгъяздинера цо кху бIаьста.

Волгоградан кIоштарчу Среднеахтубинскан кIоштарчу Красный эвлара сержант Бозоров Олег спецопераци йолаялале эскаран гIуллакх деш хиллера Къилбаседа-ХIирийчуьрчу Буьйри-ГIалахь долчу тIеман декъехь, билгалдаьккхина регионалан хаамашкахь. Билггал хууш дац, муьлхачу дийнахь иза велла. ТIаьххьара зIене ваьлла иза Охан-беттан 29-чохь. Бозоровн 28 шо дара.

Астраханан кIоштарчу Ахтубинскан кIоштахь дIавоьллина ефрейтор Лебедев Анатолий. 25 шо дара цуьнан.

Астраханан кIоштара Харабали гIалара 35 шо долу сержант Кадргалиев Марат велла Охан-беттан хьалхарчу дийнахь, Великая Новоселовка эвлахь боьлхучу тIемашкахь. Минометан герз кхетта, лазийнера иза, лазартне дIа а кхачале велира йеттаеллачу герзийн гаьргех. Харабалинскан кIоштан администрацино чIагIдо, веллачул тIаьхьа Оьрсийчоьнан Турпалхо ву аьлла, иза дIакхайкхорах.

Иштта Кавказ.Реалиина хууш ю, Украинехь кхелхинчу Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а 577 стеган цIераш; Дагестанера кхелхинчийн терахь 159 хьаладаьлла, Къилбаседа-ХIирийчуьра – 73, Волгоградан кIоштара – 99 стаг.

ХIара ларарш вовшахтоьхна зорбанан гIирсийн хаамаш тIехь а, Iедалхойн дIахьедаршца а, Кавказ.Реалиин хьостанийн информацина тIехь а. Билггал долу терахьаш кхин а лакхара хила тарло.

  • "Оьрсийн Би-би-си-н" лараршца, оцу регионашкара велларг 176, 70, 109 стаг ву. Верриг а Украинехь велларг 3 052 ву, гIирсана хууш, царех 152 – лакхара эпсарш бу. Журналистийн зерашца, меттигерчу администрацеша а, зорбанан гIирсаша а кешнашкахь дIабохкарх лаьцна бен хаамаш буьстича, беллачех тIечIагIдинчу тептаршкахь 40-60 процентна кIезиг хила тарло кхелхинчийн цIераш, билггал Оьрсийчохь дIабоьхкинчел а.
  • Оьрсийчоьнан тIеман министралло шозза зорбане яьккхира хиллачу эшамех информаци: Зазадокху-беттан 2-чохь хаамбира 498 стаг кхалхарх, Зазадокху-беттан 25-чохь – 1 351 стаг. Украинхойн агIоно чIагIдо, Оьрсийчоьнан эскархошлахь эшамаш дикка лакхара бу бохуш.
  • Охан-беттан 20-чохь дийца даьккхира, Украинехь беллачех хаамаш къайлабахьа сацамбарх Оьрсийчоьнан тIеман министралло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG